Сурат 11 ХIуд, аят 61 – 68

  1. وَإِلَىٰ ثَمُودَ أَخَاهُمْ صَالِحًا ۚ قَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُوا اللَّهَ مَا لَكُمْ مِنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُ ۖ هُوَ أَنْشَأَكُمْ مِنَ الْأَرْضِ وَاسْتَعْمَرَكُمْ فِيهَا فَاسْتَغْفِرُوهُ ثُمَّ تُوبُوا إِلَيْهِ ۚ إِنَّ رَبِّي قَرِيبٌ مُجِيبٌ

    Самудашна а церан ваша Салихь /твахийтира Оха/. Цо элира: 'ХIай сан къам! Iибадат дейша /цхьана/ Далла-Аллахна‚ И воцург кхин дела ма вац шуна. Цо кхиийна шу лаьттах‚ цу тхь дāхийтина шу‚ Цуьнга гечдар деха‚ тIаккха Цуьнга тōба де. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург гергахь а ву‚ жоп луш а ву'

    11:61
  2. قَالُوا يَا صَالِحُ قَدْ كُنْتَ فِينَا مَرْجُوًّا قَبْلَ هَٰذَا ۖ أَتَنْهَانَا أَنْ نَعْبُدَ مَا يَعْبُدُ آبَاؤُنَا وَإِنَّنَا لَفِي شَكٍّ مِمَّا تَدْعُونَا إِلَيْهِ مُرِيبٍ

    Цара элира: 'ХIай Салихь! Хьо ма варий тхуна юккъехь хIокхул хьалха хьох /тхайна тхь эла хиларе оха/ догдохуш верг. Ахь тхуна ца магадо Оха Iибадат дар тхан дайша Iибадат дечунна. Баккъалла‚ тхо чIогIачу шеконехь ма ду ахь тхо шега кхойкхучух'

    11:62
  3. قَالَ يَا قَوْمِ أَرَأَيْتُمْ إِنْ كُنْتُ عَلَىٰ بَيِّنَةٍ مِنْ رَبِّي وَآتَانِي مِنْهُ رَحْمَةً فَمَنْ يَنْصُرُنِي مِنَ اللَّهِ إِنْ عَصَيْتُهُ ۖ فَمَا تَزِيدُونَنِي غَيْرَ تَخْسِيرٍ

    Цо элира: 'ХIай сан къам! Гой шуна‚ со сайн Кхиош-Кхобучуьнгара билгалонна тIехь хилча‚ Цо суна шегара къинхетам а белча‚ хьан гIо дийр дара суна Далла дуьхьал‚ со Цунна Iеса хилча? Аш суна сов ца боккху эшам а бен

    11:63
  4. وَيَا قَوْمِ هَٰذِهِ نَاقَةُ اللَّهِ لَكُمْ آيَةً فَذَرُوهَا تَأْكُلْ فِي أَرْضِ اللَّهِ وَلَا تَمَسُّوهَا بِسُوءٍ فَيَأْخُذَكُمْ عَذَابٌ قَرِيبٌ

    ХIай сан къам! хIара Делан эмкал ю шуна делил хилла‚ йиталаш и Делан лаьттахь яжа. Вониг ма делаш цунна - тIаккха гергарчу Iазапо схьалоцур ду шу'

    11:64
  5. فَعَقَرُوهَا فَقَالَ تَمَتَّعُوا فِي دَارِكُمْ ثَلَاثَةَ أَيَّامٍ ۖ ذَٰلِكَ وَعْدٌ غَيْرُ مَكْذُوبٍ

    Цара цунна (Дала яийтинчу эмкална) урс хьаькхира. Цо (Салихьа) элира: 'Зовкх хьега шайн хсамашкахь кхаа дийнахь. И харц йоцу ваIда ю!'

    11:65
  6. فَلَمَّا جَاءَ أَمْرُنَا نَجَّيْنَا صَالِحًا وَالَّذِينَ آمَنُوا مَعَهُ بِرَحْمَةٍ مِنَّا وَمِنْ خِزْيِ يَوْمِئِذٍ ۗ إِنَّ رَبَّكَ هُوَ الْقَوِيُّ الْعَزِيزُ

    Тхешан омра деъча, Оха кIелхьарваьккхира Салихь а‚ цуьнца ийман диллина хилларш а Тхайгара къинхетамца, цу дийнан сийсазаллах /лаш а бира/. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург нуьцкъала верг а‚ веза верг а ма ву

    11:66
  7. وَأَخَذَ الَّذِينَ ظَلَمُوا الصَّيْحَةُ فَأَصْبَحُوا فِي دِيَارِهِمْ جَاثِمِينَ

    Зулам динарш /нуьцкъалчу/ маьхьаро схьалецира – шайн хсамашкахь /белла/ бертал эгна Iуьйранга бевлира уьш,

    11:67
  8. كَأَنْ لَمْ يَغْنَوْا فِيهَا ۗ أَلَا إِنَّ ثَمُودَ كَفَرُوا رَبَّهُمْ ۗ أَلَا بُعْدًا لِثَمُودَ

    Шаьш царна чохь ца йнарш санна. Хьовсал! Баккъалла а, самудаша керстаналла дина шайн Кхиош-Кхобучунна. Хьовсал! Белла бовлийла и самудаш!

    11:68

Гочдар: Магомед Магомедов