Сурат 12 Юсуф, аят 100 – 101
-
وَرَفَعَ أَبَوَيْهِ عَلَى الْعَرْشِ وَخَرُّوا لَهُ سُجَّدًا ۖ وَقَالَ يَا أَبَتِ هَٰذَا تَأْوِيلُ رُؤْيَايَ مِنْ قَبْلُ قَدْ جَعَلَهَا رَبِّي حَقًّا ۖ وَقَدْ أَحْسَنَ بِي إِذْ أَخْرَجَنِي مِنَ السِّجْنِ وَجَاءَ بِكُمْ مِنَ الْبَدْوِ مِنْ بَعْدِ أَنْ نَزَغَ الشَّيْطَانُ بَيْنِي وَبَيْنَ إِخْوَتِي ۚ إِنَّ رَبِّي لَطِيفٌ لِمَا يَشَاءُ ۚ إِنَّهُ هُوَ الْعَلِيمُ الْحَكِيمُ
Шен да-нана паччахьан гнта т /шена улло/ хьалабехира цо‚ уьш цунна /сий деш/ сужуде бахара. Цо элира: 'Дада‚ хӀара ду-кх суна хьалха гинчун (гнан) тидар‚ сан Кхиош-кхобучо бакъдина иза‚ соьца дика хили Иза– со араваьккхи набахти чуьра‚ шу схьадалийна гӀум-арара шайтӀано суна а, сан вежаршна а юкъа дов тесначул тӀаьхьа. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург тӀех тӀекаре ву-кх Шена луучуьнца. Иза хууш верг а ву‚ хьукма /нийса / деш верг а ву
12:100 -
رَبِّ قَدْ آتَيْتَنِي مِنَ الْمُلْكِ وَعَلَّمْتَنِي مِنْ تَأْوِيلِ الْأَحَادِيثِ ۚ فَاطِرَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ أَنْتَ وَلِيِّي فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ ۖ تَوَفَّنِي مُسْلِمًا وَأَلْحِقْنِي بِالصَّالِحِينَ
Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь паччахьалла а делла суна‚ хилларш-хиндерш (гнаш) тида а Ӏамийна Ахь со. Стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг – Хьо ву-кх сан доладийриг дуьненахь а‚ эхартахь а. Ахь со валийталахь бусалба а волуш‚ Ахь со тохалахь дикачарах!'
12:101
Гочдар: Магомед Магомедов