Сурат 10 Юнус, аят 104 – 109
-
قُلْ يَا أَيُّهَا النَّاسُ إِنْ كُنْتُمْ فِي شَكٍّ مِنْ دِينِي فَلَا أَعْبُدُ الَّذِينَ تَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَلَٰكِنْ أَعْبُدُ اللَّهَ الَّذِي يَتَوَفَّاكُمْ ۖ وَأُمِرْتُ أَنْ أَكُونَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ
Ахь āла /хӀай Мухьаммад/: 'ХӀай нах! Шу хиллехь шеконехь сан динах‚ ас Ӏибадат дийр дац Дела воцчу аш Ӏибадат дечарна‚ делахь а, ас Ӏибадат дийр ду Далла‚ шу а долуьйтуш волчу. Суна омра дина со муъмин нахах хила‚ аьлла
10:104 -
وَأَنْ أَقِمْ وَجْهَكَ لِلدِّينِ حَنِيفًا وَلَا تَكُونَنَّ مِنَ الْمُشْرِكِينَ
Хьайн юьхь хӀоттае динна тӀе догцӀена‚ хьо хиланне а ма хилалахь мушрикунех‚ аьлла
10:105 -
وَلَا تَدْعُ مِنْ دُونِ اللَّهِ مَا لَا يَنْفَعُكَ وَلَا يَضُرُّكَ ۖ فَإِنْ فَعَلْتَ فَإِنَّكَ إِذًا مِنَ الظَّالِمِينَ
Ахь ма кхайкхалахь Дела воцчу хьайна пайда а‚ зен а ца дечуьнга‚ ахь и дахь – тӀаккха, баккъалла, хьо хир ма ву зуламхойх'‚ аьлла
10:106 -
وَإِنْ يَمْسَسْكَ اللَّهُ بِضُرٍّ فَلَا كَاشِفَ لَهُ إِلَّا هُوَ ۖ وَإِنْ يُرِدْكَ بِخَيْرٍ فَلَا رَادَّ لِفَضْلِهِ ۚ يُصِيبُ بِهِ مَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ ۚ وَهُوَ الْغَفُورُ الرَّحِيمُ
Дала зенаца хьо схьалацахь – и дйдендерг вац хьуна И ша воцург. Хьуна диканиг Цунна лаахь – Цуьнан къинхетам бухатухург вац хьуна. И кхачадо Цо Шен лех Шена луучунна. И гечдеш верг а ву а‚ къинхетаме верг а ву
10:107 -
قُلْ يَا أَيُّهَا النَّاسُ قَدْ جَاءَكُمُ الْحَقُّ مِنْ رَبِّكُمْ ۖ فَمَنِ اهْتَدَىٰ فَإِنَّمَا يَهْتَدِي لِنَفْسِهِ ۖ وَمَنْ ضَلَّ فَإِنَّمَا يَضِلُّ عَلَيْهَا ۖ وَمَا أَنَا عَلَيْكُمْ بِوَكِيلٍ
Ахь āла: 'ХӀай нах! Шуьга деана бакъдерг шун Кхиош-кхобучуьнгара: нисвелларг – шена нисвелла ву‚ тилавелларг – шена тилавелла ву. Со шуна тӀехь векал а вац'
10:108 -
وَاتَّبِعْ مَا يُوحَىٰ إِلَيْكَ وَاصْبِرْ حَتَّىٰ يَحْكُمَ اللَّهُ ۚ وَهُوَ خَيْرُ الْحَاكِمِينَ
Хьайга ваьхьица хаийтинчунна тӀаьхьахӀотта хьо‚ собар де Дала хьукма даллац. И – хьукма /нийса/ дечарах диканиг ву
10:109
Гочдар: Магомед Магомедов