Сурат 11 ХIуд, аят 96 – 99
-
وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مُوسَىٰ بِآيَاتِنَا وَسُلْطَانٍ مُبِينٍ
Муса вахийтира Оха Тхешан аяташца а‚ билгалчу делилаца а
11:96 -
إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِ فَاتَّبَعُوا أَمْرَ فِرْعَوْنَ ۖ وَمَا أَمْرُ فِرْعَوْنَ بِرَشِيدٍ
ФирIавна а‚ цуьнан элашна а т – ФирIавнан гIуллакхна тIаьхьахIиттина бара уьш. ФирIавнан омра нийса ма дацара!
11:97 -
يَقْدُمُ قَوْمَهُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فَأَوْرَدَهُمُ النَّارَ ۖ وَبِئْسَ الْوِرْدُ الْمَوْرُودُ
Шен къомана хьалхавер ву и къематдийнахь‚ цо буьгур бу уьш цIерга. Ма вон чугIойла ю уьш /шена/ чулохкург!
11:98 -
وَأُتْبِعُوا فِي هَٰذِهِ لَعْنَةً وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ ۚ بِئْسَ الرِّفْدُ الْمَرْفُودُ
Кхузахь (дуьненахь) а неIалт хьаьрчира царах‚ къематдийнахь а /хьаьрчар ду/. Ма вон 'совгIат' ду-кх и ша кхочучунна!
11:99
Гочдар: Магомед Магомедов