Сурат 11 ХӀуд, аят 40 – 44

  1. حَتَّىٰ إِذَا جَاءَ أَمْرُنَا وَفَارَ التَّنُّورُ قُلْنَا احْمِلْ فِيهَا مِنْ كُلٍّ زَوْجَيْنِ اثْنَيْنِ وَأَهْلَكَ إِلَّا مَنْ سَبَقَ عَلَيْهِ الْقَوْلُ وَمَنْ آمَنَ ۚ وَمَا آمَنَ مَعَهُ إِلَّا قَلِيلٌ

    Тхан омра деъча, пеш кхехка йолаелча‚ Оха элира: 'Цунна т- хаае хӀор /дийнатах/ шишша‚ хьан доьзалх а шена тӀехь дош хьалхадаьлларг воцург‚ /массо а/ ийман диллинарг а. Ийман ца диллира цуьнца кӀеззигчара бен

    11:40
  2. وَقَالَ ارْكَبُوا فِيهَا بِسْمِ اللَّهِ مَجْرَاهَا وَمُرْسَاهَا ۚ إِنَّ رَبِّي لَغَفُورٌ رَحِيمٌ

    Цо (Нухьас) элира: 'ТӀеховша цунна‚ Делан цӀарца ду цуьнан лелар а‚ сацар а. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву'

    11:41
  3. وَهِيَ تَجْرِي بِهِمْ فِي مَوْجٍ كَالْجِبَالِ وَنَادَىٰ نُوحٌ ابْنَهُ وَكَانَ فِي مَعْزِلٍ يَا بُنَيَّ ارْكَبْ مَعَنَا وَلَا تَكُنْ مَعَ الْكَافِرِينَ

    И (кема) лелара цаьрца тулгӀенашкахь,шаьш лаьмнаш санна йолчу. Нухьас кхайкхира шен кӀанте‚ и вара юьстах лаьтташ: 'ХӀай сан кӀанталг! ТӀе хаа тхоьца‚ ма хила керстанашца'

    11:42
  4. قَالَ سَآوِي إِلَىٰ جَبَلٍ يَعْصِمُنِي مِنَ الْمَاءِ ۚ قَالَ لَا عَاصِمَ الْيَوْمَ مِنْ أَمْرِ اللَّهِ إِلَّا مَنْ رَحِمَ ۚ وَحَالَ بَيْنَهُمَا الْمَوْجُ فَكَانَ مِنَ الْمُغْرَقِينَ

    Цо элира: 'Ас клхьарвалар лохур ду ламана тхь– цо ларвийр ву со хих'. Цо (Нухьас) элира: 'Тахана цхьаммо а ларвийр вац Делан омрах, Цо шех къинхетам бинарг бен'. Цу шинна юккъе тулгӀе хьаьвзира – иза хина бухабаханчарах хилира

    11:43
  5. وَقِيلَ يَا أَرْضُ ابْلَعِي مَاءَكِ وَيَا سَمَاءُ أَقْلِعِي وَغِيضَ الْمَاءُ وَقُضِيَ الْأَمْرُ وَاسْتَوَتْ عَلَى الْجُودِيِّ ۖ وَقِيلَ بُعْدًا لِلْقَوْمِ الظَّالِمِينَ

    Элира: 'ХӀай латта! Дхудал хьайн хи‚ ва хӀай стигал! ДӀасацаде /догӀа/. Хи дӀаделира‚ /Делан/ омра кхочушхилира. И сецира Джудияхь. Элира: 'Декъаза хуьлда зуламе къам'

    11:44

Гочдар: Магомед Магомедов