Сурат 11 ХIуд, аят 89 – 94
-
وَيَا قَوْمِ لَا يَجْرِمَنَّكُمْ شِقَاقِي أَنْ يُصِيبَكُمْ مِثْلُ مَا أَصَابَ قَوْمَ نُوحٍ أَوْ قَوْمَ هُودٍ أَوْ قَوْمَ صَالِحٍ ۚ وَمَا قَوْمُ لُوطٍ مِنْكُمْ بِبَعِيدٍ
ХIай сан къам! Соьца эгIаро даллане а тIе ма доуьйтийла шуна Нухьан къомана а‚ я ХIудин къомана а, я Салихьан къомана а тдеънарг. ЛутIин къам а шуна дукха генахь а ма дац
11:89 -
وَاسْتَغْفِرُوا رَبَّكُمْ ثُمَّ تُوبُوا إِلَيْهِ ۚ إِنَّ رَبِّي رَحِيمٌ وَدُودٌ
Шайн Кхиош-Кхобучуьнга гечдар деха‚ тIаккха тōба де Цуьнга. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург къинхетаме верг а‚ Шена /Шен халкъ/ дезаш верг а ма ву'
11:90 -
قَالُوا يَا شُعَيْبُ مَا نَفْقَهُ كَثِيرًا مِمَّا تَقُولُ وَإِنَّا لَنَرَاكَ فِينَا ضَعِيفًا ۖ وَلَوْلَا رَهْطُكَ لَرَجَمْنَاكَ ۖ وَمَا أَنْتَ عَلَيْنَا بِعَزِيزٍ
Цара элира: 'ХIай ШуIайб! Ахь дуьйцучух дукхадолчух тхо кхеташ ма дац‚ тхо хьо тхайлахь ледара хеташ ма ду. И хьан гергарнаш бацахьара, Оха тIулгаш диттина хир ма дара хьуна‚ хьо тхуна /кхин эццара/ хьомсара а ма вац'
11:91 -
قَالَ يَا قَوْمِ أَرَهْطِي أَعَزُّ عَلَيْكُمْ مِنَ اللَّهِ وَاتَّخَذْتُمُوهُ وَرَاءَكُمْ ظِهْرِيًّا ۖ إِنَّ رَبِّي بِمَا تَعْمَلُونَ مُحِيطٌ
Цо элира: 'ХIай сан къам! Ткъа сан гергарнаш безо бу шуна Делал? Аш Иза-м шайн букъа тIехьахь ма вити?! Баккъалла а, сан Кхиош-кхобург аш дийриг /Шен лманца/ юкъалоцуш ма ву
11:92 -
وَيَا قَوْمِ اعْمَلُوا عَلَىٰ مَكَانَتِكُمْ إِنِّي عَامِلٌ ۖ سَوْفَ تَعْلَمُونَ مَنْ يَأْتِيهِ عَذَابٌ يُخْزِيهِ وَمَنْ هُوَ كَاذِبٌ ۖ وَارْتَقِبُوا إِنِّي مَعَكُمْ رَقِيبٌ
ХIай сан къам! Шайга далург де аш‚ аса а дийр ду /сайга далург/. ТIаьхьа хуур ду шуна‚ муьлхачунна тдогр ду и сийсазвеш долу Iазап‚ мила ву харцлуьйш верг! Хьежа! Со а шуьца цхьана хьоьжуш верг ву'
11:93 -
وَلَمَّا جَاءَ أَمْرُنَا نَجَّيْنَا شُعَيْبًا وَالَّذِينَ آمَنُوا مَعَهُ بِرَحْمَةٍ مِنَّا وَأَخَذَتِ الَّذِينَ ظَلَمُوا الصَّيْحَةُ فَأَصْبَحُوا فِي دِيَارِهِمْ جَاثِمِينَ
Тхан омра деъча‚ Оха кIелхьарваьккхира ШуIайб а‚ цуьнца ийман диллинарш а Тхайгарчу къинхетамца. Зулам динарш маьхьаро схьалецира‚ шайн цIеношкахь бертал- беттабелла Iуьйренга бевлира уьш
11:94
Гочдар: Магомед Магомедов