Сурат 10 Юнус, аят 80 – 99
-
فَلَمَّا جَاءَ السَّحَرَةُ قَالَ لَهُمْ مُوسَىٰ أَلْقُوا مَا أَنْتُمْ مُلْقُونَ
Бозбуунчаш баьхкича, Мусас цаьрга элира: 'Кхосса шаьш кхуссуш ерг'
10:80 -
فَلَمَّا أَلْقَوْا قَالَ مُوسَىٰ مَا جِئْتُمْ بِهِ السِّحْرُ ۖ إِنَّ اللَّهَ سَيُبْطِلُهُ ۖ إِنَّ اللَّهَ لَا يُصْلِحُ عَمَلَ الْمُفْسِدِينَ
Цара кхоьссича‚ Мусас элира: 'Аш шайца деана дерг бозбуунчалла ду. Баккъалла а, Дала дойур ду иза. Баккъалла а, Дала ца тойо /хма/ талхош болчеран Ӏамал
10:81 -
وَيُحِقُّ اللَّهُ الْحَقَّ بِكَلِمَاتِهِ وَلَوْ كَرِهَ الْمُجْرِمُونَ
Бакъдерг бакъхуьлуьйту Дала Шен дешнашца‚ къинош дечарна и мел ца дезахь а'
10:82 -
فَمَا آمَنَ لِمُوسَىٰ إِلَّا ذُرِّيَّةٌ مِنْ قَوْمِهِ عَلَىٰ خَوْفٍ مِنْ فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِمْ أَنْ يَفْتِنَهُمْ ۚ وَإِنَّ فِرْعَوْنَ لَعَالٍ فِي الْأَرْضِ وَإِنَّهُ لَمِنَ الْمُسْرِفِينَ
Мусах ца тийшира цуьнан къомах цхьа зуьрриет бен, ФирӀавна а‚ цуьнан элаша а шаьш питане лацарх кхерарна. Баккъалла а, ФирӀавн лакхаваьлла лаьттахь /зуламаш деш/. Баккъалла а, и /Делан ниӀматах/ кхоам цабечарах ву
10:83 -
وَقَالَ مُوسَىٰ يَا قَوْمِ إِنْ كُنْتُمْ آمَنْتُمْ بِاللَّهِ فَعَلَيْهِ تَوَكَّلُوا إِنْ كُنْتُمْ مُسْلِمِينَ
Мусас элира: 'ХӀай сан къам‚ шу хиллехь Делах тешна – Цунна тӀетовжа‚ шаьш (Цунна) муьтӀахь дерш делахь'
10:84 -
فَقَالُوا عَلَى اللَّهِ تَوَكَّلْنَا رَبَّنَا لَا تَجْعَلْنَا فِتْنَةً لِلْقَوْمِ الظَّالِمِينَ
ТӀаккха цара элира: 'Далла тӀетевжина тхо. Веза волу Тхо Кхиош-Кхобург‚ тхо ма хилийталахь зуламе къомана питана
10:85 -
وَنَجِّنَا بِرَحْمَتِكَ مِنَ الْقَوْمِ الْكَافِرِينَ
КӀелхьардахалахь тхо Хьайн къинхетамца керста къомах'
10:86 -
وَأَوْحَيْنَا إِلَىٰ مُوسَىٰ وَأَخِيهِ أَنْ تَبَوَّآ لِقَوْمِكُمَا بِمِصْرَ بُيُوتًا وَاجْعَلُوا بُيُوتَكُمْ قِبْلَةً وَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ ۗ وَبَشِّرِ الْمُؤْمِنِينَ
Мусага а‚ цуьнан веше (ХӀаруне) а Оха хаийтира ваьхьица ашшиммо а шаьшшиннан къомана Мисрахь хсамаш а лаца, шайн хсамех къилба а хилийта‚ ламаз а хӀоттаде‚ кхаъ а баккха муъмин нахе‚ аьлла
10:87 -
وَقَالَ مُوسَىٰ رَبَّنَا إِنَّكَ آتَيْتَ فِرْعَوْنَ وَمَلَأَهُ زِينَةً وَأَمْوَالًا فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا رَبَّنَا لِيُضِلُّوا عَنْ سَبِيلِكَ ۖ رَبَّنَا اطْمِسْ عَلَىٰ أَمْوَالِهِمْ وَاشْدُدْ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ فَلَا يُؤْمِنُوا حَتَّىٰ يَرَوُا الْعَذَابَ الْأَلِيمَ
Мусас элира: 'Веза волу тхо Кхиош-Кхобург‚ ФирӀавнна а‚ цуьнан элашна а дуьненан дахарехь хазалла а‚ бахам а белла Ахь, тхан Кхиош-кхобург, уьш тилабалийтархьама Хьайн некъах. Веза волу тхо Кхиош-Кхобург‚ байа церан бахам а‚ къиза де церан дегнаш а - уьш тешар болуш бац шайна лазош долу Ӏазап ца гича'
10:88 -
قَالَ قَدْ أُجِيبَتْ دَعْوَتُكُمَا فَاسْتَقِيمَا وَلَا تَتَّبِعَانِّ سَبِيلَ الَّذِينَ لَا يَعْلَمُونَ
Цо (Дала) элира: 'Шушиннан доӀина жоп делла‚ нийса хила шушиъ‚ тӀаьхьа ма хӀитталаш ца хууш болчеран новкъа'
10:89 -
وَجَاوَزْنَا بِبَنِي إِسْرَائِيلَ الْبَحْرَ فَأَتْبَعَهُمْ فِرْعَوْنُ وَجُنُودُهُ بَغْيًا وَعَدْوًا ۖ حَتَّىٰ إِذَا أَدْرَكَهُ الْغَرَقُ قَالَ آمَنْتُ أَنَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا الَّذِي آمَنَتْ بِهِ بَنُو إِسْرَائِيلَ وَأَنَا مِنَ الْمُسْلِمِينَ
