Сурат 10 Юнус, аят 90 – 92
-
وَجَاوَزْنَا بِبَنِي إِسْرَائِيلَ الْبَحْرَ فَأَتْبَعَهُمْ فِرْعَوْنُ وَجُنُودُهُ بَغْيًا وَعَدْوًا ۖ حَتَّىٰ إِذَا أَدْرَكَهُ الْغَرَقُ قَالَ آمَنْتُ أَنَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا الَّذِي آمَنَتْ بِهِ بَنُو إِسْرَائِيلَ وَأَنَا مِنَ الْمُسْلِمِينَ
Оха хIорда дехьа бехира Исраилан кIентий. Царна тIаьхьа бевлира ФирIавн а‚ цуьнан бIо а хьогIаций‚ мостагIаллиций. /ХIорда/ бухавахар шена ткхиъча‚ цо (ФирIавна ша хьорда буха воьдуш) элира: 'Со тийши кхин Дела цахиларх, Шех Исраилан кIентий тешнарг бен‚ со муьтIахь болчарах (бусалба нахах) ву-кх'
10:90 -
آلْآنَ وَقَدْ عَصَيْتَ قَبْلُ وَكُنْتَ مِنَ الْمُفْسِدِينَ
ХIинций? Хьалха-м Iесалла ма йира ахь‚ хьо ма хилира /нах Делан динах/ талхочарах
10:91 -
فَالْيَوْمَ نُنَجِّيكَ بِبَدَنِكَ لِتَكُونَ لِمَنْ خَلْفَكَ آيَةً ۚ وَإِنَّ كَثِيرًا مِنَ النَّاسِ عَنْ آيَاتِنَا لَغَافِلُونَ
Тахана Оха кIелхьарвоккхур ву хьо хьайн дегIаца хьол тIаьхьа богIучарна делил хилийтархьама. Баккъалла а, нахах дукхаберш Тхан аятех гIопал ма бу
10:92
Гочдар: Магомед Магомедов