Сурат 10 Юнус, аят 31 – 40

  1. قُلْ مَنْ يَرْزُقُكُمْ مِنَ السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ أَمَّنْ يَمْلِكُ السَّمْعَ وَالْأَبْصَارَ وَمَنْ يُخْرِجُ الْحَيَّ مِنَ الْمَيِّتِ وَيُخْرِجُ الْمَيِّتَ مِنَ الْحَيِّ وَمَنْ يُدَبِّرُ الْأَمْرَ ۚ فَسَيَقُولُونَ اللَّهُ ۚ فَقُلْ أَفَلَا تَتَّقُونَ

    Ахь āлал: 'Мила ву шуна рицкъ луш верг стиглара а‚ лаьттара а? Я мила ву дōладеш лерсих (хазарх) а‚ бӀаьрсих а‚ мила ву дийна верг веллачух схьавоккхуш‚ велларг дийначух схьавоккхуш‚ мила ву дӀахьош гӀуллакхаш?' Цара эр ду хьуна: 'Дела ву-кх'. ТӀаккха ахь āла: 'Шу ца кхоьру /Цунах/?'

    10:31
  2. فَذَٰلِكُمُ اللَّهُ رَبُّكُمُ الْحَقُّ ۖ فَمَاذَا بَعْدَ الْحَقِّ إِلَّا الضَّلَالُ ۖ فَأَنَّىٰ تُصْرَفُونَ

    И ву Дела – шун хьакъ-бакъ волу Эла. ХӀун ду ткъа бакъдолчул тӀаьхьа тилар бен? ТӀаккха а ма дӀадерзош ду шу!

    10:32
  3. كَذَٰلِكَ حَقَّتْ كَلِمَتُ رَبِّكَ عَلَى الَّذِينَ فَسَقُوا أَنَّهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ

    Иштта бакъхилира хьан Кхиош-Кхобучун дош фасикъ нахана тӀехь, уьш тешар болуш бац аьлла долу

    10:33
  4. قُلْ هَلْ مِنْ شُرَكَائِكُمْ مَنْ يَبْدَأُ الْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُ ۚ قُلِ اللَّهُ يَبْدَأُ الْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُ ۖ فَأَنَّىٰ تُؤْفَكُونَ

    Ахь āла: 'Шун накъостех вуй ша кхоллар юьхьанца ддолош верг‚ тӀаккха и карладоккхуш верг?' Āла: 'Дала ддоладо кхоллар‚ тӀаккха и карладоккху. Ма талхош ду-кх шу (бакъдолчух)!'

    10:34
  5. قُلْ هَلْ مِنْ شُرَكَائِكُمْ مَنْ يَهْدِي إِلَى الْحَقِّ ۚ قُلِ اللَّهُ يَهْدِي لِلْحَقِّ ۗ أَفَمَنْ يَهْدِي إِلَى الْحَقِّ أَحَقُّ أَنْ يُتَّبَعَ أَمَّنْ لَا يَهِدِّي إِلَّا أَنْ يُهْدَىٰ ۖ فَمَا لَكُمْ كَيْفَ تَحْكُمُونَ

    Āлал: 'Шун накъостех вуй ша бакъдолчунна тӀе нисбеш верг?' Āла: 'Дала нисбо бакъдолчунна тӀе'. Ткъа ша бакъдолчунна тӀе /нах/ нисбеш верг хьакъ вац шена тӀаьхьахӀотта‚ я ша нис ца беш верг ву, ша /цхьаммо/ нисвахь бен? Ткъа шуна хӀун хилла? Аш муха хьукма до?!

    10:35
  6. وَمَا يَتَّبِعُ أَكْثَرُهُمْ إِلَّا ظَنًّا ۚ إِنَّ الظَّنَّ لَا يُغْنِي مِنَ الْحَقِّ شَيْئًا ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ بِمَا يَفْعَلُونَ

    Царах дукхахберш моттадаларна а бен тӀаьхьахӀуьттуш ма бац. Баккъалла а, моттадаларо бакъдолчух хӀумма а кӀелхьар ца доккху (баккъалла а, мотталуш дерг бакъдолчунна дуьхьал хӀумма пайдане ма дац). Баккъалла а, Дела хууш ву цара деш дерг

    10:36
  7. وَمَا كَانَ هَٰذَا الْقُرْآنُ أَنْ يُفْتَرَىٰ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَلَٰكِنْ تَصْدِيقَ الَّذِي بَيْنَ يَدَيْهِ وَتَفْصِيلَ الْكِتَابِ لَا رَيْبَ فِيهِ مِنْ رَبِّ الْعَالَمِينَ

    ХӀара Къуръан ца хилла кхолладала /тарлуш/ Дела воцчуьнгара‚ делахь а, нийса догӀуш ду и шел хьалха хиллачуьнца‚ шен чохь шеко йоццуш Ӏаламийн Дегара жайна (Мухьаммадан умматана тдихкина декхарш) билгалдаккхар а ду и

    10:37
  8. أَمْ يَقُولُونَ افْتَرَاهُ ۖ قُلْ فَأْتُوا بِسُورَةٍ مِثْلِهِ وَادْعُوا مَنِ اسْتَطَعْتُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Я цара олу: 'Цо /ша/ кхоьллина и /Къуръан/'? Аш даийтал цунах тера цхьа сурат‚ кхайкха Дела воцчуьнга шайга кхайкхалучуьнга /кхечу гьнчашка/‚ шаьш бакълуьйш хиллехь

    10:38
  9. بَلْ كَذَّبُوا بِمَا لَمْ يُحِيطُوا بِعِلْمِهِ وَلَمَّا يَأْتِهِمْ تَأْوِيلُهُ ۚ كَذَٰلِكَ كَذَّبَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۖ فَانْظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الظَّالِمِينَ

    Хъ, харцдира цара (Маккан керстанаша) и (Къуръан) шаьш и дика довза а кхиале‚ шен таъвил а хӀинцале шайга ца кхаьчна долу. Иштта харцдира царал хьалха хиллачара а. Хьажал‚ муха хилла зуламхойн тӀаьхье!

    10:39
  10. وَمِنْهُمْ مَنْ يُؤْمِنُ بِهِ وَمِنْهُمْ مَنْ لَا يُؤْمِنُ بِهِ ۚ وَرَبُّكَ أَعْلَمُ بِالْمُفْسِدِينَ

    Царах цунах тешаш берш а бу‚ царах цунах ца тешаш берш а бу. Хьан Кхиош-Кхобург дика бевзаш ву хьуна /хма/ талхош берш

    10:40

Гочдар: Магомед Магомедов