Сурат 12 Юсуф, аят 13 – 17

  1. قَالَ إِنِّي لَيَحْزُنُنِي أَنْ تَذْهَبُوا بِهِ وَأَخَافُ أَنْ يَأْكُلَهُ الذِّئْبُ وَأَنْتُمْ عَنْهُ غَافِلُونَ

    Цо (ЯӀкъуба) элира: 'Сан сагатлур ма ду аш и двигча‚ со кхоьру и барзо ваарна, аш цуьнан терго а ца еш'

    12:13
  2. قَالُوا لَئِنْ أَكَلَهُ الذِّئْبُ وَنَحْنُ عُصْبَةٌ إِنَّا إِذًا لَخَاسِرُونَ

    Цара элира: 'И барзо ваахь – тхо цхьа тоба ма юй‚ тӀаккха тхо, баккъалла а, эшнарш хир ма дара'

    12:14
  3. فَلَمَّا ذَهَبُوا بِهِ وَأَجْمَعُوا أَنْ يَجْعَلُوهُ فِي غَيَابَتِ الْجُبِّ ۚ وَأَوْحَيْنَا إِلَيْهِ لَتُنَبِّئَنَّهُمْ بِأَمْرِهِمْ هَٰذَا وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ

    ТӀаккха цара и двигча‚ церан барт хилира и гӀу чу кхосса. Оха хаийтира цуьнга (Юсуфе) ваьхьица: ахь дуьйцур ма ду цаьрга и цара динарг, царна и дагахь а доцуш

    12:15
  4. وَجَاءُوا أَبَاهُمْ عِشَاءً يَبْكُونَ

    Уьш баьхкира шайн да волчу сарахь, белха а боьлхуш

    12:16
  5. قَالُوا يَا أَبَانَا إِنَّا ذَهَبْنَا نَسْتَبِقُ وَتَرَكْنَا يُوسُفَ عِنْدَ مَتَاعِنَا فَأَكَلَهُ الذِّئْبُ ۖ وَمَا أَنْتَ بِمُؤْمِنٍ لَنَا وَلَوْ كُنَّا صَادِقِينَ

    Элира: 'Хй тхан да! Тхо дахара /довдарехь я Ӏад кхоссарехь/ къийса а луш, Юсуф тхешан хӀуманашна уллохь витира оха‚ тӀаккха и барзо виира. Хьо тхох тешар волуш вац, тхо бакълуьйш хиллехь а'

    12:17

Гочдар: Магомед Магомедов