Сурат 11 ХӀуд, аят 36 – 49

  1. وَأُوحِيَ إِلَىٰ نُوحٍ أَنَّهُ لَنْ يُؤْمِنَ مِنْ قَوْمِكَ إِلَّا مَنْ قَدْ آمَنَ فَلَا تَبْتَئِسْ بِمَا كَانُوا يَفْعَلُونَ

    Нухье ваьхьица хаам бира‚ хьан къомах цхьаммо а ийман дуьллур дац хьуна‚ шаьш хӀинцале ийман диллинчара а бен‚ хьо гӀайгӀане ма вожалахь цара деш хилларг бахьанехь

    11:36
  2. وَاصْنَعِ الْفُلْكَ بِأَعْيُنِنَا وَوَحْيِنَا وَلَا تُخَاطِبْنِي فِي الَّذِينَ ظَلَمُوا ۚ إِنَّهُمْ مُغْرَقُونَ

    Кема де Тхан тергамца а‚ Тхан ваьхьица а‚ къамел ма делахь Соьга зулам диначарах лаций‚ баккъалла, уьш хи буха бохуьйтур болуш бу

    11:37
  3. وَيَصْنَعُ الْفُلْكَ وَكُلَّمَا مَرَّ عَلَيْهِ مَلَأٌ مِنْ قَوْمِهِ سَخِرُوا مِنْهُ ۚ قَالَ إِنْ تَسْخَرُوا مِنَّا فَإِنَّا نَسْخَرُ مِنْكُمْ كَمَا تَسْخَرُونَ

    Цо кема дора‚ Цуьнан къоман элий, шаьш уллохула чекх моссазза бовлу, цунах боьлура. Цо элира: 'Шу тхох доьлу‚ тьхьа тхо шух доьлур ду, шу деларе терра

    11:38
  4. فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ مَنْ يَأْتِيهِ عَذَابٌ يُخْزِيهِ وَيَحِلُّ عَلَيْهِ عَذَابٌ مُقِيمٌ

    ТӀаьхьа хуур ду шуна‚ хьанна тӀе Ӏазап догӀур ду‚ цо ша сийсазвеш долу‚ /гуттар/ лаьтта долу Ӏазап шех хьаьрча дерг мила ву'

    11:39
  5. حَتَّىٰ إِذَا جَاءَ أَمْرُنَا وَفَارَ التَّنُّورُ قُلْنَا احْمِلْ فِيهَا مِنْ كُلٍّ زَوْجَيْنِ اثْنَيْنِ وَأَهْلَكَ إِلَّا مَنْ سَبَقَ عَلَيْهِ الْقَوْلُ وَمَنْ آمَنَ ۚ وَمَا آمَنَ مَعَهُ إِلَّا قَلِيلٌ

    Тхан омра деъча, пеш кхехка йолаелча‚ Оха элира: 'Цунна т- хаае хӀор /дийнатах/ шишша‚ хьан доьзалх а шена тӀехь дош хьалхадаьлларг воцург‚ /массо а/ ийман диллинарг а. Ийман ца диллира цуьнца кӀеззигчара бен

    11:40
  6. وَقَالَ ارْكَبُوا فِيهَا بِسْمِ اللَّهِ مَجْرَاهَا وَمُرْسَاهَا ۚ إِنَّ رَبِّي لَغَفُورٌ رَحِيمٌ

    Цо (Нухьас) элира: 'ТӀеховша цунна‚ Делан цӀарца ду цуьнан лелар а‚ сацар а. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву'

    11:41
  7. وَهِيَ تَجْرِي بِهِمْ فِي مَوْجٍ كَالْجِبَالِ وَنَادَىٰ نُوحٌ ابْنَهُ وَكَانَ فِي مَعْزِلٍ يَا بُنَيَّ ارْكَبْ مَعَنَا وَلَا تَكُنْ مَعَ الْكَافِرِينَ

    И (кема) лелара цаьрца тулгӀенашкахь,шаьш лаьмнаш санна йолчу. Нухьас кхайкхира шен кӀанте‚ и вара юьстах лаьтташ: 'ХӀай сан кӀанталг! ТӀе хаа тхоьца‚ ма хила керстанашца'

    11:42
  8. قَالَ سَآوِي إِلَىٰ جَبَلٍ يَعْصِمُنِي مِنَ الْمَاءِ ۚ قَالَ لَا عَاصِمَ الْيَوْمَ مِنْ أَمْرِ اللَّهِ إِلَّا مَنْ رَحِمَ ۚ وَحَالَ بَيْنَهُمَا الْمَوْجُ فَكَانَ مِنَ الْمُغْرَقِينَ

