Сурат 10 Юнус, аят 41 – 53
-
وَإِنْ كَذَّبُوكَ فَقُلْ لِي عَمَلِي وَلَكُمْ عَمَلُكُمْ ۖ أَنْتُمْ بَرِيئُونَ مِمَّا أَعْمَلُ وَأَنَا بَرِيءٌ مِمَّا تَعْمَلُونَ
Хьо цара харцвахь‚ ахь āла: 'Суна сайн Ӏамал ю‚ шуна шайн Ӏамал ю. Шу цӀена ду ас дечух‚ со цӀена ву аш дечух'
10:41 -
وَمِنْهُمْ مَنْ يَسْتَمِعُونَ إِلَيْكَ ۚ أَفَأَنْتَ تُسْمِعُ الصُّمَّ وَلَوْ كَانُوا لَا يَعْقِلُونَ
Царах хьоьга ладугӀуш берш а бу. Ахь хозуьйтур дара къорачарна, цу тӀе а уьш хьекъале а ца хилча?
10:42 -
وَمِنْهُمْ مَنْ يَنْظُرُ إِلَيْكَ ۚ أَفَأَنْتَ تَهْدِي الْعُمْيَ وَلَوْ كَانُوا لَا يُبْصِرُونَ
Царах хьоьга хьоьжуш верг а ву. Ахь нисбийр бара бӀаьрсадоцурш, цу тӀе а уьш са гуш а ца хилча?
10:43 -
إِنَّ اللَّهَ لَا يَظْلِمُ النَّاسَ شَيْئًا وَلَٰكِنَّ النَّاسَ أَنْفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ
Баккъалла а, Дала зулам ца до нахана цхьана а хӀуманца‚ делахь а, наха шаьш до шайна зуламаш
10:44 -
وَيَوْمَ يَحْشُرُهُمْ كَأَنْ لَمْ يَلْبَثُوا إِلَّا سَاعَةً مِنَ النَّهَارِ يَتَعَارَفُونَ بَيْنَهُمْ ۚ قَدْ خَسِرَ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِلِقَاءِ اللَّهِ وَمَا كَانُوا مُهْتَدِينَ
Цхьана /къемат/ дийнахь Цо уьш гулбийр бу‚ шаьш /дуьненахь/ дийнан цхьана сохьтехь а бен ца йнарш санна‚ вовшашна бевзар бу уьш – тӀаккха ийшира шаьш Далла дуьхьалкхетар харцдинарш. Ца хилира уьш нисбелла
10:45 -
وَإِمَّا نُرِيَنَّكَ بَعْضَ الَّذِي نَعِدُهُمْ أَوْ نَتَوَفَّيَنَّكَ فَإِلَيْنَا مَرْجِعُهُمْ ثُمَّ اللَّهُ شَهِيدٌ عَلَىٰ مَا يَفْعَلُونَ
Я Оха гойтур ма ду хьуна Тхаьш царна ваӀда ечух цхьадерг (Ӏазап)‚ я Оха волуьйтур ма ву хьо /царна Ӏазап дале/. Тхоьга ду церан дӀадерзар – цул тьхьа Дела теш ма ву цара деш долчунна
10:46 -
وَلِكُلِّ أُمَّةٍ رَسُولٌ ۖ فَإِذَا جَاءَ رَسُولُهُمْ قُضِيَ بَيْنَهُمْ بِالْقِسْطِ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ
ХӀор умматан элча ву. Шайн элча веъча, кхиэл йийр ю царна юккъехь нийсонца‚ царна зулам дийр дац
10:47 -
وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هَٰذَا الْوَعْدُ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Цара олу: 'Маца кхочушхир ю и ваӀда, шу бакълуьйш хиллехь?'
10:48 -
قُلْ لَا أَمْلِكُ لِنَفْسِي ضَرًّا وَلَا نَفْعًا إِلَّا مَا شَاءَ اللَّهُ ۗ لِكُلِّ أُمَّةٍ أَجَلٌ ۚ إِذَا جَاءَ أَجَلُهُمْ فَلَا يَسْتَأْخِرُونَ سَاعَةً ۖ وَلَا يَسْتَقْدِمُونَ
Ахь āла: 'Ас дола ца до сайна зенна а‚ пайденна а (сан карахь дац сайна зе дар а, пайда бар а), Далла ма луъу бен. ХӀор умматна тоьхна хан ю‚ и шайн хан тӀекхаьчча – цхьа сахьт тӀаьхьабуьсур а бац уьш‚ / цхьа сахьт/ хьалхабевр а бац'
10:49 -
قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِنْ أَتَاكُمْ عَذَابُهُ بَيَاتًا أَوْ نَهَارًا مَاذَا يَسْتَعْجِلُ مِنْهُ الْمُجْرِمُونَ
Āла: 'Дийцал аш суна: Цуьнан Ӏазап шайга буса я дийнахь деъча‚ оцунах хӀун сихдан луур дара къинош деш болчарна?
10:50 -
أَثُمَّ إِذَا مَا وَقَعَ آمَنْتُمْ بِهِ ۚ آلْآنَ وَقَدْ كُنْتُمْ بِهِ تَسْتَعْجِلُونَ
ТӀаккха иза хӀоьттича, тешар дара шу цунах? ХӀинций? Шу ма дарий и сихдала лууш /хьалха/.'
10:51 -
ثُمَّ قِيلَ لِلَّذِينَ ظَلَمُوا ذُوقُوا عَذَابَ الْخُلْدِ هَلْ تُجْزَوْنَ إِلَّا بِمَا كُنْتُمْ تَكْسِبُونَ
ТӀаккха эр ду зулам диначаьрга: 'Ӏовша шайна гуттаренан Ӏазап. Бекхам хир буй шуна ткъа аш карадеш хиллачуьнца а бен?'
10:52 -
وَيَسْتَنْبِئُونَكَ أَحَقٌّ هُوَ ۖ قُلْ إِي وَرَبِّي إِنَّهُ لَحَقٌّ ۖ وَمَا أَنْتُمْ بِمُعْجِزِينَ
Хьоьга доьху цара (цунах лаьцна) хаийтар: 'Бакъ дуй и?' Ахь āла: 'ХӀаъ‚ сан Кхиош-кхобучуьнца (дуй боу ас), бакъ ду-кх и! Шуьга дайдалур дац иза'
10:53
Гочдар: Магомед Магомедов