Сурат 12 Юсуф, аят 30 – 35
-
وَقَالَ نِسْوَةٌ فِي الْمَدِينَةِ امْرَأَتُ الْعَزِيزِ تُرَاوِدُ فَتَاهَا عَنْ نَفْسِهِ ۖ قَدْ شَغَفَهَا حُبًّا ۖ إِنَّا لَنَرَاهَا فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ
ГӀалахь зударша элира: 'Элан зуда цхьа къонах (шен лай) шеца Ӏехо гӀиртира‚ цуьнга болу безам чг дагчу бахна цуьнан. Баккъалла а, вайна ма го и билггалчу тилар чохь хилар'
12:30 -
فَلَمَّا سَمِعَتْ بِمَكْرِهِنَّ أَرْسَلَتْ إِلَيْهِنَّ وَأَعْتَدَتْ لَهُنَّ مُتَّكَأً وَآتَتْ كُلَّ وَاحِدَةٍ مِنْهُنَّ سِكِّينًا وَقَالَتِ اخْرُجْ عَلَيْهِنَّ ۖ فَلَمَّا رَأَيْنَهُ أَكْبَرْنَهُ وَقَطَّعْنَ أَيْدِيَهُنَّ وَقُلْنَ حَاشَ لِلَّهِ مَا هَٰذَا بَشَرًا إِنْ هَٰذَا إِلَّا مَلَكٌ كَرِيمٌ
Шена церан мекарло хезча‚ цо царна тӀе /цхьаъ/ вахийтира. Царна дтевжийлаш а кечйира‚ царах хӀоранга урс а делира‚ тӀаккха элира /Юсуфе/: 'Гучувала царна!' Шайна и гича, цара и вазвира‚ шайн куьйгаш хедийра‚ элира: 'Дала лардойла! ХӀара адам а дац! ХӀара сийлахь малик ду!'
12:31 -
قَالَتْ فَذَٰلِكُنَّ الَّذِي لُمْتُنَّنِي فِيهِ ۖ وَلَقَدْ رَاوَدْتُهُ عَنْ نَفْسِهِ فَاسْتَعْصَمَ ۖ وَلَئِنْ لَمْ يَفْعَلْ مَا آمُرُهُ لَيُسْجَنَنَّ وَلَيَكُونًا مِنَ الصَّاغِرِينَ
Цо (Зулейхас) элира: 'И ву-кх шуна аш суна ша бахьанехь бехкаш дехкинарг! Со и Ӏехо ма гӀоьртира – и чӀагӀвелира. Ас шега омра деш дерг цо ца дахь‚ набахти чу вуллур ву и‚ и хир ву сийсаза болчарах'
12:32 -
قَالَ رَبِّ السِّجْنُ أَحَبُّ إِلَيَّ مِمَّا يَدْعُونَنِي إِلَيْهِ ۖ وَإِلَّا تَصْرِفْ عَنِّي كَيْدَهُنَّ أَصْبُ إِلَيْهِنَّ وَأَكُنْ مِنَ الْجَاهِلِينَ
Цо (Юсуфа, Деле доьхуш) элира: 'Со Кхиош-Кхобуш волу Дела‚ набахти дукхахо еза суна цара со шена (къинна) тӀекхойкхучул‚ церан мекарло Ахь сох дӀа ца яккхахь‚ со царна тӀевоьрзур ву – тӀаккха со жехӀал нахах хир ма ву'
12:33 -
فَاسْتَجَابَ لَهُ رَبُّهُ فَصَرَفَ عَنْهُ كَيْدَهُنَّ ۚ إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
Шен Кхиош-кхобучо жоп делира цунна‚ цунах дӀаяьккхира церан (зударийн) мекарло. Баккъалла а, Иза хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву
12:34 -
ثُمَّ بَدَا لَهُمْ مِنْ بَعْدِ مَا رَأَوُا الْآيَاتِ لَيَسْجُنُنَّهُ حَتَّىٰ حِينٍ
Шайна делилаш гинчул тӀаьхьа, церан ойла хилира и цхьана ханна набахти чу волла
12:35
Гочдар: Магомед Магомедов