Сурат 10 Юнус, аят 54 – 60
-
وَلَوْ أَنَّ لِكُلِّ نَفْسٍ ظَلَمَتْ مَا فِي الْأَرْضِ لَافْتَدَتْ بِهِ ۗ وَأَسَرُّوا النَّدَامَةَ لَمَّا رَأَوُا الْعَذَابَ ۖ وَقُضِيَ بَيْنَهُمْ بِالْقِسْطِ ۚ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ
ХӀор зулам динчу синна (адамна) лаьттахь мел дерг шен хилча а – и дӀалур дара цо‚ хьулдийр цара дара дохкодовлар, шайна Ӏазап гича. Царна юккъехь нийсонца кхиэл йина. Царна зулам дийр дац
10:54 -
أَلَا إِنَّ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۗ أَلَا إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
Шуна хаийла баккъалла а, стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг Делан дуйла! Шуна хаийла Делан ваӀда хьакъ-бакъ юйла! Делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх
10:55 -
هُوَ يُحْيِي وَيُمِيتُ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
Цо дендолуьйту‚ Цо долуьйту‚ Цунна тӀе шу дӀадерзор долуш ду
10:56 -
يَا أَيُّهَا النَّاسُ قَدْ جَاءَتْكُمْ مَوْعِظَةٌ مِنْ رَبِّكُمْ وَشِفَاءٌ لِمَا فِي الصُّدُورِ وَهُدًى وَرَحْمَةٌ لِلْمُؤْمِنِينَ
ХӀай нах! Шуьга беана шун Кхиош-Кхобучуьнгара хьехам а‚ дегнашкахь долчунна дарба а – муъмин нахана нийса некъ а‚ къинхетам а
10:57 -
قُلْ بِفَضْلِ اللَّهِ وَبِرَحْمَتِهِ فَبِذَٰلِكَ فَلْيَفْرَحُوا هُوَ خَيْرٌ مِمَّا يَجْمَعُونَ
Āла: 'Делан коьмаьршаллица‚ Цуьнан къинхетамца – Цуьнца баккхийбер уьш – иза мелхо а дика ду царна шаьш гулдечул'
10:58 -
قُلْ أَرَأَيْتُمْ مَا أَنْزَلَ اللَّهُ لَكُمْ مِنْ رِزْقٍ فَجَعَلْتُمْ مِنْهُ حَرَامًا وَحَلَالًا قُلْ آللَّهُ أَذِنَ لَكُمْ ۖ أَمْ عَلَى اللَّهِ تَفْتَرُونَ
Ахь āла: 'Хьовсал шу‚ хӀун доссийна Дала шуна (Шен) рицкъанах! Аш цунах хьарам дерг а‚ хьанал дерг а дира'. Āла: 'Дала пурба делира шуна‚ я шу Далла тӀехь харцдерг кхуллуш ду?'
10:59 -
وَمَا ظَنُّ الَّذِينَ يَفْتَرُونَ عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَذُو فَضْلٍ عَلَى النَّاسِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَشْكُرُونَ
ХӀун ду техьа Далла тӀехь харцдерг кхуллучарна моьттург къематдийнахь? Баккъалла а, Дела къинхетам болуш ву нахана тӀехь‚ делахь а, царах дукхахболчара баркалла ца олу
10:60
Гочдар: Магомед Магомедов