Сурат 12 Юсуф, аят 105 – 111
-
وَكَأَيِّنْ مِنْ آيَةٍ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ يَمُرُّونَ عَلَيْهَا وَهُمْ عَنْهَا مُعْرِضُونَ
Стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дукха Ӏаламатех тӀехбовлу уьш‚ царах дӀабоьрзуш /ойла ца еш/
12:105 -
وَمَا يُؤْمِنُ أَكْثَرُهُمْ بِاللَّهِ إِلَّا وَهُمْ مُشْرِكُونَ
Царах дукхахберш Делах ца теша, шаьш /Цуьнца/ накъост лоцуш а бен
12:106 -
أَفَأَمِنُوا أَنْ تَأْتِيَهُمْ غَاشِيَةٌ مِنْ عَذَابِ اللَّهِ أَوْ تَأْتِيَهُمُ السَّاعَةُ بَغْتَةً وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ
Уьш тешна бу-те шайна тӀе Делан Ӏазапан шаршу ткхуллург цахиларх‚ я цӀеххьана шайна тӀе сахьт хттарх‚ шайна хаа а ца луш?
12:107 -
قُلْ هَٰذِهِ سَبِيلِي أَدْعُو إِلَى اللَّهِ ۚ عَلَىٰ بَصِيرَةٍ أَنَا وَمَنِ اتَّبَعَنِي ۖ وَسُبْحَانَ اللَّهِ وَمَا أَنَا مِنَ الْمُشْرِكِينَ
Ахь āла: 'ХӀара бу сан некъ‚ ас Деле кхойкху‚ билгала долчу Ӏилманна тӀехь ву со а‚ суна тӀаьхьахӀоьттинарг а‚ вочух цӀена ву и Дела‚ со ма вац /Делаца/ накъост лоцучарах'
12:108 -
وَمَا أَرْسَلْنَا مِنْ قَبْلِكَ إِلَّا رِجَالًا نُوحِي إِلَيْهِمْ مِنْ أَهْلِ الْقُرَىٰ ۗ أَفَلَمْ يَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَيَنْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۗ وَلَدَارُ الْآخِرَةِ خَيْرٌ لِلَّذِينَ اتَّقَوْا ۗ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
Хьол хьалха а ярташкарчу нахах божарий бен ца бахийтира Оха‚ шайга ваьхьица Оха хаам луш. Ткъа уьш ца лелара лаьттахула‚ уьш ца хьаьвсира‚ муха хилла шайл хьалха хиллачеран тӀаьхье? Эхартан цӀа дика ма ду /Делах/ кхийринчарна. Шу хьекъале ца хуьлу?
12:109 -
حَتَّىٰ إِذَا اسْتَيْأَسَ الرُّسُلُ وَظَنُّوا أَنَّهُمْ قَدْ كُذِبُوا جَاءَهُمْ نَصْرُنَا فَنُجِّيَ مَنْ نَشَاءُ ۖ وَلَا يُرَدُّ بَأْسُنَا عَنِ الْقَوْمِ الْمُجْرِمِينَ
Элчанаша дог диллинчул тьхьа‚ царна шаьш харцбина бевлла моьттинчул тьхьа‚ Тхан гӀо догӀура цаьрга‚ кӀелхьарбовлура Тхуна /клхьарабаха/ луурш. Тхан ницкъ бухатухур ма бац къинош динчу нахах
12:110 -
لَقَدْ كَانَ فِي قَصَصِهِمْ عِبْرَةٌ لِأُولِي الْأَلْبَابِ ۗ مَا كَانَ حَدِيثًا يُفْتَرَىٰ وَلَٰكِنْ تَصْدِيقَ الَّذِي بَيْنَ يَدَيْهِ وَتَفْصِيلَ كُلِّ شَيْءٍ وَهُدًى وَرَحْمَةً لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
Царах лаьцна дийцар чохь хьехам хилла хьекъал долчарна. И хилла дац кхоьллина хабар – и ду шел хьалха хилларг бакъдар а‚ массо а хӀуманан къастадар а‚ нийса некъ а‚ къинхетам а тешаш болчу нахана
12:111
Гочдар: Магомед Магомедов