Тхан ӏалашо – шуна кхача гӏодар.
Аллахӏан уггар лакхара совгӏат.

Академех Лаьцна

Онлайн дешар хӏора дийнахь гӏарадолуш ду, хӏунда аьлча кегийрхоша Йерриге а мукъа хан Интернет машанехь йоккху. Ӏаморан технологешкахь инновацеша а, хенан мехалло а онлайн дешар оьшуш а, кхеташ а до. Тахана машанехь ӏаьрбийн мотт а, Къуръан а ӏаморехула дика книгаш схьаэца а, аудио а, видео а лекцешка ладогӏа а йиш йу. Амма дешар-иза кхин а хьехархочун студентаца зӏе хилар а, иза кхеттачух а, хӏун дац бохучух а кхетар а, иза ма — кхеттара а, нийса дуй-те а... Къуръанан академи-иза дешаран декъехь башха дуьненайукъара проект йу онлайн, цигахь ӏаморехь керлачу технологех пайда а оьцуш, ӏаьрбийн мотт а, Къуръан а ӏамо йиш йу шун. Проектан кхечу декъашхошца а, Къуръан а, ӏаьрбийн мотт а бевзачаьрца а, хаарш лоьхучу студенташца а тӏекере хиларо А, зӏе хиларо а Таро ло Шуна Дика Къуръан довза а, карадирзина хаарш атта карадерзо а, дагахь латто а.

Хьехархошна а, дай-наношна а, хаарш даржочу а, кхойкхучу а.

Хьехархошна оха кечйина бӏегӏийла а, эвсара а ӏаморан система, хӏора дешархочун жамӏашна тӏехь терго латто а, цуьнан дешар оьшучу хорша дерзо а аьтто беш йолу. Тхан гӏирсийн гӏоьнца аш дуккха а хан кхоор йу! Цул сов, Къуръанан хьафизаша кечйина йоккха материалийн библиотека йу шун долахь. Дай-наношна Академис тайп-тайпанчу хенашкарчу а, кечаман тӏегӏанерчу а берашна дуккха а онлайн-урокаш ло. Доккха совгӏат хир ду шайн бераш нийса бусалбанаш хиллачу дай-наношка хьоьжуш. Бераш ӏамо деза кегийчу хенахь, уьш керлачу хаамашна мелла а экаме долчу хенахь. Къуръанан Академехь хаарш кхайкхочарна а, даржочарна а деша а, ӏамо а хилла ца ӏаш, шайн хаарш декъа а, уьш кхидӏа дӏадала а, шайн декъехь бакъволу эксперт хила а йиш йу.

Командех лаьцна

Къуръанан академи - иза дуьненайукъара йоккха проект йу, цундела вайна мехала ду муьлхха а гӏо. Тхо-иза дерриге а дуьненара дуьненайукъара команда йу. Сайт статьяшца йузар, дуьненан тайп-тайпанчу меттанашка гочдарш, Интернетан машанехь Академи хьалхататтар, программировани йар, верстка йар, дизайн а, кхиболу белхаш а, шуна корматаллица хууш болу, шуьга хьоьжуш бу. Академин проектана гӏо деш, шуна доза доцу сауаб (совгӏат) кхочу – шун гӏоьнца дерриге а дуьненахь миллионаш адамашна пайде хаарш ма кхочу! Цул сов, тхо долчохь болх беш, аш шайн портфолио тӏехдика белхашца йузу, мехала зеделларг а оьцу, самукъане нах а бевза.

Тӏаьххьарчу хаамашца ӏаьрбийн мотт дуьненчохь уггаре а баьржинчу пхеа маттана юкъабаьлла, цу тӏехь къамел деш ву 240 миллион сов стаг, и терахь хӏора дийнахь алсамдолуш ду. Цул сов, ӏаьрбийн мотт мукъаме а, хаза а, тамашийна доцца а, оццу хенахь кхеташ а бу. Ӏаьрбийн шина дашца дийца мегар ду оьрсийн маттахь дийнна предложени дӏалоцур йерг. Ӏаьрбийн мотт маьхза ӏамо йиш ю меттигерчу маьждигашкахь – хӏора а бохург санна бусулбанашна ӏаьрбийн меттан урокаш дӏахьош ю. Нагахь санна динна шу генахь делахь, ткъа мотт ӏамо хӏетте а лаахь, Ӏаьрбийн мотт Онлайн Ӏамо мегар ду Къуръанан Академехь. Буьйлалучарна ӏаьрбийн мотт-иза ӏаьрбийн абат ӏамор а, дагахь латтор а, таджвидан бакъонашца элпаш алар а ду. Йуккъера тӏегӏа – дешнаш а, грамматика а ӏамор, ткъа хьалхатеттинарг-йуьззина йешар а, гочдар а. Къуръанан ӏаьрбийн масех урок дӏайаьллачул тӏаьхьа, Къуръанан сураташ деша а, Церан маьӏнех кхета дуьйладала а йиш хир йу шун.