Сурат 10 Юнус, аят 21 – 30

  1. وَإِذَا أَذَقْنَا النَّاسَ رَحْمَةً مِنْ بَعْدِ ضَرَّاءَ مَسَّتْهُمْ إِذَا لَهُمْ مَكْرٌ فِي آيَاتِنَا ۚ قُلِ اللَّهُ أَسْرَعُ مَكْرًا ۚ إِنَّ رُسُلَنَا يَكْتُبُونَ مَا تَمْكُرُونَ

    Оха нахе къинхетамах чам баккхийтича, уьш зено схьалаьцначул тӀаьхьа, церан мекарло хуьлу Тхан аяташкахь. Ахь āла: 'Дела мелхо а сиха ву /мекарлона дуьхьал/ мекарло ярца'. Баккъалла а, Тхан элчанаша дӀаязъеш ю аш еш йолу мекарло

    10:21
  2. هُوَ الَّذِي يُسَيِّرُكُمْ فِي الْبَرِّ وَالْبَحْرِ ۖ حَتَّىٰ إِذَا كُنْتُمْ فِي الْفُلْكِ وَجَرَيْنَ بِهِمْ بِرِيحٍ طَيِّبَةٍ وَفَرِحُوا بِهَا جَاءَتْهَا رِيحٌ عَاصِفٌ وَجَاءَهُمُ الْمَوْجُ مِنْ كُلِّ مَكَانٍ وَظَنُّوا أَنَّهُمْ أُحِيطَ بِهِمْ ۙ دَعَوُا اللَّهَ مُخْلِصِينَ لَهُ الدِّينَ لَئِنْ أَنْجَيْتَنَا مِنْ هَٰذِهِ لَنَكُونَنَّ مِنَ الشَّاكِرِينَ

    И ву шу дӀасалелош аренгахь а‚ хӀорда тӀехь а. Шу кемана тхь долуш, И дӀадоьду цаьрца хазчу махца‚ уьш баккхийбина цунах. ЧӀогӀа мох богӀу цунна тӀе‚ царна йогӀу массо а меттигера тулгӀе‚ царна моттало цо шаьш юкъахьарчадо. Деле кхойкху цара, Цуьнан дин цӀандеш берш а хуьлий: 'Ахь тхо хӀокхунах клхьардахахь‚ тхо баркалла олучарах хир ма ду'‚ бохуш

    10:22
  3. فَلَمَّا أَنْجَاهُمْ إِذَا هُمْ يَبْغُونَ فِي الْأَرْضِ بِغَيْرِ الْحَقِّ ۗ يَا أَيُّهَا النَّاسُ إِنَّمَا بَغْيُكُمْ عَلَىٰ أَنْفُسِكُمْ ۖ مَتَاعَ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۖ ثُمَّ إِلَيْنَا مَرْجِعُكُمْ فَنُنَبِّئُكُمْ بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    Цо уьш клхьарбаьхначул тӀаьхьа цара лаьттахь боьханиг леладо цхьа а бакъо йоцуш. ХӀай нах! Шун боьханиг шуна шайна ду шуна. Дуьненан дахаран /кӀеззиг/ хӀума ду иза. ТӀаккха шун дӀадерзар Тхоьга ду – Оха дуьйцур ду шуьга аш деш хилларг

    10:23
  4. إِنَّمَا مَثَلُ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا كَمَاءٍ أَنْزَلْنَاهُ مِنَ السَّمَاءِ فَاخْتَلَطَ بِهِ نَبَاتُ الْأَرْضِ مِمَّا يَأْكُلُ النَّاسُ وَالْأَنْعَامُ حَتَّىٰ إِذَا أَخَذَتِ الْأَرْضُ زُخْرُفَهَا وَازَّيَّنَتْ وَظَنَّ أَهْلُهَا أَنَّهُمْ قَادِرُونَ عَلَيْهَا أَتَاهَا أَمْرُنَا لَيْلًا أَوْ نَهَارًا فَجَعَلْنَاهَا حَصِيدًا كَأَنْ لَمْ تَغْنَ بِالْأَمْسِ ۚ كَذَٰلِكَ نُفَصِّلُ الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ

