Сурат 10 Юнус, аят 93 – 103

  1. وَلَقَدْ بَوَّأْنَا بَنِي إِسْرَائِيلَ مُبَوَّأَ صِدْقٍ وَرَزَقْنَاهُمْ مِنَ الطَّيِّبَاتِ فَمَا اخْتَلَفُوا حَتَّىٰ جَاءَهُمُ الْعِلْمُ ۚ إِنَّ رَبَّكَ يَقْضِي بَيْنَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فِيمَا كَانُوا فِيهِ يَخْتَلِفُونَ

    Оха охьаховшийра Исраилан кӀентий /бāха/ тоьлаш йолччу меттиге‚ цӀенчух рицкъ а делира царна‚ /дин бахьанехь/ хилпало ца йуьйжира царна юкъа шайга Ӏилма кхаччалц. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучо кхиэл йийр ю царна юккъехь къематдийнахь уьш шеца хилпало еш хиллачохь

    10:93
  2. فَإِنْ كُنْتَ فِي شَكٍّ مِمَّا أَنْزَلْنَا إِلَيْكَ فَاسْأَلِ الَّذِينَ يَقْرَءُونَ الْكِتَابَ مِنْ قَبْلِكَ ۚ لَقَدْ جَاءَكَ الْحَقُّ مِنْ رَبِّكَ فَلَا تَكُونَنَّ مِنَ الْمُمْتَرِينَ

    Хьуо шеко йолуш хилахь Оха хьайга доссийначух‚ ахь хаттал хьайл хьалха жайна доьшуш болчаьрга. Хьоьга деана хьан Кхиош-Кхобучуьнгара бакъдерг‚ хьо хиланне а ма хилалахь шеко ечарах

    10:94
  3. وَلَا تَكُونَنَّ مِنَ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِ اللَّهِ فَتَكُونَ مِنَ الْخَاسِرِينَ

    Хьо хиланне а ма хилалахь Делан аяташ харцдеш болчарах – тӀаккха хьо хир ву эшначарах

    10:95
  4. إِنَّ الَّذِينَ حَقَّتْ عَلَيْهِمْ كَلِمَتُ رَبِّكَ لَا يُؤْمِنُونَ

    Баккъалла а, шайна тӀехь хьан Кхиош-Кхобучун дош бакъ хилларш тешар бац

    10:96
  5. وَلَوْ جَاءَتْهُمْ كُلُّ آيَةٍ حَتَّىٰ يَرَوُا الْعَذَابَ الْأَلِيمَ

    Шайга массо а делил деъча а‚ шайна лазош долу Ӏазап галлац

    10:97
  6. فَلَوْلَا كَانَتْ قَرْيَةٌ آمَنَتْ فَنَفَعَهَا إِيمَانُهَا إِلَّا قَوْمَ يُونُسَ لَمَّا آمَنُوا كَشَفْنَا عَنْهُمْ عَذَابَ الْخِزْيِ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَمَتَّعْنَاهُمْ إِلَىٰ حِينٍ

    /Оха хӀаллакйинчу яртех/ цхьа а юрт хиллий шена /Ӏазап гиначул тӀаьхьа/ ийман диллича – цу иймано шен пайда бина, деккъа Юнусан /юьртан/ къам бен? Оха дайдира царах дуьненан дахарехь сийсазаллин Ӏазап‚ бахам белира царна цхьана ханна

    10:98
  7. وَلَوْ شَاءَ رَبُّكَ لَآمَنَ مَنْ فِي الْأَرْضِ كُلُّهُمْ جَمِيعًا ۚ أَفَأَنْتَ تُكْرِهُ النَّاسَ حَتَّىٰ يَكُونُوا مُؤْمِنِينَ

    Хьан Кхиош-Кхобучунна лиънехьара, ийман диллина хир дара массо а лаьттахь мел волчо. Ткъа хьоьга ийман диллийталур дарий нахе /царна ца луушехь/?

    10:99
  8. وَمَا كَانَ لِنَفْسٍ أَنْ تُؤْمِنَ إِلَّا بِإِذْنِ اللَّهِ ۚ وَيَجْعَلُ الرِّجْسَ عَلَى الَّذِينَ لَا يَعْقِلُونَ

    Ца хилла синна (адамна) ийман диллар Делан пурбанца а бен. Ойла ца еш болчарна рижс (таар) хуьлуьйту Цо

    10:100
  9. قُلِ انْظُرُوا مَاذَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَمَا تُغْنِي الْآيَاتُ وَالنُّذُرُ عَنْ قَوْمٍ لَا يُؤْمِنُونَ

    Ахь āла /цу хьайга Дела цхьаъ хиларан делилаш гайта бохучу мушрикашка/: 'Хьовсал! ХӀун ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а?/мел дукха Дела цхьаъ хиларан делилаш ду цигахь – малх, бутт...!/ Хьалхадоккхур ма дац /Ӏазапах/ аяташа а‚ кхерамаш туьйсучара а тешаш доцу къам'

    10:101
  10. فَهَلْ يَنْتَظِرُونَ إِلَّا مِثْلَ أَيَّامِ الَّذِينَ خَلَوْا مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ قُلْ فَانْتَظِرُوا إِنِّي مَعَكُمْ مِنَ الْمُنْتَظِرِينَ

    Уьш хьовсур буй шайл хьалха баханчеран деношка санна а бен? Ахь āла: 'Хьовса‚ со а шуьца цхьана хьовсучарах ву'

    10:102
  11. ثُمَّ نُنَجِّي رُسُلَنَا وَالَّذِينَ آمَنُوا ۚ كَذَٰلِكَ حَقًّا عَلَيْنَا نُنْجِ الْمُؤْمِنِينَ

    ТӀаккха Оха кӀелхьарбохур бу Тхайн элчанаш а‚ ийман диллинарш а. Иштта хьакъ хилла Тхуна: Оха кӀелхьарбохур бу муъмин нах

    10:103

Гочдар: Магомед Магомедов