Сурат 11 ХIуд, аят 69 – 71
-
وَلَقَدْ جَاءَتْ رُسُلُنَا إِبْرَاهِيمَ بِالْبُشْرَىٰ قَالُوا سَلَامًا ۖ قَالَ سَلَامٌ ۖ فَمَا لَبِثَ أَنْ جَاءَ بِعِجْلٍ حَنِيذٍ
Тхан элчанаш (маликаш) баьхкира ИбрахIиме кхаъ боккхуш‚ цара элира: 'Салам!'. Цо элира: 'Салам!'‚ сихо йира цо кхаьрзинчу эсанца /хьешашна/ тIе ван
11:69 -
فَلَمَّا رَأَىٰ أَيْدِيَهُمْ لَا تَصِلُ إِلَيْهِ نَكِرَهُمْ وَأَوْجَسَ مِنْهُمْ خِيفَةً ۚ قَالُوا لَا تَخَفْ إِنَّا أُرْسِلْنَا إِلَىٰ قَوْمِ لُوطٍ
Цунна гича церан куьйгаш цунна (эсанна) тIе ца кхочуш‚ иза царах шеконе велира‚ кхера а велира. Цара элира: 'Ма кхера! Баккъалла а, тхо дахкийтина ЛутIин къомана тIе' /уьш хIаллакбан/
11:70 -
وَامْرَأَتُهُ قَائِمَةٌ فَضَحِكَتْ فَبَشَّرْنَاهَا بِإِسْحَاقَ وَمِنْ وَرَاءِ إِسْحَاقَ يَعْقُوبَ
Цуьнан (ИбрахIиман) зуда (Сарат) яра ирахIоьттина лаьтташ‚ и елаелира. Оха цунна (Саратана) кхаъ баьккхира Исхьакъаца‚ Исхьакъана тIаьххье ЯIкъубаца
11:71
Гочдар: Магомед Магомедов