Сурат 11 ХӀуд, аят 1 – 8
-
الر ۚ كِتَابٌ أُحْكِمَتْ آيَاتُهُ ثُمَّ فُصِّلَتْ مِنْ لَدُنْ حَكِيمٍ خَبِيرٍ
Алиф-лам-ра. Шен аяташа хьукма /нийса/ деш долу‚ тккха /уьш хаза/ къастош долу жайна (Къуръан) ду /хра/ - Ша хьукма /нийса/ деш а, сов дика хууш а волчуьнгара (Делера)
11:1 -
أَلَّا تَعْبُدُوا إِلَّا اللَّهَ ۚ إِنَّنِي لَكُمْ مِنْهُ نَذِيرٌ وَبَشِيرٌ
Аш Ӏибадат цадархьама /цхьана/ Далла а бен. 'Баккъалла а, со шуна Цуьнгара кхерамча а‚ хаамча а ву‚ аьлла
11:2 -
وَأَنِ اسْتَغْفِرُوا رَبَّكُمْ ثُمَّ تُوبُوا إِلَيْهِ يُمَتِّعْكُمْ مَتَاعًا حَسَنًا إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى وَيُؤْتِ كُلَّ ذِي فَضْلٍ فَضْلَهُ ۖ وَإِنْ تَوَلَّوْا فَإِنِّي أَخَافُ عَلَيْكُمْ عَذَابَ يَوْمٍ كَبِيرٍ
Аш шайн Кхиош-Кхобучуьнга гечдар дехархьама‚ тӀаккха аш тōба де Цуьнга – Цо шуна хаза бахам лур бу цӀетоьхна (билгалъяккхина) хан тӀекхаччалц‚ хр хьакъ долчунна шена дог хьакъ а длур ду. Шу юхадовлахь – со кхоьру шуна доккхачу /къемат/дийнан Ӏазапах
11:3 -
إِلَى اللَّهِ مَرْجِعُكُمْ ۖ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Деле ду шун дӀадерзар. И массо а хӀуманна тӀехь ницкъ болуш ву'
11:4 -
أَلَا إِنَّهُمْ يَثْنُونَ صُدُورَهُمْ لِيَسْتَخْفُوا مِنْهُ ۚ أَلَا حِينَ يَسْتَغْشُونَ ثِيَابَهُمْ يَعْلَمُ مَا يُسِرُّونَ وَمَا يُعْلِنُونَ ۚ إِنَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ
Хьажахь! Баккъалла а, уьш бац шайн дегнаш къуьйлуш Цунах хьулдархьама. Хьажахь! Ткъа цара шайн бедар тӀеюхуш Цунна ца хаьа цара къайладоккхург а‚ цара дӀахьедийриг а? Баккъалла а, И хууш ма ву дегнашкахь дерг
11:5 -
وَمَا مِنْ دَابَّةٍ فِي الْأَرْضِ إِلَّا عَلَى اللَّهِ رِزْقُهَا وَيَعْلَمُ مُسْتَقَرَّهَا وَمُسْتَوْدَعَهَا ۚ كُلٌّ فِي كِتَابٍ مُبِينٍ
Цхьа а дийнат дац лаьттахь Далла тӀехь шен рицкъ долуш бен‚ Цунна хаьа церан латтам а‚ церан дӀагӀойла а, – массо а билгалчу /Лавхь махьфуз/ жайна чохь ду
11:6 -
وَهُوَ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ فِي سِتَّةِ أَيَّامٍ وَكَانَ عَرْشُهُ عَلَى الْمَاءِ لِيَبْلُوَكُمْ أَيُّكُمْ أَحْسَنُ عَمَلًا ۗ وَلَئِنْ قُلْتَ إِنَّكُمْ مَبْعُوثُونَ مِنْ بَعْدِ الْمَوْتِ لَيَقُولَنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا إِنْ هَٰذَا إِلَّا سِحْرٌ مُبِينٌ
И ву Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а ялх дийнахь, Цуьнан Ӏарш хина тӀехь яра‚ шу зерхьама‚ муьлха ву-те шух Ӏамалца вуно а диканиг. Ахь аьлча: 'Баккъалла а, шу дендийр долуш ду деллачул тӀаьхьа'‚ керстанаша аллане а эр ма ду: 'Иза-м билггала бозбуунчалла ма дуй!'
11:7 -
وَلَئِنْ أَخَّرْنَا عَنْهُمُ الْعَذَابَ إِلَىٰ أُمَّةٍ مَعْدُودَةٍ لَيَقُولُنَّ مَا يَحْبِسُهُ ۗ أَلَا يَوْمَ يَأْتِيهِمْ لَيْسَ مَصْرُوفًا عَنْهُمْ وَحَاقَ بِهِمْ مَا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ
Оха царах Ӏазап тӀаьхьатеттича цхьа ягарйинчу ханна‚ цара аллане а эр ма ду: 'Стено сацийна и (Ӏазап)?' Хьажал! Ткъа и цаьрга деъначу дийнахь царах дӀатилар ма дац! Уьш шех ца бēшаш хилларг царах дӀа ма хьаьрчира
11:8
Гочдар: Магомед Магомедов