Сурат 11 ХӀуд, аят 50 – 60

  1. وَإِلَىٰ عَادٍ أَخَاهُمْ هُودًا ۚ قَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُوا اللَّهَ مَا لَكُمْ مِنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُ ۖ إِنْ أَنْتُمْ إِلَّا مُفْتَرُونَ

    Ӏадашка а церан ваша ХӀуд /вахийтира Оха/. Цо элира: 'ХӀай сан къам‚ Ӏибадат де /цхьана/ Далла – Аллахна‚ И воцург кхин дела вац шуна‚ шу ма дац харцдерг кхуллуш бен

    11:50
  2. يَا قَوْمِ لَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ أَجْرًا ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَى الَّذِي فَطَرَنِي ۚ أَفَلَا تَعْقِلُونَ

    ХӀай сан къам! Цунна тӀехь шуьга сайна мах ца боьху ас. Суна мах балар Ша со кхоьллина волчунна тхь бен дац. Шу хьекъале ца хуьлу?

    11:51
  3. وَيَا قَوْمِ اسْتَغْفِرُوا رَبَّكُمْ ثُمَّ تُوبُوا إِلَيْهِ يُرْسِلِ السَّمَاءَ عَلَيْكُمْ مِدْرَارًا وَيَزِدْكُمْ قُوَّةً إِلَىٰ قُوَّتِكُمْ وَلَا تَتَوَلَّوْا مُجْرِمِينَ

    ХӀай сан къам! Гечдар дēха шайн Кхиош-Кхобучуьнга‚ тӀаккха Цуьнга тōба де - Цо стигал йоуьйтур шуна шортта догӀица‚ шун ницкъана тӀе а ницкъаца совдохур ду Цо шу. Шу дӀа ма дерзалаш къинош деш а долуш.'

    11:52
  4. قَالُوا يَا هُودُ مَا جِئْتَنَا بِبَيِّنَةٍ وَمَا نَحْنُ بِتَارِكِي آلِهَتِنَا عَنْ قَوْلِكَ وَمَا نَحْنُ لَكَ بِمُؤْمِنِينَ

    Цара элира: 'ХӀай ХӀуд! Хьо ца веана тхоьга билгалонца‚ тхо ма дац тхешан деланаш дтосур болуш хьан дош бахьанехь‚ тхо хир дац хьох тешарш

    11:53
  5. إِنْ نَقُولُ إِلَّا اعْتَرَاكَ بَعْضُ آلِهَتِنَا بِسُوءٍ ۗ قَالَ إِنِّي أُشْهِدُ اللَّهَ وَاشْهَدُوا أَنِّي بَرِيءٌ مِمَّا تُشْرِكُونَ

    Оха олу: 'Тхан цхьаболчу деланаша зулам дина хьуна'. Цо элира: 'Баккъалла а, ас Дела хӀоттаво теш‚ аш тешалла де со аш /Делаца/ накъост лацарх цӀена ву алий

    11:54
  6. مِنْ دُونِهِ ۖ فَكِيدُونِي جَمِيعًا ثُمَّ لَا تُنْظِرُونِ

    И ша /Дела/ воцчух. Мекарло е суна массара а‚ ца еш тӀаьхьа ма татталаш со

    11:55
  7. إِنِّي تَوَكَّلْتُ عَلَى اللَّهِ رَبِّي وَرَبِّكُمْ ۚ مَا مِنْ دَابَّةٍ إِلَّا هُوَ آخِذٌ بِنَاصِيَتِهَا ۚ إِنَّ رَبِّي عَلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ

    Баккъалла а, со Далла тӀетевжи‚ сан а‚ шун а Эла волчу. Цхьа а дийнат ма дац Цо шен кж лоцур болуш бен. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург нийсачу новкъахь ма ву (нийса бекхам беш ву)

    11:56
  8. فَإِنْ تَوَلَّوْا فَقَدْ أَبْلَغْتُكُمْ مَا أُرْسِلْتُ بِهِ إِلَيْكُمْ ۚ وَيَسْتَخْلِفُ رَبِّي قَوْمًا غَيْرَكُمْ وَلَا تَضُرُّونَهُ شَيْئًا ۚ إِنَّ رَبِّي عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ حَفِيظٌ

    Шу духадовлахь /ас деъначух/ – ас шуьга дӀакхачийна со шуьга дахьаш ваийтинарг. Сан Кхиош-кхобучо тӀаьхье шу доцчу /кхечу/ къомана хуьлуьйтур ю‚ аш Цунна цхьана а хӀуманца зен дийр дац. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург – массо а хӀуманан лардархо ву!'

    11:57
  9. وَلَمَّا جَاءَ أَمْرُنَا نَجَّيْنَا هُودًا وَالَّذِينَ آمَنُوا مَعَهُ بِرَحْمَةٍ مِنَّا وَنَجَّيْنَاهُمْ مِنْ عَذَابٍ غَلِيظٍ

    Тхешан омра деъча‚ Оха кӀелхьарбехира ХӀуд а‚ цуьнца болу ийман диллина хилларш а Тхайгарчу къинхетамца. Оха уьш кӀелхьарбехира луьрачу Ӏазапах

    11:58
  10. وَتِلْكَ عَادٌ ۖ جَحَدُوا بِآيَاتِ رَبِّهِمْ وَعَصَوْا رُسُلَهُ وَاتَّبَعُوا أَمْرَ كُلِّ جَبَّارٍ عَنِيدٍ

    Вуьйш Ӏадаш бу – шайн Кхиош-Кхобучун аяташна инкарло йира цара‚ Цуьнан элчанашна Ӏеса хилира‚ хӀор ца къарлучу, къизачу запхочун (запечу паччахьан) омрана тӀаьхьахӀиттира уьш

    11:59
  11. وَأُتْبِعُوا فِي هَٰذِهِ الدُّنْيَا لَعْنَةً وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ ۗ أَلَا إِنَّ عَادًا كَفَرُوا رَبَّهُمْ ۗ أَلَا بُعْدًا لِعَادٍ قَوْمِ هُودٍ

    /Делан а, маликийн а, массо а нехан а /неӀалт хьаьрчира царах хӀокху дуьненахь а‚ къематдийнахь а. Хьовсал! Баккъалла а, Ӏадаша керстаналла ма дина шайн Кхиош-кхобучунна. Хьовсал! Белла бовлийла и Ӏадаш‚ ХӀудин къам!

    11:60

Гочдар: Магомед Магомедов