Сурат 10 Юнус, аят 71 – 82

  1. وَاتْلُ عَلَيْهِمْ نَبَأَ نُوحٍ إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِ يَا قَوْمِ إِنْ كَانَ كَبُرَ عَلَيْكُمْ مَقَامِي وَتَذْكِيرِي بِآيَاتِ اللَّهِ فَعَلَى اللَّهِ تَوَكَّلْتُ فَأَجْمِعُوا أَمْرَكُمْ وَشُرَكَاءَكُمْ ثُمَّ لَا يَكُنْ أَمْرُكُمْ عَلَيْكُمْ غُمَّةً ثُمَّ اقْضُوا إِلَيَّ وَلَا تُنْظِرُونِ

    Дийца царна Нухьан хабар‚ цо шен къоме ма элира: 'ХӀай сан къам! Нагахь санна шуна хала хиллехь сан /шуьца/ Ӏар а‚ ас Делан аяташ хьехадар а – со Далла тӀетевжина. Вовшахтоха шайн гӀуллакх а, шайн накъостий а‚ цул тӀаьхьа шун гӀуллакх шуна ма хуьлийла сингаттаме. ТӀаккха суна шайн кхиэл е‚ хан тьхьа ма татталаш (и ца еш)

    10:71
  2. فَإِنْ تَوَلَّيْتُمْ فَمَا سَأَلْتُكُمْ مِنْ أَجْرٍ ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَى اللَّهِ ۖ وَأُمِرْتُ أَنْ أَكُونَ مِنَ الْمُسْلِمِينَ

    Шу дӀадерзахь /сох/ – ас шуьга цхьа а мах ца бехна‚ сан мах Делехь бен бац. Суна омра дина бусалбанех цхьаъ хила'‚ аьлла

    10:72
  3. فَكَذَّبُوهُ فَنَجَّيْنَاهُ وَمَنْ مَعَهُ فِي الْفُلْكِ وَجَعَلْنَاهُمْ خَلَائِفَ وَأَغْرَقْنَا الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا ۖ فَانْظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُنْذَرِينَ

    Цара и харцвира‚ тӀаккха Оха иза а‚ цуьнца берш а кӀелхьарбехира кеманна чохь‚ Оха хилийтира царах тӀаьхье‚ Тхешан аяташ харцдинарш хина бухабахийтира Оха. Хьажал‚ муха хилла шайна /элчанаша/ кхерам тосучеран тӀаьхье!

    10:73
  4. ثُمَّ بَعَثْنَا مِنْ بَعْدِهِ رُسُلًا إِلَىٰ قَوْمِهِمْ فَجَاءُوهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ فَمَا كَانُوا لِيُؤْمِنُوا بِمَا كَذَّبُوا بِهِ مِنْ قَبْلُ ۚ كَذَٰلِكَ نَطْبَعُ عَلَىٰ قُلُوبِ الْمُعْتَدِينَ

    ТӀаккха цул тӀаьхьа Оха бахийтира элчанаш шайн къаьмнашка‚ уьш баьхкира царна тӀе билгалонашца – уьш (элчанаш шайна тбаьхкинарш) ца хилира (хнца а) тешар болуш шаьш хьалха харцдинчух. Иштта мухӀар тоьхна Оха /Делан/ дозанех бевлачеран дегнашна

    10:74
  5. ثُمَّ بَعَثْنَا مِنْ بَعْدِهِمْ مُوسَىٰ وَهَارُونَ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِ بِآيَاتِنَا فَاسْتَكْبَرُوا وَكَانُوا قَوْمًا مُجْرِمِينَ

    ТӀаккха царал тӀаьхьа Муса а‚ ХӀарун а вахийтира Оха ФирӀавнна а‚ цуьнан элашна а тӀе Тхешан аяташца – цара куралла йира‚ уьш хилира къинош деш долу къам

    10:75
  6. فَلَمَّا جَاءَهُمُ الْحَقُّ مِنْ عِنْدِنَا قَالُوا إِنَّ هَٰذَا لَسِحْرٌ مُبِينٌ

    Тхоьгара бакъдерг шайга деъча‚ цара элира: 'Баккъалла а, хӀара билггала бозбуунчалла ма ду'

    10:76
  7. قَالَ مُوسَىٰ أَتَقُولُونَ لِلْحَقِّ لَمَّا جَاءَكُمْ ۖ أَسِحْرٌ هَٰذَا وَلَا يُفْلِحُ السَّاحِرُونَ

    Мусас элира: 'Бакъдолчунна, и шайга деъча, /иштта/ олу аш? Бозбуунчалла ду хӀара? Бозбуунчаш баккхийбийр ма бац'

    10:77
  8. قَالُوا أَجِئْتَنَا لِتَلْفِتَنَا عَمَّا وَجَدْنَا عَلَيْهِ آبَاءَنَا وَتَكُونَ لَكُمَا الْكِبْرِيَاءُ فِي الْأَرْضِ وَمَا نَحْنُ لَكُمَا بِمُؤْمِنِينَ

    Цара элира: 'Хьо веана тхуна тхешан дай шена тӀехь тхуна карийначух тхо дӀадерзо /деккъа/ шу- шинна хилийтархьама лаьттахь сийлалла? Тхо шушиннах а тешаш ма дац'

    10:78
  9. وَقَالَ فِرْعَوْنُ ائْتُونِي بِكُلِّ سَاحِرٍ عَلِيمٍ

    ФирӀавна элира: 'Суна тӀе валаве хӀора говза мел волу бозбуунча'

    10:79
  10. فَلَمَّا جَاءَ السَّحَرَةُ قَالَ لَهُمْ مُوسَىٰ أَلْقُوا مَا أَنْتُمْ مُلْقُونَ

    Бозбуунчаш баьхкича, Мусас цаьрга элира: 'Кхосса шаьш кхуссуш ерг'

    10:80
  11. فَلَمَّا أَلْقَوْا قَالَ مُوسَىٰ مَا جِئْتُمْ بِهِ السِّحْرُ ۖ إِنَّ اللَّهَ سَيُبْطِلُهُ ۖ إِنَّ اللَّهَ لَا يُصْلِحُ عَمَلَ الْمُفْسِدِينَ

    Цара кхоьссича‚ Мусас элира: 'Аш шайца деана дерг бозбуунчалла ду. Баккъалла а, Дала дойур ду иза. Баккъалла а, Дала ца тойо /хма/ талхош болчеран Ӏамал

    10:81
  12. وَيُحِقُّ اللَّهُ الْحَقَّ بِكَلِمَاتِهِ وَلَوْ كَرِهَ الْمُجْرِمُونَ

    Бакъдерг бакъхуьлуьйту Дала Шен дешнашца‚ къинош дечарна и мел ца дезахь а'

    10:82

Гочдар: Магомед Магомедов