Сурат 12 Юсуф, аят 1 – 6

  1. الر ۚ تِلْكَ آيَاتُ الْكِتَابِ الْمُبِينِ

    Алиф-лам-ра. ХIорш къегинчу жайнин аяташ ду

    12:1
  2. إِنَّا أَنْزَلْنَاهُ قُرْآنًا عَرَبِيًّا لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ

    Баккъалла а, Оха доссийна и Къуръан ьрбийн /маттахь/‚ шу хьекъале хила там бара

    12:2
  3. نَحْنُ نَقُصُّ عَلَيْكَ أَحْسَنَ الْقَصَصِ بِمَا أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ هَٰذَا الْقُرْآنَ وَإِنْ كُنْتَ مِنْ قَبْلِهِ لَمِنَ الْغَافِلِينَ

    Оха дуьйцу хьоьга уггар хаза хабарш хьоьга ваьхьица хIара Къуръан даийтарца, цул хьалха хьо цахуучарах хиллехь а

    12:3
  4. إِذْ قَالَ يُوسُفُ لِأَبِيهِ يَا أَبَتِ إِنِّي رَأَيْتُ أَحَدَ عَشَرَ كَوْكَبًا وَالشَّمْسَ وَالْقَمَرَ رَأَيْتُهُمْ لِي سَاجِدِينَ

    Хьахаде: Юсуфа ма элира шен дега /ЯIкъубе/: 'Дада‚ суна ги цхьайтта седа а‚ малх а‚ бутт а‚ суна ги уьш сайна сужуд деш'

    12:4
  5. قَالَ يَا بُنَيَّ لَا تَقْصُصْ رُؤْيَاكَ عَلَىٰ إِخْوَتِكَ فَيَكِيدُوا لَكَ كَيْدًا ۖ إِنَّ الشَّيْطَانَ لِلْإِنْسَانِ عَدُوٌّ مُبِينٌ

    Цо (ЯIкъуба) элира: 'ХIай сан жима кнт, и хьайна гинарг ма дийцалахь хьайн вежаршка – мекарло йийр ю хьуна цара. Баккъалла а, шайтIа адамна билггал мостагI ма ду

    12:5
  6. وَكَذَٰلِكَ يَجْتَبِيكَ رَبُّكَ وَيُعَلِّمُكَ مِنْ تَأْوِيلِ الْأَحَادِيثِ وَيُتِمُّ نِعْمَتَهُ عَلَيْكَ وَعَلَىٰ آلِ يَعْقُوبَ كَمَا أَتَمَّهَا عَلَىٰ أَبَوَيْكَ مِنْ قَبْلُ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْحَاقَ ۚ إِنَّ رَبَّكَ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    Иштта хьан Кхиош-Кхобучо хоржур волуш ву хьо‚ хьуна Iамор долуш ду Цо хилларш тидан‚ Шен ниIмат хьуна кхочушдийр долуш ду Цо‚ ЯIкъубан доьзална а‚ Ша хьалха хьан дайшна ИбрахIимна а‚ Исхьакъна а кхочушдина хиларе терра. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург хууш верг а ву‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву'

    12:6

Гочдар: Магомед Магомедов