Сурат 11 ХIуд, аят 50 – 57
-
وَإِلَىٰ عَادٍ أَخَاهُمْ هُودًا ۚ قَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُوا اللَّهَ مَا لَكُمْ مِنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُ ۖ إِنْ أَنْتُمْ إِلَّا مُفْتَرُونَ
Iадашка а церан ваша ХIуд /вахийтира Оха/. Цо элира: 'ХIай сан къам‚ Iибадат де /цхьана/ Далла – Аллахна‚ И воцург кхин дела вац шуна‚ шу ма дац харцдерг кхуллуш бен
11:50 -
يَا قَوْمِ لَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ أَجْرًا ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَى الَّذِي فَطَرَنِي ۚ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
ХIай сан къам! Цунна тIехь шуьга сайна мах ца боьху ас. Суна мах балар Ша со кхоьллина волчунна тхь бен дац. Шу хьекъале ца хуьлу?
11:51 -
وَيَا قَوْمِ اسْتَغْفِرُوا رَبَّكُمْ ثُمَّ تُوبُوا إِلَيْهِ يُرْسِلِ السَّمَاءَ عَلَيْكُمْ مِدْرَارًا وَيَزِدْكُمْ قُوَّةً إِلَىٰ قُوَّتِكُمْ وَلَا تَتَوَلَّوْا مُجْرِمِينَ
ХIай сан къам! Гечдар дēха шайн Кхиош-Кхобучуьнга‚ тIаккха Цуьнга тōба де - Цо стигал йоуьйтур шуна шортта догIица‚ шун ницкъана тIе а ницкъаца совдохур ду Цо шу. Шу дIа ма дерзалаш къинош деш а долуш.'
11:52 -
قَالُوا يَا هُودُ مَا جِئْتَنَا بِبَيِّنَةٍ وَمَا نَحْنُ بِتَارِكِي آلِهَتِنَا عَنْ قَوْلِكَ وَمَا نَحْنُ لَكَ بِمُؤْمِنِينَ
Цара элира: 'ХIай ХIуд! Хьо ца веана тхоьга билгалонца‚ тхо ма дац тхешан деланаш дтосур болуш хьан дош бахьанехь‚ тхо хир дац хьох тешарш
11:53 -
إِنْ نَقُولُ إِلَّا اعْتَرَاكَ بَعْضُ آلِهَتِنَا بِسُوءٍ ۗ قَالَ إِنِّي أُشْهِدُ اللَّهَ وَاشْهَدُوا أَنِّي بَرِيءٌ مِمَّا تُشْرِكُونَ
Оха олу: 'Тхан цхьаболчу деланаша зулам дина хьуна'. Цо элира: 'Баккъалла а, ас Дела хIоттаво теш‚ аш тешалла де со аш /Делаца/ накъост лацарх цIена ву алий
11:54 -
مِنْ دُونِهِ ۖ فَكِيدُونِي جَمِيعًا ثُمَّ لَا تُنْظِرُونِ
И ша /Дела/ воцчух. Мекарло е суна массара а‚ ца еш тIаьхьа ма татталаш со
11:55 -
إِنِّي تَوَكَّلْتُ عَلَى اللَّهِ رَبِّي وَرَبِّكُمْ ۚ مَا مِنْ دَابَّةٍ إِلَّا هُوَ آخِذٌ بِنَاصِيَتِهَا ۚ إِنَّ رَبِّي عَلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ
Баккъалла а, со Далла тIетевжи‚ сан а‚ шун а Эла волчу. Цхьа а дийнат ма дац Цо шен кж лоцур болуш бен. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург нийсачу новкъахь ма ву (нийса бекхам беш ву)
11:56 -
فَإِنْ تَوَلَّوْا فَقَدْ أَبْلَغْتُكُمْ مَا أُرْسِلْتُ بِهِ إِلَيْكُمْ ۚ وَيَسْتَخْلِفُ رَبِّي قَوْمًا غَيْرَكُمْ وَلَا تَضُرُّونَهُ شَيْئًا ۚ إِنَّ رَبِّي عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ حَفِيظٌ
Шу духадовлахь /ас деъначух/ – ас шуьга дIакхачийна со шуьга дахьаш ваийтинарг. Сан Кхиош-кхобучо тIаьхье шу доцчу /кхечу/ къомана хуьлуьйтур ю‚ аш Цунна цхьана а хIуманца зен дийр дац. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург – массо а хIуманан лардархо ву!'
11:57
Гочдар: Магомед Магомедов