Сурат 11 ХӀуд, аят 9 – 24

  1. وَلَئِنْ أَذَقْنَا الْإِنْسَانَ مِنَّا رَحْمَةً ثُمَّ نَزَعْنَاهَا مِنْهُ إِنَّهُ لَيَئُوسٌ كَفُورٌ

    Оха адаме Тхайгара къинхетам Ӏовшийтича‚ тӀаккха Оха цунах и дӀабаьккхича – и догдуьллург а‚ /Делан ниӀматана/ керста а ма хуьлу

    11:9
  2. وَلَئِنْ أَذَقْنَاهُ نَعْمَاءَ بَعْدَ ضَرَّاءَ مَسَّتْهُ لَيَقُولَنَّ ذَهَبَ السَّيِّئَاتُ عَنِّي ۚ إِنَّهُ لَفَرِحٌ فَخُورٌ

    Оха цуьнга ниӀмат Ӏовшийтича, и схьалаьцначу бāланал тӀаьхьа‚ цо аллане а эр ма ду: 'Къинош дӀадахна суна тра'. Баккъалла а, и хазахеташ‚ куралла еш ма хуьлу

    11:10
  3. إِلَّا الَّذِينَ صَبَرُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ أُولَٰئِكَ لَهُمْ مَغْفِرَةٌ وَأَجْرٌ كَبِيرٌ

    Собар динарш‚ дика Ӏамалш йинарш боцурш. Ткъа хкхарна гечдар а‚ йоккха ял а ю

    11:11
  4. فَلَعَلَّكَ تَارِكٌ بَعْضَ مَا يُوحَىٰ إِلَيْكَ وَضَائِقٌ بِهِ صَدْرُكَ أَنْ يَقُولُوا لَوْلَا أُنْزِلَ عَلَيْهِ كَنْزٌ أَوْ جَاءَ مَعَهُ مَلَكٌ ۚ إِنَّمَا أَنْتَ نَذِيرٌ ۚ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ وَكِيلٌ

    Хьо хила тарло хьайга делла цхьацца ваьхьаш дуьтуш‚ цаьрца хьайн дог къуьйлуш цара олуш хиларна: 'Хазна йоьссина хиллехьара цуьнга‚ я малик деънехьара цаьрца'. Баккъалла а, хьо кхерамча ву. Дела массо а хӀуманна тӀехь векал ву

    11:12
  5. أَمْ يَقُولُونَ افْتَرَاهُ ۖ قُلْ فَأْتُوا بِعَشْرِ سُوَرٍ مِثْلِهِ مُفْتَرَيَاتٍ وَادْعُوا مَنِ اسْتَطَعْتُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Я цара āларна: 'И цо кхоьллина'. Ахь āла: 'Аш даладел, делахь, цунах тера итт сурат‚ шаьш кхоьллина долу. Кхайкха Дела воцчу шайна мегачаьрга‚ шаьш бакълуьйш хиллехь

    11:13
  6. فَإِلَّمْ يَسْتَجِيبُوا لَكُمْ فَاعْلَمُوا أَنَّمَا أُنْزِلَ بِعِلْمِ اللَّهِ وَأَنْ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ فَهَلْ أَنْتُمْ مُسْلِمُونَ

    Цара шайна жоп ца лахь‚ шуна хаалаш, и Делан Ӏилманца доьссина дуйла а‚ И воцург кхин дела воцийла а. Шу хуьлий бусалбанаш ?'

    11:14
  7. مَنْ كَانَ يُرِيدُ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا وَزِينَتَهَا نُوَفِّ إِلَيْهِمْ أَعْمَالَهُمْ فِيهَا وَهُمْ فِيهَا لَا يُبْخَسُونَ

    Дуьненан дахар а‚ цуьнан хазалла а езаш хиллачунна – церан /дикчу/ Ӏамалшна цу (дуьнена) чохь кхоччуш бекхам бийр бу Оха‚ уьш цу (дуьнена) чохь /рицкъанах/ эшор бац

    11:15
  8. أُولَٰئِكَ الَّذِينَ لَيْسَ لَهُمْ فِي الْآخِرَةِ إِلَّا النَّارُ ۖ وَحَبِطَ مَا صَنَعُوا فِيهَا وَبَاطِلٌ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Уьш бу шайна эхартахь /жоьжахатин/ цӀе бен хир йоцурш. ХӀаллакхили цара цу /дуьнена/ чохь динарг‚ харцдерг ду цара деш хилларг (пайда бац цара дуьненахь деш хиллачу дикчух, Делах кхоьруш уьш хилла бацахь)

