Сурат 10 Юнус, аят 71 – 73

  1. وَاتْلُ عَلَيْهِمْ نَبَأَ نُوحٍ إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِ يَا قَوْمِ إِنْ كَانَ كَبُرَ عَلَيْكُمْ مَقَامِي وَتَذْكِيرِي بِآيَاتِ اللَّهِ فَعَلَى اللَّهِ تَوَكَّلْتُ فَأَجْمِعُوا أَمْرَكُمْ وَشُرَكَاءَكُمْ ثُمَّ لَا يَكُنْ أَمْرُكُمْ عَلَيْكُمْ غُمَّةً ثُمَّ اقْضُوا إِلَيَّ وَلَا تُنْظِرُونِ

    Дийца царна Нухьан хабар‚ цо шен къоме ма элира: 'ХIай сан къам! Нагахь санна шуна хала хиллехь сан /шуьца/ Iар а‚ ас Делан аяташ хьехадар а – со Далла тIетевжина. Вовшахтоха шайн гIуллакх а, шайн накъостий а‚ цул тIаьхьа шун гIуллакх шуна ма хуьлийла сингаттаме. ТIаккха суна шайн кхиэл е‚ хан тьхьа ма татталаш (и ца еш)

    10:71
  2. فَإِنْ تَوَلَّيْتُمْ فَمَا سَأَلْتُكُمْ مِنْ أَجْرٍ ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَى اللَّهِ ۖ وَأُمِرْتُ أَنْ أَكُونَ مِنَ الْمُسْلِمِينَ

    Шу дIадерзахь /сох/ – ас шуьга цхьа а мах ца бехна‚ сан мах Делехь бен бац. Суна омра дина бусалбанех цхьаъ хила'‚ аьлла

    10:72
  3. فَكَذَّبُوهُ فَنَجَّيْنَاهُ وَمَنْ مَعَهُ فِي الْفُلْكِ وَجَعَلْنَاهُمْ خَلَائِفَ وَأَغْرَقْنَا الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا ۖ فَانْظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُنْذَرِينَ

    Цара и харцвира‚ тIаккха Оха иза а‚ цуьнца берш а кIелхьарбехира кеманна чохь‚ Оха хилийтира царах тIаьхье‚ Тхешан аяташ харцдинарш хина бухабахийтира Оха. Хьажал‚ муха хилла шайна /элчанаша/ кхерам тосучеран тIаьхье!

    10:73

Гочдар: Магомед Магомедов