Сурат 10 Юнус, аят 75 – 78

  1. ثُمَّ بَعَثْنَا مِنْ بَعْدِهِمْ مُوسَىٰ وَهَارُونَ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِ بِآيَاتِنَا فَاسْتَكْبَرُوا وَكَانُوا قَوْمًا مُجْرِمِينَ

    ТӀаккха царал тӀаьхьа Муса а‚ ХӀарун а вахийтира Оха ФирӀавнна а‚ цуьнан элашна а тӀе Тхешан аяташца – цара куралла йира‚ уьш хилира къинош деш долу къам

    10:75
  2. فَلَمَّا جَاءَهُمُ الْحَقُّ مِنْ عِنْدِنَا قَالُوا إِنَّ هَٰذَا لَسِحْرٌ مُبِينٌ

    Тхоьгара бакъдерг шайга деъча‚ цара элира: 'Баккъалла а, хӀара билггала бозбуунчалла ма ду'

    10:76
  3. قَالَ مُوسَىٰ أَتَقُولُونَ لِلْحَقِّ لَمَّا جَاءَكُمْ ۖ أَسِحْرٌ هَٰذَا وَلَا يُفْلِحُ السَّاحِرُونَ

    Мусас элира: 'Бакъдолчунна, и шайга деъча, /иштта/ олу аш? Бозбуунчалла ду хӀара? Бозбуунчаш баккхийбийр ма бац'

    10:77
  4. قَالُوا أَجِئْتَنَا لِتَلْفِتَنَا عَمَّا وَجَدْنَا عَلَيْهِ آبَاءَنَا وَتَكُونَ لَكُمَا الْكِبْرِيَاءُ فِي الْأَرْضِ وَمَا نَحْنُ لَكُمَا بِمُؤْمِنِينَ

    Цара элира: 'Хьо веана тхуна тхешан дай шена тӀехь тхуна карийначух тхо дӀадерзо /деккъа/ шу- шинна хилийтархьама лаьттахь сийлалла? Тхо шушиннах а тешаш ма дац'

    10:78

Гочдар: Магомед Магомедов