    11:16
  9. أَفَمَنْ كَانَ عَلَىٰ بَيِّنَةٍ مِنْ رَبِّهِ وَيَتْلُوهُ شَاهِدٌ مِنْهُ وَمِنْ قَبْلِهِ كِتَابُ مُوسَىٰ إِمَامًا وَرَحْمَةً ۚ أُولَٰئِكَ يُؤْمِنُونَ بِهِ ۚ وَمَنْ يَكْفُرْ بِهِ مِنَ الْأَحْزَابِ فَالنَّارُ مَوْعِدُهُ ۚ فَلَا تَكُ فِي مِرْيَةٍ مِنْهُ ۚ إِنَّهُ الْحَقُّ مِنْ رَبِّكَ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يُؤْمِنُونَ

    Ткъа шен Кхиош-Кхобучуьнгара билгалонна тӀехь хилларг‚ шена тӀаьхьавозуш Цуьнгара теш а волуш‚ цул хьалха /теш/ – Мусан жайна хилла /нахана/ имам а‚ къинхетам а - /тера ву деккъа дуьне дезачаьрга?/ – уьш цунах (Къуръанах) тешаш бу. Тобанех цунна керстаналла дечарна ваӀда хилларг /жоьжахатин/ цӀе ю. Хьо цунах шеконехь ма хилалахь. Баккъалла а, и хьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъдерг ду хьуна. Делахь а, дукхахболу нах ца теша

    11:17
  10. وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا ۚ أُولَٰئِكَ يُعْرَضُونَ عَلَىٰ رَبِّهِمْ وَيَقُولُ الْأَشْهَادُ هَٰؤُلَاءِ الَّذِينَ كَذَبُوا عَلَىٰ رَبِّهِمْ ۚ أَلَا لَعْنَةُ اللَّهِ عَلَى الظَّالِمِينَ

    Мила ву ткъа зуламе ша Далла тӀехь харцдерг кхоьллинчул? Уьш шайн Далла хьалха хӀиттор ма бу‚ тешаша эр ма ду: 'ХӀорш бу и шайн Дела харцвинарш. Делан неӀалт дац ткъа зуламхошна?!

    11:18
  11. الَّذِينَ يَصُدُّونَ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ وَيَبْغُونَهَا عِوَجًا وَهُمْ بِالْآخِرَةِ هُمْ كَافِرُونَ

    Шаьш Делан некъах /нах/ дӀатилош болчу‚ шаьш и бохо лууш болчу‚ – эхартана уьш керстанаш ма бу '

    11:19
  12. أُولَٰئِكَ لَمْ يَكُونُوا مُعْجِزِينَ فِي الْأَرْضِ وَمَا كَانَ لَهُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ مِنْ أَوْلِيَاءَ ۘ يُضَاعَفُ لَهُمُ الْعَذَابُ ۚ مَا كَانُوا يَسْتَطِيعُونَ السَّمْعَ وَمَا كَانُوا يُبْصِرُونَ

    Уьш ца хилира ницкъ кхочуш лаьттахь /хӀумма хийца/, Дела воцург гьнчий (доладийраш) ца хилира царна. ТӀеттӀа Ӏазап ду царна. ЛадогӀа ницкъ кхочуш ца хилира уьш‚ гуш ца хилира уьш

    11:20
  13. أُولَٰئِكَ الَّذِينَ خَسِرُوا أَنْفُسَهُمْ وَضَلَّ عَنْهُمْ مَا كَانُوا يَفْتَرُونَ

    Уьш бу шаьш шайна зен динарш‚ царах дӀатилира цара кхуллуш хилларг

    11:21
  14. لَا جَرَمَ أَنَّهُمْ فِي الْآخِرَةِ هُمُ الْأَخْسَرُونَ

    Шеко йоццуш, уьш бу эхартахь шаьш чг эшаме хир берш

    11:22
  15. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ وَأَخْبَتُوا إِلَىٰ رَبِّهِمْ أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ الْجَنَّةِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Ӏамалш йинарш а‚ шайн Кхиош-Кхобучунна муьтхь хилларш а,– уьш бу ялсаманин дай‚ уьш цу чохь гуттар хир бу

    11:23
  16. مَثَلُ الْفَرِيقَيْنِ كَالْأَعْمَىٰ وَالْأَصَمِّ وَالْبَصِيرِ وَالسَّمِيعِ ۚ هَلْ يَسْتَوِيَانِ مَثَلًا ۚ أَفَلَا تَذَكَّرُونَ

    Шина тобанан масал тера ду бӀаьрзечун а, къорачун а‚ - гуш волчун а, хезаш волчун а масалах. Нислой уьш шиъ /тоба/ масалица? Шу ца кхета? /Дера ца нисло!/

    11:24

Гочдар: Магомед Магомедов