Сурат 10 Юнус, аят 61 – 70

  1. وَمَا تَكُونُ فِي شَأْنٍ وَمَا تَتْلُو مِنْهُ مِنْ قُرْآنٍ وَلَا تَعْمَلُونَ مِنْ عَمَلٍ إِلَّا كُنَّا عَلَيْكُمْ شُهُودًا إِذْ تُفِيضُونَ فِيهِ ۚ وَمَا يَعْزُبُ عَنْ رَبِّكَ مِنْ مِثْقَالِ ذَرَّةٍ فِي الْأَرْضِ وَلَا فِي السَّمَاءِ وَلَا أَصْغَرَ مِنْ ذَٰلِكَ وَلَا أَكْبَرَ إِلَّا فِي كِتَابٍ مُبِينٍ

    Хьо (пайхамар) хир вац цхьана а гӀуллакхехь а‚ ахь доьшур дац цунах цхьа а дешар а‚ аш йийр яц цхьа а Ӏамал а Тхо шайна тӀехь тешаш долуш бен‚ шу цу чохь а дуьсуш. Хьан Кхиош-Кхобучух къайладер дац мискъалзаррат (хма) лаьттахь а‚ стиглахь а‚ цул жиманиг‚ доккханиг – билгалчу жайнахь долуш бен

    10:61
  2. أَلَا إِنَّ أَوْلِيَاءَ اللَّهِ لَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ

    Тидаме эца! Баккъалла а, Делан доттагӀий –кхерам а хир ма бац царна /эхартахь Делан запах/‚ уьш сингаттаме а хир ма бац /шайх дтиллачу дуьненан хьолах/

    10:62
  3. الَّذِينَ آمَنُوا وَكَانُوا يَتَّقُونَ

    Уьш бу ийман диллинарш‚ /Делах/ кхоьруш хилларш (Цо бохург деш, ма де бохург ца деш) –

    10:63
  4. لَهُمُ الْبُشْرَىٰ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَفِي الْآخِرَةِ ۚ لَا تَبْدِيلَ لِكَلِمَاتِ اللَّهِ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ

    Царна кхаъ бу дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а. Делан дешнашна хийцадалар дац. Иза – сийлахь-боккха толам бу

    10:64
  5. وَلَا يَحْزُنْكَ قَوْلُهُمْ ۘ إِنَّ الْعِزَّةَ لِلَّهِ جَمِيعًا ۚ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ

    Церан /керстаналлин/ дашо сингаттаме ма войла хьо, – баккъалла а, ерриге сийлахьалла Делан ю. И хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву

    10:65
  6. أَلَا إِنَّ لِلَّهِ مَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَمَنْ فِي الْأَرْضِ ۗ وَمَا يَتَّبِعُ الَّذِينَ يَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ شُرَكَاءَ ۚ إِنْ يَتَّبِعُونَ إِلَّا الظَّنَّ وَإِنْ هُمْ إِلَّا يَخْرُصُونَ

    Тидаме эца! Баккъалла а, Делан бу стигланашкахь а‚ лаьттахь а берш. Стенна тӀаьхьахӀуьттуш бу Дела воцчу /кхечу/ накъосташка кхойкхуш берш? Уьш тӀаьхьахӀуьттуш ма бац деккъа моттадаларна бен‚ уьш ма бац харцлуьйш а бен

    10:66
  7. هُوَ الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ اللَّيْلَ لِتَسْكُنُوا فِيهِ وَالنَّهَارَ مُبْصِرًا ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يَسْمَعُونَ

    И ву шуна буьйса йинарг, цу чохь шуьга садайта‚ де а /динарг/, цу чохь /шуна хӀуманаш/ ган. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду хезаш долчу къомана

    10:67
  8. قَالُوا اتَّخَذَ اللَّهُ وَلَدًا ۗ سُبْحَانَهُ ۖ هُوَ الْغَنِيُّ ۖ لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۚ إِنْ عِنْدَكُمْ مِنْ سُلْطَانٍ بِهَٰذَا ۚ أَتَقُولُونَ عَلَى اللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ

    Цара элира: 'Дала доьзалхо лаьцна (вина)'. Вочух цӀена ву Иза! И хьал долуш верг ву. Цуьнан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь мел дерг. Цуьнца (цу хьокъехь) цхьа а делил дац шун! Далла тӀехь шайна цахуург дуьйцу аш?

    10:68
  9. قُلْ إِنَّ الَّذِينَ يَفْتَرُونَ عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ لَا يُفْلِحُونَ

    Ахь āла /хӀай Мухьаммад/: 'Баккъалла а, Далла тӀехь харцдерг кхуллуш берш баккхийбийр бац'

    10:69
  10. مَتَاعٌ فِي الدُّنْيَا ثُمَّ إِلَيْنَا مَرْجِعُهُمْ ثُمَّ نُذِيقُهُمُ الْعَذَابَ الشَّدِيدَ بِمَا كَانُوا يَكْفُرُونَ

    Дуьненан (цхьа кззиг) марзо ю /цара пайда оьцуш ерг/‚ тӀаккха церан дӀадерзар Тхуна тӀе ду‚ тӀаккха Оха Ӏовшуьйтур ду цаьрга чӀогӀа Ӏазап уьш ца тешаш хиларна

    10:70

Гочдар: Магомед Магомедов