Сурат 11 ХӀуд, аят 84 – 90

  1. وَإِلَىٰ مَدْيَنَ أَخَاهُمْ شُعَيْبًا ۚ قَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُوا اللَّهَ مَا لَكُمْ مِنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُ ۖ وَلَا تَنْقُصُوا الْمِكْيَالَ وَالْمِيزَانَ ۚ إِنِّي أَرَاكُمْ بِخَيْرٍ وَإِنِّي أَخَافُ عَلَيْكُمْ عَذَابَ يَوْمٍ مُحِيطٍ

    Мадъянашка а церан ваша ШуӀайб /вахийтира Оха/. Цо элира: 'ХӀай сан къам! цхьана Далла – Аллахна Ӏибадат де‚ И воцург кхин дела вац шуна. Юстар а‚ озар а эша ма де. Суна гуш ду шу диканехь‚ со кхоьру шу /эрчаллица/ юкъаозор долчу дийнан Ӏазапах

    11:84
  2. وَيَا قَوْمِ أَوْفُوا الْمِكْيَالَ وَالْمِيزَانَ بِالْقِسْطِ ۖ وَلَا تَبْخَسُوا النَّاسَ أَشْيَاءَهُمْ وَلَا تَعْثَوْا فِي الْأَرْضِ مُفْسِدِينَ

    ХӀай сан къам! Кхочушде юстар а‚ озар а нийсонца‚ лаха ма е нахана шайн хӀуманаш‚ ма лелалаш лаьттахула, боьханиг даржош

    11:85
  3. بَقِيَّتُ اللَّهِ خَيْرٌ لَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ ۚ وَمَا أَنَا عَلَيْكُمْ بِحَفِيظٍ

    Делана гергахь бухадуьсурш дика ду шуна, шу муъмин/нах/ делахь‚ со ма вац шуна лардархо'

    11:86
  4. قَالُوا يَا شُعَيْبُ أَصَلَاتُكَ تَأْمُرُكَ أَنْ نَتْرُكَ مَا يَعْبُدُ آبَاؤُنَا أَوْ أَنْ نَفْعَلَ فِي أَمْوَالِنَا مَا نَشَاءُ ۖ إِنَّكَ لَأَنْتَ الْحَلِيمُ الرَّشِيدُ

    Цара элира: 'ХӀай ШуӀайб! Хьан дино (ламазо) омра до хьоьга тхан дайша шена Ӏибадат дийриг тхоьга дитийта я тхешан бахамех тхайна луург дан? Баккъалла а, хьо собаре а‚ нийсачу кхетамехь а ма ву'

    11:87
  5. قَالَ يَا قَوْمِ أَرَأَيْتُمْ إِنْ كُنْتُ عَلَىٰ بَيِّنَةٍ مِنْ رَبِّي وَرَزَقَنِي مِنْهُ رِزْقًا حَسَنًا ۚ وَمَا أُرِيدُ أَنْ أُخَالِفَكُمْ إِلَىٰ مَا أَنْهَاكُمْ عَنْهُ ۚ إِنْ أُرِيدُ إِلَّا الْإِصْلَاحَ مَا اسْتَطَعْتُ ۚ وَمَا تَوْفِيقِي إِلَّا بِاللَّهِ ۚ عَلَيْهِ تَوَكَّلْتُ وَإِلَيْهِ أُنِيبُ

    Цо элира: 'ХӀай сан къам! Гой шуна‚ со хиллехь сан Кхиош-Кхобучуьнгара билгалонна тӀехь‚ Цо Шегара тхдика рицкъ делла суна. Суна ца лаьа шух къаста айса шуна магош доцчунна тхь. Со деккъа тодан лууш /шун хьал/ ву сайн ницкъ ма - кхоччу. Сан кхиам Делаца бен бац. Цунна тӀетевжина со. Цунна тӀе а воьрзу со /тоба дарца/

    11:88
  6. وَيَا قَوْمِ لَا يَجْرِمَنَّكُمْ شِقَاقِي أَنْ يُصِيبَكُمْ مِثْلُ مَا أَصَابَ قَوْمَ نُوحٍ أَوْ قَوْمَ هُودٍ أَوْ قَوْمَ صَالِحٍ ۚ وَمَا قَوْمُ لُوطٍ مِنْكُمْ بِبَعِيدٍ

    ХӀай сан къам! Соьца эгӀаро даллане а тӀе ма доуьйтийла шуна Нухьан къомана а‚ я ХӀудин къомана а, я Салихьан къомана а тдеънарг. ЛутӀин къам а шуна дукха генахь а ма дац

    11:89
  7. وَاسْتَغْفِرُوا رَبَّكُمْ ثُمَّ تُوبُوا إِلَيْهِ ۚ إِنَّ رَبِّي رَحِيمٌ وَدُودٌ

    Шайн Кхиош-Кхобучуьнга гечдар деха‚ тӀаккха тōба де Цуьнга. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург къинхетаме верг а‚ Шена /Шен халкъ/ дезаш верг а ма ву'

    11:90

Гочдар: Магомед Магомедов