Сурат 11 ХӀуд, аят 77 – 81
-
وَلَمَّا جَاءَتْ رُسُلُنَا لُوطًا سِيءَ بِهِمْ وَضَاقَ بِهِمْ ذَرْعًا وَقَالَ هَٰذَا يَوْمٌ عَصِيبٌ
Тхан элчанаш (маликаш) ЛутӀина тӀебаьхкича‚ царна сингаттаме хилира иза‚ уьш бахьанехь дог гатделира цуьнан (шен къомо царна зен дан кхоьруш)‚ цо элира: 'ХӀара хала де ду!'
11:77 -
وَجَاءَهُ قَوْمُهُ يُهْرَعُونَ إِلَيْهِ وَمِنْ قَبْلُ كَانُوا يَعْمَلُونَ السَّيِّئَاتِ ۚ قَالَ يَا قَوْمِ هَٰؤُلَاءِ بَنَاتِي هُنَّ أَطْهَرُ لَكُمْ ۖ فَاتَّقُوا اللَّهَ وَلَا تُخْزُونِ فِي ضَيْفِي ۖ أَلَيْسَ مِنْكُمْ رَجُلٌ رَشِيدٌ
Цунна тӀедеара цуьнан къам (цуьнан къоман нах)‚ сихха цунна тӀебирзира уьш /хьешашца ирчаниг леладайта шайга, бохуш/‚ хьалха а бара уьш къинош деш. Цо (ЛутӀас) элира: 'ХӀай сан къам! Кхузахь сан мехкарий бу‚ уьш мелхо а цӀена бу шуна /маре бига/. Делах кхерийша‚ сийсаза ма вейша со сан хьешашна гергахь! Шух цхьа а кхетаме стаг вац?!'
11:78 -
قَالُوا لَقَدْ عَلِمْتَ مَا لَنَا فِي بَنَاتِكَ مِنْ حَقٍّ وَإِنَّكَ لَتَعْلَمُ مَا نُرِيدُ
Цара элира: 'Хьуна хууш ма дара‚ хьан мехкаршца тхан гӀуллакх дац‚ хьуна ма хаьа‚ тхуна хӀун деза'
11:79 -
قَالَ لَوْ أَنَّ لِي بِكُمْ قُوَّةً أَوْ آوِي إِلَىٰ رُكْنٍ شَدِيدٍ
Цо элира: 'Шуьца /къовса/ ницкъ белар-кха сан‚ онда гӀортор елар-кха тӀетовжа'
11:80 -
قَالُوا يَا لُوطُ إِنَّا رُسُلُ رَبِّكَ لَنْ يَصِلُوا إِلَيْكَ ۖ فَأَسْرِ بِأَهْلِكَ بِقِطْعٍ مِنَ اللَّيْلِ وَلَا يَلْتَفِتْ مِنْكُمْ أَحَدٌ إِلَّا امْرَأَتَكَ ۖ إِنَّهُ مُصِيبُهَا مَا أَصَابَهُمْ ۚ إِنَّ مَوْعِدَهُمُ الصُّبْحُ ۚ أَلَيْسَ الصُّبْحُ بِقَرِيبٍ
Цара (маликаша) элира: 'ХӀай ЛутӀ! Тхо хьан Кхиош-Кхобучун элчанаш ду‚ цкъа а хьуна /зен дан/ тӀекхочур бац уьш. Хьайн доьзалца буьйса дакъошка йирзича, новкъа вāла. Тхьа ма хьожийла шух цхьа а (и ирча зап цагархьама), хьан зуда йоцург. Баккъалла а, цуьнга а кхочур ду цаьрга кхаьчнарг. Царна тоьхна хан – Ӏуьйре ю. Гергахь яц ткъа Ӏуьйре?'
11:81
Гочдар: Магомед Магомедов