Сурат 12 Юсуф, аят 16 – 18
-
وَجَاءُوا أَبَاهُمْ عِشَاءً يَبْكُونَ
Уьш баьхкира шайн да волчу сарахь, белха а боьлхуш
12:16 -
قَالُوا يَا أَبَانَا إِنَّا ذَهَبْنَا نَسْتَبِقُ وَتَرَكْنَا يُوسُفَ عِنْدَ مَتَاعِنَا فَأَكَلَهُ الذِّئْبُ ۖ وَمَا أَنْتَ بِمُؤْمِنٍ لَنَا وَلَوْ كُنَّا صَادِقِينَ
Элира: 'Хй тхан да! Тхо дахара /довдарехь я Ӏад кхоссарехь/ къийса а луш, Юсуф тхешан хӀуманашна уллохь витира оха‚ тӀаккха и барзо виира. Хьо тхох тешар волуш вац, тхо бакълуьйш хиллехь а'
12:17 -
وَجَاءُوا عَلَىٰ قَمِيصِهِ بِدَمٍ كَذِبٍ ۚ قَالَ بَلْ سَوَّلَتْ لَكُمْ أَنْفُسُكُمْ أَمْرًا ۖ فَصَبْرٌ جَمِيلٌ ۖ وَاللَّهُ الْمُسْتَعَانُ عَلَىٰ مَا تَصِفُونَ
Уьш баьхкира цуьнан (Юсуфан) куча тӀехь харц цӀий долуш. Цо (ЯӀкъуба) элира: 'Шайн синоша цхьа вониг хаздина шуна. Собар ду-кх хаза дерг. Дела ву-кх Шега гӀо дēха хьакъ верг /кху/ аш хӀотточу сурта тӀехь'
12:18
Гочдар: Магомед Магомедов