Сурат 11 ХӀуд, аят 110 – 123

  1. وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ فَاخْتُلِفَ فِيهِ ۚ وَلَوْلَا كَلِمَةٌ سَبَقَتْ مِنْ رَبِّكَ لَقُضِيَ بَيْنَهُمْ ۚ وَإِنَّهُمْ لَفِي شَكٍّ مِنْهُ مُرِيبٍ

    Мусага жайна делира Оха‚ цу чохь а хилпалонаш хилира церан. Хьан Кхиош-Кхобучуьнгара дош хьалха ца даьллехьара, царна юккъехь кхиэл йина хир яра. Баккъалла а, уьш оцунах чгчу шеконехь ма бу

    11:110
  2. وَإِنَّ كُلًّا لَمَّا لَيُوَفِّيَنَّهُمْ رَبُّكَ أَعْمَالَهُمْ ۚ إِنَّهُ بِمَا يَعْمَلُونَ خَبِيرٌ

    Баккъалла а, хӀоранна хьан Кхиош-Кхобучо бекхам бийр ма бу шен Ӏамалашка хьаьжжина. Баккъалла а, Иза цара дийриг дика хууш верг ву

    11:111
  3. فَاسْتَقِمْ كَمَا أُمِرْتَ وَمَنْ تَابَ مَعَكَ وَلَا تَطْغَوْا ۚ إِنَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ

    Нисло‚ хьайга омра ма- дди‚ хьо а, хьоьца цхьана ша тōба динарг а‚ /Делан дозанех/ тӀех ма довла. Баккъалла а, Иза аш дийриг гуш ма ву

    11:112
  4. وَلَا تَرْكَنُوا إِلَى الَّذِينَ ظَلَمُوا فَتَمَسَّكُمُ النَّارُ وَمَا لَكُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ مِنْ أَوْلِيَاءَ ثُمَّ لَا تُنْصَرُونَ

    Зулам диначарна тӀе ма тийжа – /жоьжахатин/ цӀаро схьалоцур ду шу‚ Дела воцург доладийраш бац шуна‚ тӀаккха шуна гӀо дийр дац

    11:113
  5. وَأَقِمِ الصَّلَاةَ طَرَفَيِ النَّهَارِ وَزُلَفًا مِنَ اللَّيْلِ ۚ إِنَّ الْحَسَنَاتِ يُذْهِبْنَ السَّيِّئَاتِ ۚ ذَٰلِكَ ذِكْرَىٰ لِلذَّاكِرِينَ

    Ламаз хӀоттаде дийнан шина юьхьехь /ьйранна а, суьйранна а/‚ буьйсанах цхьадолчу сахьташкахь а. Баккъалла а, дикчу Ӏамалша дӀайоху вон Ӏамалш. Иза – дагадаийтар ду дагадоуьйтучарна

    11:114
  6. وَاصْبِرْ فَإِنَّ اللَّهَ لَا يُضِيعُ أَجْرَ الْمُحْسِنِينَ

    Собар де‚ баккъалла а, Дала эша ца йо дика Ӏамалш ечеран ял

    11:115
  7. فَلَوْلَا كَانَ مِنَ الْقُرُونِ مِنْ قَبْلِكُمْ أُولُو بَقِيَّةٍ يَنْهَوْنَ عَنِ الْفَسَادِ فِي الْأَرْضِ إِلَّا قَلِيلًا مِمَّنْ أَنْجَيْنَا مِنْهُمْ ۗ وَاتَّبَعَ الَّذِينَ ظَلَمُوا مَا أُتْرِفُوا فِيهِ وَكَانُوا مُجْرِمِينَ

    Хиллехьара-кха шул хьалха хиллачу тӀаьхьенах бухадуьсучун дай‚ шаьш /нах/ духатухуш лаьттахь дечу буьйхачух. Оха шаьш царах кӀелхьарбаьхначарах цхьа кӀеззиг берш бен бацара-кха уьш. Зулам динарш тӀаьхьабезира шайна делла хиллачу /хазчу/ хьолана‚ уьш хилира къинош деш берш

    11:116
  8. وَمَا كَانَ رَبُّكَ لِيُهْلِكَ الْقُرَىٰ بِظُلْمٍ وَأَهْلُهَا مُصْلِحُونَ

    Хьан Кхиош-Кхобург ца хилира зуламца ярташ хӀаллакьеш, церан бахархой дика Ӏамалш еш а болуш

    11:117
  9. وَلَوْ شَاءَ رَبُّكَ لَجَعَلَ النَّاسَ أُمَّةً وَاحِدَةً ۖ وَلَا يَزَالُونَ مُخْتَلِفِينَ

    Хьан Кхиош-Кхобучунна лиънехьара‚ нах цхьана /бусалба/ умматах хилийтина хир бара Цо. Уьш (дукха болу нах) дӀа ца туьлу /бусалба динна/ хилпало ечарах

    11:118
  10. إِلَّا مَنْ رَحِمَ رَبُّكَ ۚ وَلِذَٰلِكَ خَلَقَهُمْ ۗ وَتَمَّتْ كَلِمَةُ رَبِّكَ لَأَمْلَأَنَّ جَهَنَّمَ مِنَ الْجِنَّةِ وَالنَّاسِ أَجْمَعِينَ

    Хьан Кхиош-Кхобучо шайх къинхетам бинарш бен. Оцуьнан (къинхетаман) дуьхьа Цо уьш кхоьллина. Кхочушхили хьан Кхиош-Кхобучун дош: ' Юзур ма ю Ас жоьжахати /шайтнна тьхьахттинчу/ жинех а‚ нахах- массарех а'‚ аьлла долу

    11:119
  11. وَكُلًّا نَقُصُّ عَلَيْكَ مِنْ أَنْبَاءِ الرُّسُلِ مَا نُثَبِّتُ بِهِ فُؤَادَكَ ۚ وَجَاءَكَ فِي هَٰذِهِ الْحَقُّ وَمَوْعِظَةٌ وَذِكْرَىٰ لِلْمُؤْمِنِينَ

    Дерриг а дуьйцу Оха хьоьга элчанийн хабарех хьан дог шеца Оха чӀагӀдеш дерг. Цу чохь деана хьоьга бакъдерг а‚ хьехам а‚ муъмин нахана дагадаийтар а

    11:120
  12. وَقُلْ لِلَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ اعْمَلُوا عَلَىٰ مَكَانَتِكُمْ إِنَّا عَامِلُونَ

    Ахь āла цатешачаьрга: ' Аш е шайн мал шайна ма хеттара, Оха а йийр ю /тхешан мал тхайна ма хеттара/

    11:121
  13. وَانْتَظِرُوا إِنَّا مُنْتَظِرُونَ

    Хьовса‚ тхо а хьовсур ду!

    11:122
  14. وَلِلَّهِ غَيْبُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَإِلَيْهِ يُرْجَعُ الْأَمْرُ كُلُّهُ فَاعْبُدْهُ وَتَوَكَّلْ عَلَيْهِ ۚ وَمَا رَبُّكَ بِغَافِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ

    Делан ю стигланийн а‚ лаьттан а къайле. Цуьнга дӀадоьрзу массо а гӀуллакх‚ Цунна Ӏибадат де‚ Цунна тӀетовжа. Хьан Кхиош-Кхобург тергал ца деш вац аш дийриг

    11:123

Гочдар: Магомед Магомедов