Сурат 11 ХӀуд, аят 64 – 68

  1. وَيَا قَوْمِ هَٰذِهِ نَاقَةُ اللَّهِ لَكُمْ آيَةً فَذَرُوهَا تَأْكُلْ فِي أَرْضِ اللَّهِ وَلَا تَمَسُّوهَا بِسُوءٍ فَيَأْخُذَكُمْ عَذَابٌ قَرِيبٌ

    ХӀай сан къам! хӀара Делан эмкал ю шуна делил хилла‚ йиталаш и Делан лаьттахь яжа. Вониг ма делаш цунна - тӀаккха гергарчу Ӏазапо схьалоцур ду шу'

    11:64
  2. فَعَقَرُوهَا فَقَالَ تَمَتَّعُوا فِي دَارِكُمْ ثَلَاثَةَ أَيَّامٍ ۖ ذَٰلِكَ وَعْدٌ غَيْرُ مَكْذُوبٍ

    Цара цунна (Дала яийтинчу эмкална) урс хьаькхира. Цо (Салихьа) элира: 'Зовкх хьега шайн хсамашкахь кхаа дийнахь. И харц йоцу ваӀда ю!'

    11:65
  3. فَلَمَّا جَاءَ أَمْرُنَا نَجَّيْنَا صَالِحًا وَالَّذِينَ آمَنُوا مَعَهُ بِرَحْمَةٍ مِنَّا وَمِنْ خِزْيِ يَوْمِئِذٍ ۗ إِنَّ رَبَّكَ هُوَ الْقَوِيُّ الْعَزِيزُ

    Тхешан омра деъча, Оха кӀелхьарваьккхира Салихь а‚ цуьнца ийман диллина хилларш а Тхайгара къинхетамца, цу дийнан сийсазаллах /лаш а бира/. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург нуьцкъала верг а‚ веза верг а ма ву

    11:66
  4. وَأَخَذَ الَّذِينَ ظَلَمُوا الصَّيْحَةُ فَأَصْبَحُوا فِي دِيَارِهِمْ جَاثِمِينَ

    Зулам динарш /нуьцкъалчу/ маьхьаро схьалецира – шайн хсамашкахь /белла/ бертал эгна Ӏуьйранга бевлира уьш,

    11:67
  5. كَأَنْ لَمْ يَغْنَوْا فِيهَا ۗ أَلَا إِنَّ ثَمُودَ كَفَرُوا رَبَّهُمْ ۗ أَلَا بُعْدًا لِثَمُودَ

    Шаьш царна чохь ца йнарш санна. Хьовсал! Баккъалла а, самудаша керстаналла дина шайн Кхиош-Кхобучунна. Хьовсал! Белла бовлийла и самудаш!

    11:68

Гочдар: Магомед Магомедов