Сурат 11 ХIуд, аят 48 – 50

  1. قِيلَ يَا نُوحُ اهْبِطْ بِسَلَامٍ مِنَّا وَبَرَكَاتٍ عَلَيْكَ وَعَلَىٰ أُمَمٍ مِمَّنْ مَعَكَ ۚ وَأُمَمٌ سَنُمَتِّعُهُمْ ثُمَّ يَمَسُّهُمْ مِنَّا عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Аьллера: 'ХIай Нухь! Охьавосса Тхоьгара кхерамазаллица а‚ беркатца а хьайна а‚ хьайца цхьаьна /кемана тхь/ хиллачу умматашна а. Оха шайна тIаьхьа бахам а лур болуш /цхьа кхин умматаш хир ду/‚ тIаккха Тхоьгара лазош долчу Iазапо схьалоцур бу уьш'

    11:48
  2. تِلْكَ مِنْ أَنْبَاءِ الْغَيْبِ نُوحِيهَا إِلَيْكَ ۖ مَا كُنْتَ تَعْلَمُهَا أَنْتَ وَلَا قَوْمُكَ مِنْ قَبْلِ هَٰذَا ۖ فَاصْبِرْ ۖ إِنَّ الْعَاقِبَةَ لِلْمُتَّقِينَ

    Уьш къайленан дийцарш ду‚ Оха хьоьга дуьйцуш долу ваьхьашца. Уьш хууш вацара хьо а /хIай Мухьаммад/‚ хьан къам а хIокхул хьалха. Собар де ахь. Баккъалла а, тIаьхье /Делах/ кхоьручарна ю

    11:49
  3. وَإِلَىٰ عَادٍ أَخَاهُمْ هُودًا ۚ قَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُوا اللَّهَ مَا لَكُمْ مِنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُ ۖ إِنْ أَنْتُمْ إِلَّا مُفْتَرُونَ

    Iадашка а церан ваша ХIуд /вахийтира Оха/. Цо элира: 'ХIай сан къам‚ Iибадат де /цхьана/ Далла – Аллахна‚ И воцург кхин дела вац шуна‚ шу ма дац харцдерг кхуллуш бен

    11:50

Гочдар: Магомед Магомедов