Сурат 12 Юсуф, аят 21 – 29
-
وَقَالَ الَّذِي اشْتَرَاهُ مِنْ مِصْرَ لِامْرَأَتِهِ أَكْرِمِي مَثْوَاهُ عَسَىٰ أَنْ يَنْفَعَنَا أَوْ نَتَّخِذَهُ وَلَدًا ۚ وَكَذَٰلِكَ مَكَّنَّا لِيُوسُفَ فِي الْأَرْضِ وَلِنُعَلِّمَهُ مِنْ تَأْوِيلِ الْأَحَادِيثِ ۚ وَاللَّهُ غَالِبٌ عَلَىٰ أَمْرِهِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
Мисрарчу и эцначо шен зудчуьнга элира: 'Хазделахь цуьнан Ӏар‚ вайна пайда бан мега цо‚ я вай ваьшна кӀант вийр ву цунах'. Иштта Оха чӀагӀвира Юсуф лаьтта тхь‚ цунна хилларш тида Ӏамадархьама а. Дела Шен гӀуллакха тӀехь толам боккхуш ву‚ делахь а, дукхах болчу нахана ца хаьа-кх
12:21 -
وَلَمَّا بَلَغَ أَشُدَّهُ آتَيْنَاهُ حُكْمًا وَعِلْمًا ۚ وَكَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ
Иза гметтахьттича, Оха цунна хьекъалалла а‚ Ӏилма а делира. Иштта бекхам бо Оха дикачарна
12:22 -
وَرَاوَدَتْهُ الَّتِي هُوَ فِي بَيْتِهَا عَنْ نَفْسِهِ وَغَلَّقَتِ الْأَبْوَابَ وَقَالَتْ هَيْتَ لَكَ ۚ قَالَ مَعَاذَ اللَّهِ ۖ إِنَّهُ رَبِّي أَحْسَنَ مَثْوَايَ ۖ إِنَّهُ لَا يُفْلِحُ الظَّالِمُونَ
Иза (Юсуф) шен хсамехь волу зуда и Ӏехо гӀоьртира‚ цо неӀарш дӀа а къевлина‚ элира: 'Схьавола!' Цо (Юсуфа) элира: 'Дала ларвойла! Баккъалла а, иза (хьан майра) сан эла ву‚ цо сан Ӏар хаздина‚ баккхийбийр бац зуламхой'
12:23 -
وَلَقَدْ هَمَّتْ بِهِ ۖ وَهَمَّ بِهَا لَوْلَا أَنْ رَأَىٰ بُرْهَانَ رَبِّهِ ۚ كَذَٰلِكَ لِنَصْرِفَ عَنْهُ السُّوءَ وَالْفَحْشَاءَ ۚ إِنَّهُ مِنْ عِبَادِنَا الْمُخْلَصِينَ
Цуьнан оцуьнга (Юсуфе) безам бахнера, ткъа цуьнан а оцуьнга (зудчуьнга ) безам бахнера, шен Кхиош-Кхобучуьнгара делил ца гинехьара /зина дийр дара цо/. Иштта /дира Дала/ цунах вониг а‚ боьханиг а дӀадаккхархьама. Баккъалла, и Тхан цӀенчу лех ву
12:24 -
وَاسْتَبَقَا الْبَابَ وَقَدَّتْ قَمِيصَهُ مِنْ دُبُرٍ وَأَلْفَيَا سَيِّدَهَا لَدَى الْبَابِ ۚ قَالَتْ مَا جَزَاءُ مَنْ أَرَادَ بِأَهْلِكَ سُوءًا إِلَّا أَنْ يُسْجَنَ أَوْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
И ший а хьалхадāла къуьйсуш, неӀаре сихделира‚ цо (Зулейхас) цуьнан (Юсуфан) коч ятӀийра тӀехьахула‚ неӀарехь уьш тттабелира царна цуьнан элана. Цо (Зулейхас) элира: 'ХӀун бекхам бу хьан доьзална вониг луучунна: я и набахти чу ца воьллича‚ я лазош долу Ӏазап бен (ца дича)?'
12:25 -
قَالَ هِيَ رَاوَدَتْنِي عَنْ نَفْسِي ۚ وَشَهِدَ شَاهِدٌ مِنْ أَهْلِهَا إِنْ كَانَ قَمِيصُهُ قُدَّ مِنْ قُبُلٍ فَصَدَقَتْ وَهُوَ مِنَ الْكَاذِبِينَ
Цо (Юсуфа) элира: 'И гӀоьртира со Ӏехо'. Цуьнан (Зулейхин) гергарчарах цхьана тешо тешалла дира: 'Нагахь санна цуьнан коч хьалхахула яьттӀа елахь – и бакъ ю‚ ткъа иза харцлуьйчарах ву
12:26 -
وَإِنْ كَانَ قَمِيصُهُ قُدَّ مِنْ دُبُرٍ فَكَذَبَتْ وَهُوَ مِنَ الصَّادِقِينَ
Нагахь санна цуьнан коч тӀехьахула яьттӀа елахь – и харц ю‚ ткъа иза бакълуьйчарах ву'
12:27 -
فَلَمَّا رَأَىٰ قَمِيصَهُ قُدَّ مِنْ دُبُرٍ قَالَ إِنَّهُ مِنْ كَيْدِكُنَّ ۖ إِنَّ كَيْدَكُنَّ عَظِيمٌ
Шена цуьнан коч тӀехьахула яьттӀа гича‚ цо (майрачо) элира: 'Шун (зударийн) мекарлонах ду-кх хӀара‚ баккъалла а, шун мекарло еза-йоккха ю-кх
12:28 -
يُوسُفُ أَعْرِضْ عَنْ هَٰذَا ۚ وَاسْتَغْفِرِي لِذَنْبِكِ ۖ إِنَّكِ كُنْتِ مِنَ الْخَاطِئِينَ
Юсуф‚ хьо дӀаверза хӀокхунах. Ткъа ахь /хй Зулейха/ хьайн къинна /дуьхьал/ гечдар деха‚ баккъалла а, хьо галъяьллачарах хили'
12:29
Гочдар: Магомед Магомедов