    Цо элира: 'Ас клхьарвалар лохур ду ламана тхь– цо ларвийр ву со хих'. Цо (Нухьас) элира: 'Тахана цхьаммо а ларвийр вац Делан омрах, Цо шех къинхетам бинарг бен'. Цу шинна юккъе тулгӀе хьаьвзира – иза хина бухабаханчарах хилира

    11:43
  9. وَقِيلَ يَا أَرْضُ ابْلَعِي مَاءَكِ وَيَا سَمَاءُ أَقْلِعِي وَغِيضَ الْمَاءُ وَقُضِيَ الْأَمْرُ وَاسْتَوَتْ عَلَى الْجُودِيِّ ۖ وَقِيلَ بُعْدًا لِلْقَوْمِ الظَّالِمِينَ

    Элира: 'ХӀай латта! Дхудал хьайн хи‚ ва хӀай стигал! ДӀасацаде /догӀа/. Хи дӀаделира‚ /Делан/ омра кхочушхилира. И сецира Джудияхь. Элира: 'Декъаза хуьлда зуламе къам'

    11:44
  10. وَنَادَىٰ نُوحٌ رَبَّهُ فَقَالَ رَبِّ إِنَّ ابْنِي مِنْ أَهْلِي وَإِنَّ وَعْدَكَ الْحَقُّ وَأَنْتَ أَحْكَمُ الْحَاكِمِينَ

    Нухьа кхайкхира шен Кхиош-Кхобучуьнга‚ элира /цо/: 'Сан Кхиош-Кхобург! И сан кӀант сан доьзалх ма ву‚ Хьан ваӀда бакъ ма ю‚ Хьо хьукма дечарах уггар хьукма /нийса/ деш верг а ма ву!'

    11:45
  11. قَالَ يَا نُوحُ إِنَّهُ لَيْسَ مِنْ أَهْلِكَ ۖ إِنَّهُ عَمَلٌ غَيْرُ صَالِحٍ ۖ فَلَا تَسْأَلْنِ مَا لَيْسَ لَكَ بِهِ عِلْمٌ ۖ إِنِّي أَعِظُكَ أَنْ تَكُونَ مِنَ الْجَاهِلِينَ

    Элира /Дала/: 'ХӀай Нухь! И хьан доьзалх вац. Иза ву /шен/ мал дика йоцург. Соьга ма деха шегахь хьан Ӏилма доцург. Ас хьехам бо хьуна хьо ца хилийта цахуучарах'

    11:46
  12. قَالَ رَبِّ إِنِّي أَعُوذُ بِكَ أَنْ أَسْأَلَكَ مَا لَيْسَ لِي بِهِ عِلْمٌ ۖ وَإِلَّا تَغْفِرْ لِي وَتَرْحَمْنِي أَكُنْ مِنَ الْخَاسِرِينَ

    Цо элира: 'Сан Кхиош-Кхобург! Со Хьоьца ларло сайна Ӏилма шеца доцург Хьоьга дехарх. Ахь суна геч ца дахь‚ сох къинхетам ца бахь – со хир ву-кх эшначарах'

    11:47
  13. قِيلَ يَا نُوحُ اهْبِطْ بِسَلَامٍ مِنَّا وَبَرَكَاتٍ عَلَيْكَ وَعَلَىٰ أُمَمٍ مِمَّنْ مَعَكَ ۚ وَأُمَمٌ سَنُمَتِّعُهُمْ ثُمَّ يَمَسُّهُمْ مِنَّا عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Аьллера: 'ХӀай Нухь! Охьавосса Тхоьгара кхерамазаллица а‚ беркатца а хьайна а‚ хьайца цхьаьна /кемана тхь/ хиллачу умматашна а. Оха шайна тӀаьхьа бахам а лур болуш /цхьа кхин умматаш хир ду/‚ тӀаккха Тхоьгара лазош долчу Ӏазапо схьалоцур бу уьш'

    11:48
  14. تِلْكَ مِنْ أَنْبَاءِ الْغَيْبِ نُوحِيهَا إِلَيْكَ ۖ مَا كُنْتَ تَعْلَمُهَا أَنْتَ وَلَا قَوْمُكَ مِنْ قَبْلِ هَٰذَا ۖ فَاصْبِرْ ۖ إِنَّ الْعَاقِبَةَ لِلْمُتَّقِينَ

    Уьш къайленан дийцарш ду‚ Оха хьоьга дуьйцуш долу ваьхьашца. Уьш хууш вацара хьо а /хӀай Мухьаммад/‚ хьан къам а хӀокхул хьалха. Собар де ахь. Баккъалла а, тӀаьхье /Делах/ кхоьручарна ю

    11:49

Гочдар: Магомед Магомедов