Сурат 11 ХӀуд, аят 25 – 35
-
وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا نُوحًا إِلَىٰ قَوْمِهِ إِنِّي لَكُمْ نَذِيرٌ مُبِينٌ
Оха Нухь вахийтира шен къомана тӀе: 'Баккъалла а, со шуна билггала кхерамча ву‚ аьлла
11:25 -
أَنْ لَا تَعْبُدُوا إِلَّا اللَّهَ ۖ إِنِّي أَخَافُ عَلَيْكُمْ عَذَابَ يَوْمٍ أَلِيمٍ
/Цхьанна /Далла бен аш Ӏибадат цадайтархьама‚ баккъалла а, со кхоьру шуна лазош долчу дийнан Ӏазапах'‚ аьлла
11:26 -
فَقَالَ الْمَلَأُ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ قَوْمِهِ مَا نَرَاكَ إِلَّا بَشَرًا مِثْلَنَا وَمَا نَرَاكَ اتَّبَعَكَ إِلَّا الَّذِينَ هُمْ أَرَاذِلُنَا بَادِيَ الرَّأْيِ وَمَا نَرَىٰ لَكُمْ عَلَيْنَا مِنْ فَضْلٍ بَلْ نَظُنُّكُمْ كَاذِبِينَ
Цуьнан къомах цатешначеран элаша элира: 'Тхуна-м ца го хьо, тхаьш санна, адам бен‚ тхуна ца го, шаьш ойла а ца еш, хьуна тӀаьхьахӀиттинарш, тхох уггар сийсаза берш бен‚ тхуна ца го шун тхаьшна тӀехь цхьа а дозалла‚ хӀетте а, тхуна хета шу харцлуьйш дерш'
11:27 -
قَالَ يَا قَوْمِ أَرَأَيْتُمْ إِنْ كُنْتُ عَلَىٰ بَيِّنَةٍ مِنْ رَبِّي وَآتَانِي رَحْمَةً مِنْ عِنْدِهِ فَعُمِّيَتْ عَلَيْكُمْ أَنُلْزِمُكُمُوهَا وَأَنْتُمْ لَهَا كَارِهُونَ
Цо (Нухьас) элира: 'ХӀай сан къам‚ гой шуна, со хилча сайн Кхиош-Кхобучуьнгара билгалонна тӀехь‚ Цо Шегара къинхетам а белча суна‚ ткъа шу цуьнца бӀаьрзе хилча, оха шуна тӀедуьллур ду иза, шуна ца луушехь? (Тхан ницкъ кхочур бац шуьга нуьцкъах дин тӀелацийта)
11:28 -
وَيَا قَوْمِ لَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ مَالًا ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَى اللَّهِ ۚ وَمَا أَنَا بِطَارِدِ الَّذِينَ آمَنُوا ۚ إِنَّهُمْ مُلَاقُو رَبِّهِمْ وَلَٰكِنِّي أَرَاكُمْ قَوْمًا تَجْهَلُونَ
ХӀай сан къам! Ас шуьга цунна тӀехь бāхам ца боьху‚ сан ял Далла тӀехь а бен яц‚ со вац къахкор болуш ийман диллинарш. Баккъалла а, уьш дуьхьалкхетар болуш бу шайн Кхиош-Кхобучунна‚ делахь а, суна шу хета ца кхеташ къам
11:29 -
وَيَا قَوْمِ مَنْ يَنْصُرُنِي مِنَ اللَّهِ إِنْ طَرَدْتُهُمْ ۚ أَفَلَا تَذَكَّرُونَ
ХӀай сан къам! Хьан ларвийр вара со Делах, ас уьш къахкийча? Аш ойла ца йо?
11:30 -
وَلَا أَقُولُ لَكُمْ عِنْدِي خَزَائِنُ اللَّهِ وَلَا أَعْلَمُ الْغَيْبَ وَلَا أَقُولُ إِنِّي مَلَكٌ وَلَا أَقُولُ لِلَّذِينَ تَزْدَرِي أَعْيُنُكُمْ لَنْ يُؤْتِيَهُمُ اللَّهُ خَيْرًا ۖ اللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا فِي أَنْفُسِهِمْ ۖ إِنِّي إِذًا لَمِنَ الظَّالِمِينَ
Ас шуьга ца боху: 'Соьгахь Делан хазнаш ю'‚ хьуламехь дерг а ца хаьа суна; ас ца боху: 'Со малик ду'‚ ас ца олу шун бӀаьргаш шайх ца бешачарах: 'Дала диканиг лур дац царна'. Далла дика хаьа цаьргахь дерг – иза дича, со хир вара, баккъалла а, зуламхойх'
11:31 -
قَالُوا يَا نُوحُ قَدْ جَادَلْتَنَا فَأَكْثَرْتَ جِدَالَنَا فَأْتِنَا بِمَا تَعِدُنَا إِنْ كُنْتَ مِنَ الصَّادِقِينَ
Цара элира: 'ХӀай Нухь‚ тхоьца къийси ахь‚ тхан къийсам а алсамбаьккхи ахь‚ даийта тхуна айхьа тхуна хир ду аьлларг‚ хьо бакълуьйчарах хиллехь'
11:32 -
قَالَ إِنَّمَا يَأْتِيكُمْ بِهِ اللَّهُ إِنْ شَاءَ وَمَا أَنْتُمْ بِمُعْجِزِينَ
Цо элира: 'И шуна доуьйтур ду Дала, Шена лаахь‚ шун ницкъ кхочур бац /и Ӏазап духатоха/
11:33 -
وَلَا يَنْفَعُكُمْ نُصْحِي إِنْ أَرَدْتُ أَنْ أَنْصَحَ لَكُمْ إِنْ كَانَ اللَّهُ يُرِيدُ أَنْ يُغْوِيَكُمْ ۚ هُوَ رَبُّكُمْ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
Сан хьехамо а шуна пайда бийр бац‚ суна шуна хьехам бан лиъча а, Дела лууш хиллехь шу тилдала дита. И ву шу Кхиош-кхобург‚ Цуьнга шу дӀадерзор долуш а ду'
11:34 -
أَمْ يَقُولُونَ افْتَرَاهُ ۖ قُلْ إِنِ افْتَرَيْتُهُ فَعَلَيَّ إِجْرَامِي وَأَنَا بَرِيءٌ مِمَّا تُجْرِمُونَ
Я цара олу: 'И цо ша кхоьллина'. Ахьа āла: 'Нагахь и айса кхоьллинехь – суна тӀехь ду-кх сайн къинош‚ со цӀена ву-кх аш дечу къинойх'
11:35
Гочдар: Магомед Магомедов