Сурат 10 Юнус, аят 1 – 10

  1. الر ۚ تِلْكَ آيَاتُ الْكِتَابِ الْحَكِيمِ

    Алиф-ла-м-ра. Хьикмате долчу жайнан аяташ ду хӀорш

    10:1
  2. أَكَانَ لِلنَّاسِ عَجَبًا أَنْ أَوْحَيْنَا إِلَىٰ رَجُلٍ مِنْهُمْ أَنْ أَنْذِرِ النَّاسَ وَبَشِّرِ الَّذِينَ آمَنُوا أَنَّ لَهُمْ قَدَمَ صِدْقٍ عِنْدَ رَبِّهِمْ ۗ قَالَ الْكَافِرُونَ إِنَّ هَٰذَا لَسَاحِرٌ مُبِينٌ

    Тамаше хилла-те нахана, Оха царах цхьана стаге Тхешан ваьхьа доссор нахана кхерам таса а‚ ийман диллиначарна кхаъ баккха а, царна шайн Кхиош-кхобучунна гергахь шаьш хьалха йина хиллачу дика Ӏамалийн дуьхьа доккха диканиг ду‚ алий? Керстанаша ма элира: 'Баккъалла а, хӀара билггала бозбуунча ма ву'

    10:2
  3. إِنَّ رَبَّكُمُ اللَّهُ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ فِي سِتَّةِ أَيَّامٍ ثُمَّ اسْتَوَىٰ عَلَى الْعَرْشِ ۖ يُدَبِّرُ الْأَمْرَ ۖ مَا مِنْ شَفِيعٍ إِلَّا مِنْ بَعْدِ إِذْنِهِ ۚ ذَٰلِكُمُ اللَّهُ رَبُّكُمْ فَاعْبُدُوهُ ۚ أَفَلَا تَذَكَّرُونَ

    Баккъалла а, шу Кхиош-Кхобург Дела ву‚ Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллина волу ялх дийнахь‚ тӀаккха дӀанисвелира И Ӏарша тӀехь. Урхалла до Цо (гӀуллакхашна тхь). Цо пурба деллачул тӀаьхьа а бен цхьа а гӀодаккхархо ма вац. И ву шун Дела‚ шун Кхиош-Кхобург‚ Цунна Ӏибадат де. Аш ойла ца йо?

    10:3
  4. إِلَيْهِ مَرْجِعُكُمْ جَمِيعًا ۖ وَعْدَ اللَّهِ حَقًّا ۚ إِنَّهُ يَبْدَأُ الْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُ لِيَجْزِيَ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ بِالْقِسْطِ ۚ وَالَّذِينَ كَفَرُوا لَهُمْ شَرَابٌ مِنْ حَمِيمٍ وَعَذَابٌ أَلِيمٌ بِمَا كَانُوا يَكْفُرُونَ

    Цуьнга ду шун массеран дӀадерзар Делан бакъ йолчу ваӀдаца. Баккъалла а, Цо кхоллар доладо‚ тӀаккха и карладоккху ийман диллинчарна а‚ дика Ӏамалш йиначарна а нийсонца бекхам бархьама. Керстанаш-м – царна кхехкаш долу хих малар а ду‚ лазош долу Ӏазап а ду шаьш /дин/ керстадеш хиларна

    10:4
  5. هُوَ الَّذِي جَعَلَ الشَّمْسَ ضِيَاءً وَالْقَمَرَ نُورًا وَقَدَّرَهُ مَنَازِلَ لِتَعْلَمُوا عَدَدَ السِّنِينَ وَالْحِسَابَ ۚ مَا خَلَقَ اللَّهُ ذَٰلِكَ إِلَّا بِالْحَقِّ ۚ يُفَصِّلُ الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَعْلَمُونَ

    И ву Ша малх бина серло хилла‚ бутт а бина нур хилла‚ цуьнан (беттан) барам а хӀоттийна – манзалаш‚ шуна шерийн терахь а‚ хьесап а хаийтархьама. Бакъонца а бен ца кхоьллина Дала и. Къастадо Цо аяташ /ойла ян/ хуучу къомана

    10:5
  6. إِنَّ فِي اخْتِلَافِ اللَّيْلِ وَالنَّهَارِ وَمَا خَلَقَ اللَّهُ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يَتَّقُونَ

    Баккъалла а, буьйса а‚ де а хийцадаларехь‚ Дала стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел кхоьллинчохь /и Дела цхьаъ хилар, И нуьцкъалла хилар гойтуш долу/ делилаш ма ду /Делах/ кхоьручу къомана

    10:6
  7. إِنَّ الَّذِينَ لَا يَرْجُونَ لِقَاءَنَا وَرَضُوا بِالْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَاطْمَأَنُّوا بِهَا وَالَّذِينَ هُمْ عَنْ آيَاتِنَا غَافِلُونَ

    Баккъалла а, Тхуна дуьхьалкхетаре дог ца дохуш берш а‚ шаьш гергарчу дахарна (дуьненна) реза хилла берш а‚ цуьнца са-паргӀат бевлла берш а‚ Тхан аяташна гӀопал хилларш а‚–

    10:7
  8. أُولَٰئِكَ مَأْوَاهُمُ النَّارُ بِمَا كَانُوا يَكْسِبُونَ

    Уьш бу шайн чугӀойла /жоьжахатин/ цӀе ерш шаьш карадеш хиллачуьнца

    10:8
  9. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ يَهْدِيهِمْ رَبُّهُمْ بِإِيمَانِهِمْ ۖ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهِمُ الْأَنْهَارُ فِي جَنَّاتِ النَّعِيمِ

    Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Ӏамалш йинарш а – шайн Кхиош- Кхобучо (Дала) нисбийр бу уьш шайн /цна/ ийман хилар бахьанехь /ялсаманин новкъа/ - церан бухахула хиш оьхуш, шаьш Нам олучу ялсаманин бошмашкахь болуш

    10:9
  10. دَعْوَاهُمْ فِيهَا سُبْحَانَكَ اللَّهُمَّ وَتَحِيَّتُهُمْ فِيهَا سَلَامٌ ۚ وَآخِرُ دَعْوَاهُمْ أَنِ الْحَمْدُ لِلَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ

    Церан доӀа цу чохь (ялсаманехь): 'Везан Дела‚ вонах цӀена ву Хьо' хир ду‚ церан маршалла цигахь 'Салам' хир ду. Церан тӀаьхьара доӀа хир ду: 'Хастам бу Далла – Ӏаламийн Дена'

    10:10

Гочдар: Магомед Магомедов