Сурат 11 ХӀуд, аят 69 – 83

  1. وَلَقَدْ جَاءَتْ رُسُلُنَا إِبْرَاهِيمَ بِالْبُشْرَىٰ قَالُوا سَلَامًا ۖ قَالَ سَلَامٌ ۖ فَمَا لَبِثَ أَنْ جَاءَ بِعِجْلٍ حَنِيذٍ

    Тхан элчанаш (маликаш) баьхкира ИбрахӀиме кхаъ боккхуш‚ цара элира: 'Салам!'. Цо элира: 'Салам!'‚ сихо йира цо кхаьрзинчу эсанца /хьешашна/ тӀе ван

    11:69
  2. فَلَمَّا رَأَىٰ أَيْدِيَهُمْ لَا تَصِلُ إِلَيْهِ نَكِرَهُمْ وَأَوْجَسَ مِنْهُمْ خِيفَةً ۚ قَالُوا لَا تَخَفْ إِنَّا أُرْسِلْنَا إِلَىٰ قَوْمِ لُوطٍ

    Цунна гича церан куьйгаш цунна (эсанна) тӀе ца кхочуш‚ иза царах шеконе велира‚ кхера а велира. Цара элира: 'Ма кхера! Баккъалла а, тхо дахкийтина ЛутӀин къомана тӀе' /уьш хӀаллакбан/

    11:70
  3. وَامْرَأَتُهُ قَائِمَةٌ فَضَحِكَتْ فَبَشَّرْنَاهَا بِإِسْحَاقَ وَمِنْ وَرَاءِ إِسْحَاقَ يَعْقُوبَ

    Цуьнан (ИбрахӀиман) зуда (Сарат) яра ирахӀоьттина лаьтташ‚ и елаелира. Оха цунна (Саратана) кхаъ баьккхира Исхьакъаца‚ Исхьакъана тӀаьххье ЯӀкъубаца

    11:71
  4. قَالَتْ يَا وَيْلَتَىٰ أَأَلِدُ وَأَنَا عَجُوزٌ وَهَٰذَا بَعْلِي شَيْخًا ۖ إِنَّ هَٰذَا لَشَيْءٌ عَجِيبٌ

    Цо (Сāрата) элира: 'Дакъаза ма яла со! Бер до ткъа ас‚ со-х къена зуда ма ю‚ хӀара сан майра а къена стаг ма ву? Ма тамаше хӀума ду хӀара!?'

    11:72
  5. قَالُوا أَتَعْجَبِينَ مِنْ أَمْرِ اللَّهِ ۖ رَحْمَتُ اللَّهِ وَبَرَكَاتُهُ عَلَيْكُمْ أَهْلَ الْبَيْتِ ۚ إِنَّهُ حَمِيدٌ مَجِيدٌ

    Цара (маликаша) элира: 'Хьо цецйолу Делан гӀуллакхах? Делан къинхетам а‚ Цуьнан беркат а хуьлда шуна тӀехь‚ хӀай цӀийнан охӀла! Баккъалла а, Иза хастаме верг а‚ сийлахь верг а ма ву'

    11:73
  6. فَلَمَّا ذَهَبَ عَنْ إِبْرَاهِيمَ الرَّوْعُ وَجَاءَتْهُ الْبُشْرَىٰ يُجَادِلُنَا فِي قَوْمِ لُوطٍ

    ИбрахӀимах кхеравалар дӀадаьлча‚ цуьнга кхаъ а беъча‚ Тхоьца (Тхан маликашца) къийса волавелира и ЛутӀин къам бахьанехь (царна Ӏазап тӀаьхьататтахьара бохуш, ийман дилла магара цара)

    11:74
  7. إِنَّ إِبْرَاهِيمَ لَحَلِيمٌ أَوَّاهٌ مُنِيبٌ

    Баккъалла а, ИбрахӀим эсала а‚ /нахана хуьлучу вонашна /лазаме верг а‚ /тоба дарца Деле/ дӀавирзинарг а ма ву'

    11:75
  8. يَا إِبْرَاهِيمُ أَعْرِضْ عَنْ هَٰذَا ۖ إِنَّهُ قَدْ جَاءَ أَمْرُ رَبِّكَ ۖ وَإِنَّهُمْ آتِيهِمْ عَذَابٌ غَيْرُ مَرْدُودٍ

    ИбрахӀим! Дита и‚ Хьан Кхиош-кхобучун омра деана‚ духатохалур доцу Ӏазап царна догӀуш ду

    11:76
  9. وَلَمَّا جَاءَتْ رُسُلُنَا لُوطًا سِيءَ بِهِمْ وَضَاقَ بِهِمْ ذَرْعًا وَقَالَ هَٰذَا يَوْمٌ عَصِيبٌ

    Тхан элчанаш (маликаш) ЛутӀина тӀебаьхкича‚ царна сингаттаме хилира иза‚ уьш бахьанехь дог гатделира цуьнан (шен къомо царна зен дан кхоьруш)‚ цо элира: 'ХӀара хала де ду!'

