Сурат 11 ХӀуд, аят 96 – 109

  1. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مُوسَىٰ بِآيَاتِنَا وَسُلْطَانٍ مُبِينٍ

    Муса вахийтира Оха Тхешан аяташца а‚ билгалчу делилаца а

    11:96
  2. إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِ فَاتَّبَعُوا أَمْرَ فِرْعَوْنَ ۖ وَمَا أَمْرُ فِرْعَوْنَ بِرَشِيدٍ

    ФирӀавна а‚ цуьнан элашна а т – ФирӀавнан гӀуллакхна тӀаьхьахӀиттина бара уьш. ФирӀавнан омра нийса ма дацара!

    11:97
  3. يَقْدُمُ قَوْمَهُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فَأَوْرَدَهُمُ النَّارَ ۖ وَبِئْسَ الْوِرْدُ الْمَوْرُودُ

    Шен къомана хьалхавер ву и къематдийнахь‚ цо буьгур бу уьш цӀерга. Ма вон чугӀойла ю уьш /шена/ чулохкург!

    11:98
  4. وَأُتْبِعُوا فِي هَٰذِهِ لَعْنَةً وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ ۚ بِئْسَ الرِّفْدُ الْمَرْفُودُ

    Кхузахь (дуьненахь) а неӀалт хьаьрчира царах‚ къематдийнахь а /хьаьрчар ду/. Ма вон 'совгӀат' ду-кх и ша кхочучунна!

    11:99
  5. ذَٰلِكَ مِنْ أَنْبَاءِ الْقُرَىٰ نَقُصُّهُ عَلَيْكَ ۖ مِنْهَا قَائِمٌ وَحَصِيدٌ

    Уьш – яртийн хабарех ду‚ Оха дуьйцу уьш хьоьга. Царах лаьтташ ерг ю‚ /ялта санна/ хьаькхнарг а ю

    11:100
  6. وَمَا ظَلَمْنَاهُمْ وَلَٰكِنْ ظَلَمُوا أَنْفُسَهُمْ ۖ فَمَا أَغْنَتْ عَنْهُمْ آلِهَتُهُمُ الَّتِي يَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ مِنْ شَيْءٍ لَمَّا جَاءَ أَمْرُ رَبِّكَ ۖ وَمَا زَادُوهُمْ غَيْرَ تَتْبِيبٍ

    Оха зулам ца дина царна‚ хӀетте а, шаьш шайна зулам дина цара. Дела а витина, шайга кхойкхуш болчу деланаша хӀумманах а кӀелхьар ца бехира уьш хьан Кхиош-Кхобучун омра деъначул тӀаьхьа. Цара сов ца бехира уьш хӀаллакхиларца бен

    11:101
  7. وَكَذَٰلِكَ أَخْذُ رَبِّكَ إِذَا أَخَذَ الْقُرَىٰ وَهِيَ ظَالِمَةٌ ۚ إِنَّ أَخْذَهُ أَلِيمٌ شَدِيدٌ

    Иштта ду хьан Кхиош-Кхобучун /зуламхой Ӏазапаца/ схьалацар‚ Ша зуламе йолу ярташ /Ӏазапаца/ схьалоцуш. Баккъалла а, Цуьнан схьалацар – чӀогӀа лазош ду-кх

    11:102
  8. إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِمَنْ خَافَ عَذَابَ الْآخِرَةِ ۚ ذَٰلِكَ يَوْمٌ مَجْمُوعٌ لَهُ النَّاسُ وَذَٰلِكَ يَوْمٌ مَشْهُودٌ

    Баккъалла а, цу чохь делил ма ду ша эхартан Ӏазапах кхийринчунна‚ и де ду шена тӀе нах гулбийр долу‚ и де ду ша гун долу

    11:103
  9. وَمَا نُؤَخِّرُهُ إِلَّا لِأَجَلٍ مَعْدُودٍ

    Оха тӀаьхьатоттур ма дац и ягарйинчу (къастийначу) ханна бен

    11:104
  10. يَوْمَ يَأْتِ لَا تَكَلَّمُ نَفْسٌ إِلَّا بِإِذْنِهِ ۚ فَمِنْهُمْ شَقِيٌّ وَسَعِيدٌ

    И де деъча, сино къамел дийр дац Цуьнан пурбанца бен. Царах декъазниг а хир ву‚ ирсениг а хир ву

    11:105
  11. فَأَمَّا الَّذِينَ شَقُوا فَفِي النَّارِ لَهُمْ فِيهَا زَفِيرٌ وَشَهِيقٌ

    Дакъазабевлларш – уьш цӀергахь хир бу‚ царна цигахь узарш а, мохь хьекхар а ду

    11:106
  12. خَالِدِينَ فِيهَا مَا دَامَتِ السَّمَاوَاتُ وَالْأَرْضُ إِلَّا مَا شَاءَ رَبُّكَ ۚ إِنَّ رَبَّكَ فَعَّالٌ لِمَا يُرِيدُ

    Гуттар лаьттар болуш бу уьш цу чохь, стигланаш а, латта а мел ду‚ хьан Кхиош-Кхобучунна луъучулла. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург /даима/ деш ма ву Шена луург

    11:107
  13. وَأَمَّا الَّذِينَ سُعِدُوا فَفِي الْجَنَّةِ خَالِدِينَ فِيهَا مَا دَامَتِ السَّمَاوَاتُ وَالْأَرْضُ إِلَّا مَا شَاءَ رَبُّكَ ۖ عَطَاءً غَيْرَ مَجْذُوذٍ

    Амма ирсе хилларш – бешахь хир бу‚ цу чохь гуттаренна буьсур болуш бу уьш, стигланаш а‚ латта а мел ду‚ хьан Кхиош-Кхобучунна луъучулла‚ ша хедар доцу совгӀат а хилла

    11:108
  14. فَلَا تَكُ فِي مِرْيَةٍ مِمَّا يَعْبُدُ هَٰؤُلَاءِ ۚ مَا يَعْبُدُونَ إِلَّا كَمَا يَعْبُدُ آبَاؤُهُمْ مِنْ قَبْلُ ۚ وَإِنَّا لَمُوَفُّوهُمْ نَصِيبَهُمْ غَيْرَ مَنْقُوصٍ

    Хьо шеконехь ма хилалахь хӀокхара Ӏибадат дечух. Цара Ӏибадат деш ма дац хьуна хьалха шайн дайша ма-дарра бен. Баккъалла а, Оха царна кхачор ма ду шайн /Ӏазапан/ дāкъа, ца эшадеш

    11:109

Гочдар: Магомед Магомедов