Оха хӀорда дехьа бехира Исраилан кӀентий. Царна тӀаьхьа бевлира ФирӀавн а‚ цуьнан бӀо а хьогӀаций‚ мостагӀаллиций. /ХӀорда/ бухавахар шена ткхиъча‚ цо (ФирӀавна ша хьорда буха воьдуш) элира: 'Со тийши кхин Дела цахиларх, Шех Исраилан кӀентий тешнарг бен‚ со муьтӀахь болчарах (бусалба нахах) ву-кх'
10:90 -
آلْآنَ وَقَدْ عَصَيْتَ قَبْلُ وَكُنْتَ مِنَ الْمُفْسِدِينَ
ХӀинций? Хьалха-м Ӏесалла ма йира ахь‚ хьо ма хилира /нах Делан динах/ талхочарах
10:91 -
فَالْيَوْمَ نُنَجِّيكَ بِبَدَنِكَ لِتَكُونَ لِمَنْ خَلْفَكَ آيَةً ۚ وَإِنَّ كَثِيرًا مِنَ النَّاسِ عَنْ آيَاتِنَا لَغَافِلُونَ
Тахана Оха кӀелхьарвоккхур ву хьо хьайн дегӀаца хьол тӀаьхьа богӀучарна делил хилийтархьама. Баккъалла а, нахах дукхаберш Тхан аятех гӀопал ма бу
10:92 -
وَلَقَدْ بَوَّأْنَا بَنِي إِسْرَائِيلَ مُبَوَّأَ صِدْقٍ وَرَزَقْنَاهُمْ مِنَ الطَّيِّبَاتِ فَمَا اخْتَلَفُوا حَتَّىٰ جَاءَهُمُ الْعِلْمُ ۚ إِنَّ رَبَّكَ يَقْضِي بَيْنَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فِيمَا كَانُوا فِيهِ يَخْتَلِفُونَ
Оха охьаховшийра Исраилан кӀентий /бāха/ тоьлаш йолччу меттиге‚ цӀенчух рицкъ а делира царна‚ /дин бахьанехь/ хилпало ца йуьйжира царна юкъа шайга Ӏилма кхаччалц. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучо кхиэл йийр ю царна юккъехь къематдийнахь уьш шеца хилпало еш хиллачохь
10:93 -
فَإِنْ كُنْتَ فِي شَكٍّ مِمَّا أَنْزَلْنَا إِلَيْكَ فَاسْأَلِ الَّذِينَ يَقْرَءُونَ الْكِتَابَ مِنْ قَبْلِكَ ۚ لَقَدْ جَاءَكَ الْحَقُّ مِنْ رَبِّكَ فَلَا تَكُونَنَّ مِنَ الْمُمْتَرِينَ
Хьуо шеко йолуш хилахь Оха хьайга доссийначух‚ ахь хаттал хьайл хьалха жайна доьшуш болчаьрга. Хьоьга деана хьан Кхиош-Кхобучуьнгара бакъдерг‚ хьо хиланне а ма хилалахь шеко ечарах
10:94 -
وَلَا تَكُونَنَّ مِنَ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِ اللَّهِ فَتَكُونَ مِنَ الْخَاسِرِينَ
Хьо хиланне а ма хилалахь Делан аяташ харцдеш болчарах – тӀаккха хьо хир ву эшначарах
10:95 -
إِنَّ الَّذِينَ حَقَّتْ عَلَيْهِمْ كَلِمَتُ رَبِّكَ لَا يُؤْمِنُونَ
Баккъалла а, шайна тӀехь хьан Кхиош-Кхобучун дош бакъ хилларш тешар бац
10:96 -
وَلَوْ جَاءَتْهُمْ كُلُّ آيَةٍ حَتَّىٰ يَرَوُا الْعَذَابَ الْأَلِيمَ
Шайга массо а делил деъча а‚ шайна лазош долу Ӏазап галлац
10:97 -
فَلَوْلَا كَانَتْ قَرْيَةٌ آمَنَتْ فَنَفَعَهَا إِيمَانُهَا إِلَّا قَوْمَ يُونُسَ لَمَّا آمَنُوا كَشَفْنَا عَنْهُمْ عَذَابَ الْخِزْيِ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَمَتَّعْنَاهُمْ إِلَىٰ حِينٍ
/Оха хӀаллакйинчу яртех/ цхьа а юрт хиллий шена /Ӏазап гиначул тӀаьхьа/ ийман диллича – цу иймано шен пайда бина, деккъа Юнусан /юьртан/ къам бен? Оха дайдира царах дуьненан дахарехь сийсазаллин Ӏазап‚ бахам белира царна цхьана ханна
10:98 -
وَلَوْ شَاءَ رَبُّكَ لَآمَنَ مَنْ فِي الْأَرْضِ كُلُّهُمْ جَمِيعًا ۚ أَفَأَنْتَ تُكْرِهُ النَّاسَ حَتَّىٰ يَكُونُوا مُؤْمِنِينَ
Хьан Кхиош-Кхобучунна лиънехьара, ийман диллина хир дара массо а лаьттахь мел волчо. Ткъа хьоьга ийман диллийталур дарий нахе /царна ца луушехь/?
10:99
Гочдар: Магомед Магомедов