    11:77
  10. وَجَاءَهُ قَوْمُهُ يُهْرَعُونَ إِلَيْهِ وَمِنْ قَبْلُ كَانُوا يَعْمَلُونَ السَّيِّئَاتِ ۚ قَالَ يَا قَوْمِ هَٰؤُلَاءِ بَنَاتِي هُنَّ أَطْهَرُ لَكُمْ ۖ فَاتَّقُوا اللَّهَ وَلَا تُخْزُونِ فِي ضَيْفِي ۖ أَلَيْسَ مِنْكُمْ رَجُلٌ رَشِيدٌ

    Цунна тӀедеара цуьнан къам (цуьнан къоман нах)‚ сихха цунна тӀебирзира уьш /хьешашца ирчаниг леладайта шайга, бохуш/‚ хьалха а бара уьш къинош деш. Цо (ЛутӀас) элира: 'ХӀай сан къам! Кхузахь сан мехкарий бу‚ уьш мелхо а цӀена бу шуна /маре бига/. Делах кхерийша‚ сийсаза ма вейша со сан хьешашна гергахь! Шух цхьа а кхетаме стаг вац?!'

    11:78
  11. قَالُوا لَقَدْ عَلِمْتَ مَا لَنَا فِي بَنَاتِكَ مِنْ حَقٍّ وَإِنَّكَ لَتَعْلَمُ مَا نُرِيدُ

    Цара элира: 'Хьуна хууш ма дара‚ хьан мехкаршца тхан гӀуллакх дац‚ хьуна ма хаьа‚ тхуна хӀун деза'

    11:79
  12. قَالَ لَوْ أَنَّ لِي بِكُمْ قُوَّةً أَوْ آوِي إِلَىٰ رُكْنٍ شَدِيدٍ

    Цо элира: 'Шуьца /къовса/ ницкъ белар-кха сан‚ онда гӀортор елар-кха тӀетовжа'

    11:80
  13. قَالُوا يَا لُوطُ إِنَّا رُسُلُ رَبِّكَ لَنْ يَصِلُوا إِلَيْكَ ۖ فَأَسْرِ بِأَهْلِكَ بِقِطْعٍ مِنَ اللَّيْلِ وَلَا يَلْتَفِتْ مِنْكُمْ أَحَدٌ إِلَّا امْرَأَتَكَ ۖ إِنَّهُ مُصِيبُهَا مَا أَصَابَهُمْ ۚ إِنَّ مَوْعِدَهُمُ الصُّبْحُ ۚ أَلَيْسَ الصُّبْحُ بِقَرِيبٍ

    Цара (маликаша) элира: 'ХӀай ЛутӀ! Тхо хьан Кхиош-Кхобучун элчанаш ду‚ цкъа а хьуна /зен дан/ тӀекхочур бац уьш. Хьайн доьзалца буьйса дакъошка йирзича, новкъа вāла. Тхьа ма хьожийла шух цхьа а (и ирча зап цагархьама), хьан зуда йоцург. Баккъалла а, цуьнга а кхочур ду цаьрга кхаьчнарг. Царна тоьхна хан – Ӏуьйре ю. Гергахь яц ткъа Ӏуьйре?'

    11:81
  14. فَلَمَّا جَاءَ أَمْرُنَا جَعَلْنَا عَالِيَهَا سَافِلَهَا وَأَمْطَرْنَا عَلَيْهَا حِجَارَةً مِنْ سِجِّيلٍ مَنْضُودٍ

    Тхан омра кхаьчча‚ Оха цуьнан (ЛутӀин юьртан) лакхенах лахе йира‚ Оха царна тӀе дагийначу лаьттан тӀулгаш тделхийра,

    11:82
  15. مُسَوَّمَةً عِنْدَ رَبِّكَ ۖ وَمَا هِيَ مِنَ الظَّالِمِينَ بِبَعِيدٍ

    Билгалдаьхна хилла долу хьан Кхиош-Кхобучун гергахь. /Массо а/ зуламхошна гена дац и (иштта таӀзар хила). (Хьан къомана генахь ма яц и церан Дала йохийна ярташ, хӀай Мухьаммад)

    11:83

Гочдар: Магомед Магомедов