Сурат 10 Юнус, аят 11 – 20
-
وَلَوْ يُعَجِّلُ اللَّهُ لِلنَّاسِ الشَّرَّ اسْتِعْجَالَهُمْ بِالْخَيْرِ لَقُضِيَ إِلَيْهِمْ أَجَلُهُمْ ۖ فَنَذَرُ الَّذِينَ لَا يَرْجُونَ لِقَاءَنَا فِي طُغْيَانِهِمْ يَعْمَهُونَ
Дала нахана вониг сихдинехьара дикане церан сихбаларца – шайн Ӏожалла царна тӀекхаьчна хир яра. Оха буьту Тхуна дуьхьалкхетаре дог ца дохуш берш, шайн тиллар чохь бьрзе дӀай-схьай уьдуш
10:11 -
وَإِذَا مَسَّ الْإِنْسَانَ الضُّرُّ دَعَانَا لِجَنْبِهِ أَوْ قَاعِدًا أَوْ قَائِمًا فَلَمَّا كَشَفْنَا عَنْهُ ضُرَّهُ مَرَّ كَأَنْ لَمْ يَدْعُنَا إِلَىٰ ضُرٍّ مَسَّهُ ۚ كَذَٰلِكَ زُيِّنَ لِلْمُسْرِفِينَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Адамо, шех цхьа бāла хьакхабелча, Тхоьга кхойкху шен агӀонна тӀехь ьллуш‚ я охьахиъна, я хьалагӀаьттина. Оха ша оцу бāлех хьалхадаьккхича – дӀадолало /шен хьалахалерачу новкъа –Далла салла ян/, шех хьакхабеллачу бāлане Тхоьга ца кхайкхича санна. Иштта хаздина /Делан/ дозанех бовлучарна шаьш деш хилларг
10:12 -
وَلَقَدْ أَهْلَكْنَا الْقُرُونَ مِنْ قَبْلِكُمْ لَمَّا ظَلَمُوا ۙ وَجَاءَتْهُمْ رُسُلُهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ وَمَا كَانُوا لِيُؤْمِنُوا ۚ كَذَٰلِكَ نَجْزِي الْقَوْمَ الْمُجْرِمِينَ
/ Мел дукха/тӀаьхьенаш хӀаллакйина Оха шул хьалха цара зуламаш дича‚ шайн элчанаш баьхкира царна тӀе билгалонашца‚ – уьш ца хилира ийман дуьллуш. Иштта бекхам бо Оха къинош дечу къомана
10:13 -
ثُمَّ جَعَلْنَاكُمْ خَلَائِفَ فِي الْأَرْضِ مِنْ بَعْدِهِمْ لِنَنْظُرَ كَيْفَ تَعْمَلُونَ
ТӀаккха шу хилийтира Оха царал тӀаьхьа лаьттахь тӀаьхье, Тхо хьажархьама, аш муха мал йо
10:14 -
وَإِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ آيَاتُنَا بَيِّنَاتٍ ۙ قَالَ الَّذِينَ لَا يَرْجُونَ لِقَاءَنَا ائْتِ بِقُرْآنٍ غَيْرِ هَٰذَا أَوْ بَدِّلْهُ ۚ قُلْ مَا يَكُونُ لِي أَنْ أُبَدِّلَهُ مِنْ تِلْقَاءِ نَفْسِي ۖ إِنْ أَتَّبِعُ إِلَّا مَا يُوحَىٰ إِلَيَّ ۖ إِنِّي أَخَافُ إِنْ عَصَيْتُ رَبِّي عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍ
Тхан билгала аяташ шайна тӀехь дешча‚ Тхуна дуьхьалкхетаре дог ца дохучара элира: 'ХӀара доцург кхин дешар ло‚ я и хийца'. Ахь āла: 'Сан и хуьйцийла дац сайггара‚ со деккъа сайга дуссуш долчу ваьхьина тӀаьхьавозуш ву. Со кхоьру сан Кхиош-Кхобучунна Ӏеса хила сийлахь-доккхачу /къемат/дийнан Ӏазапах'
10:15 -
قُلْ لَوْ شَاءَ اللَّهُ مَا تَلَوْتُهُ عَلَيْكُمْ وَلَا أَدْرَاكُمْ بِهِ ۖ فَقَدْ لَبِثْتُ فِيكُمْ عُمُرًا مِنْ قَبْلِهِ ۚ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
Āла: 'Далла лиънехьара‚ ас шуна доьшур ма дацара и‚ Цо (Дала) шуна Ӏамор а ма дацара и‚ ас шуна юккъехь цул хьалха а цхьа оьмар ма ехьна. Аш ойла ца йо?”
10:16 -
فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا أَوْ كَذَّبَ بِآيَاتِهِ ۚ إِنَّهُ لَا يُفْلِحُ الْمُجْرِمُونَ
Мила ву-те зуламе ша Далла тӀе харцдерг кхуллучул‚ я Цуьнан аяташ харцдечул? Баккъалла а, къинош деш берш баккхийбийр ма бац
10:17 -
وَيَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ مَا لَا يَضُرُّهُمْ وَلَا يَنْفَعُهُمْ وَيَقُولُونَ هَٰؤُلَاءِ شُفَعَاؤُنَا عِنْدَ اللَّهِ ۚ قُلْ أَتُنَبِّئُونَ اللَّهَ بِمَا لَا يَعْلَمُ فِي السَّمَاوَاتِ وَلَا فِي الْأَرْضِ ۚ سُبْحَانَهُ وَتَعَالَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ
Цара Ӏибадат до, Дела а вуьтий, шайна зен а‚ шайна пайда а цабечунна. Цара олу: 'ХӀорш бу тхан гӀодаккхархой Далла гергахь'. Ахь āла: 'Аш дуьйцу Деле Цунна Шена стигланашкахь а‚ лаьттахь а цахуург?' Вонах цӀена ву Иза‚ лакхавели И цара Шеца накъост лацарх
10:18 -
وَمَا كَانَ النَّاسُ إِلَّا أُمَّةً وَاحِدَةً فَاخْتَلَفُوا ۚ وَلَوْلَا كَلِمَةٌ سَبَقَتْ مِنْ رَبِّكَ لَقُضِيَ بَيْنَهُمْ فِيمَا فِيهِ يَخْتَلِفُونَ
Ма ца хилла нах цхьа уммат бен, – тӀаьхьа бекъабелира уьш. Хьан Кхиош-Кхобучуьнгара дош хьалха ца даьллехьара, царна юкъахь кхиэл йина хир яра Цо, цара шеца хилпало ечохь
10:19 -
وَيَقُولُونَ لَوْلَا أُنْزِلَ عَلَيْهِ آيَةٌ مِنْ رَبِّهِ ۖ فَقُلْ إِنَّمَا الْغَيْبُ لِلَّهِ فَانْتَظِرُوا إِنِّي مَعَكُمْ مِنَ الْمُنْتَظِرِينَ
Цара олу: 'Шен Кхиош-Кхобучуьнгара делил доьссинехьра цуьнга'. Ахь āла: 'Хьуламехь дерг Делан ду‚ шу хьовсуш Ӏе‚ баккъалла а, со а шуьца цхьаьна хьовсучарах ву'
10:20
Гочдар: Магомед Магомедов