    Дуьненан дахаран масал Оха стиглара даийтинчу хих тера ду: цунах ийра наха а‚ бежанаша а юучех лаьттан орамат. Лаьтто цуьнан заза эцча (и орамат хаза кхиъча)‚ хаздича‚ цуьнан дайшна шаьш цунна тӀехь ницкъ кхочуш ду (пайда эца)‚ аьлла хааделча, буса я дийнахь Тхан болх кхочу цунна тӀе – Оха хилийти цунах /хьаькхна охьадиллина/ ялта – селхана цахилларг санна – иштта къастадо Оха аяташ ойла еш долчу къомана

    10:24
  5. وَاللَّهُ يَدْعُو إِلَىٰ دَارِ السَّلَامِ وَيَهْدِي مَنْ يَشَاءُ إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ

    Дала кхойкху машаран цӀа чу‚ нисво Шена луург нийсачу новкъа

    10:25
  6. لِلَّذِينَ أَحْسَنُوا الْحُسْنَىٰ وَزِيَادَةٌ ۖ وَلَا يَرْهَقُ وُجُوهَهُمْ قَتَرٌ وَلَا ذِلَّةٌ ۚ أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ الْجَنَّةِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Дика хиллачарна дика ду – /ялсамани/‚ кхин совдерг хир ду /къематдийнахь–Делан юьхь гар/‚ церан яххьех чан летар яц‚ сийсазалла а /летар яц/. Уьш – ялсаманин дай бу‚ цу чохь шаьш гуттар а хир болуш

    10:26
  7. وَالَّذِينَ كَسَبُوا السَّيِّئَاتِ جَزَاءُ سَيِّئَةٍ بِمِثْلِهَا وَتَرْهَقُهُمْ ذِلَّةٌ ۖ مَا لَهُمْ مِنَ اللَّهِ مِنْ عَاصِمٍ ۖ كَأَنَّمَا أُغْشِيَتْ وُجُوهُهُمْ قِطَعًا مِنَ اللَّيْلِ مُظْلِمًا ۚ أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Вониг диначарна бекхам и санна вониг ду‚ сийсазалла летар ю царах. Ма вац царна Делера и духатухур верг. Шайн яххьаш буьйсанан бодане кийсигашца хьулйиначарах тера бу уьш. Уьш цӀеран дай бу‚ цу чохь гуттар а хир болуш

    10:27
  8. وَيَوْمَ نَحْشُرُهُمْ جَمِيعًا ثُمَّ نَقُولُ لِلَّذِينَ أَشْرَكُوا مَكَانَكُمْ أَنْتُمْ وَشُرَكَاؤُكُمْ ۚ فَزَيَّلْنَا بَيْنَهُمْ ۖ وَقَالَ شُرَكَاؤُهُمْ مَا كُنْتُمْ إِيَّانَا تَعْبُدُونَ

    Оцу /къемат/дийнахь Оха уьш берриге а гулбийр бу‚ /Делаца/ накъост лаьцна хиллачаьрга эр ду: 'ДӀалаца шайн меттиг аша а‚ шун накъосташа а'. Церан юкъаметтиг хадийра Оха. Церан накъосташа элира: 'Шу ца хилла тхуна Ӏибадат деш‚

    10:28
  9. فَكَفَىٰ بِاللَّهِ شَهِيدًا بَيْنَنَا وَبَيْنَكُمْ إِنْ كُنَّا عَنْ عِبَادَتِكُمْ لَغَافِلِينَ

    Дала кхачойира теш хилла тхуна а‚ шуна а юккъехь: баккъалла а, тхо хилла аш тхуна Ӏибадат дарх гӀопал'

    10:29
  10. هُنَالِكَ تَبْلُو كُلُّ نَفْسٍ مَا أَسْلَفَتْ ۚ وَرُدُّوا إِلَى اللَّهِ مَوْلَاهُمُ الْحَقِّ ۖ وَضَلَّ عَنْهُمْ مَا كَانُوا يَفْتَرُونَ

    Цигахь бāла кхечира массо а синан ша хьалха динчуьнца. Уьш дӀаберзийра Деле‚ шайн хьакъ-бакъ верас хилла волчу‚ царах дӀатилира цара /харц/ кхуллуш хилларг

    10:30

Гочдар: Магомед Магомедов