Сурат 12 Юсуф, аят 36 – 42

  1. وَدَخَلَ مَعَهُ السِّجْنَ فَتَيَانِ ۖ قَالَ أَحَدُهُمَا إِنِّي أَرَانِي أَعْصِرُ خَمْرًا ۖ وَقَالَ الْآخَرُ إِنِّي أَرَانِي أَحْمِلُ فَوْقَ رَأْسِي خُبْزًا تَأْكُلُ الطَّيْرُ مِنْهُ ۖ نَبِّئْنَا بِتَأْوِيلِهِ ۖ إِنَّا نَرَاكَ مِنَ الْمُحْسِنِينَ

    Цуьнца цхьана набахти чоьхьавелира ши къонах. Цу шиннах цхьаммо элира: 'Суна суо го айса чагӀар доккхуш'. Вукхо элира: 'Суна суо го сайн коьрта тӀехь айса кхаллар кхоьхьуш‚ и олхазарша даа дууш. Дийца тхуна и тидарх. Баккъалла а, тхуна хьо го дикачарах'

    12:36
  2. قَالَ لَا يَأْتِيكُمَا طَعَامٌ تُرْزَقَانِهِ إِلَّا نَبَّأْتُكُمَا بِتَأْوِيلِهِ قَبْلَ أَنْ يَأْتِيَكُمَا ۚ ذَٰلِكُمَا مِمَّا عَلَّمَنِي رَبِّي ۚ إِنِّي تَرَكْتُ مِلَّةَ قَوْمٍ لَا يُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَهُمْ بِالْآخِرَةِ هُمْ كَافِرُونَ

    Цо элира: 'Шушинна тӀе шуна баош болу кхача кхочур ма бац ас шуна цуьнан тидарх дуьйцуш бен и шуьга кхачале. И ду шуна сан Кхиош-кхобучо суна Ӏамийначух. Ас дитина ша Делах цатешачу‚ ша эхартана керста долчу къоман дин

    12:37
  3. وَاتَّبَعْتُ مِلَّةَ آبَائِي إِبْرَاهِيمَ وَإِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ ۚ مَا كَانَ لَنَا أَنْ نُشْرِكَ بِاللَّهِ مِنْ شَيْءٍ ۚ ذَٰلِكَ مِنْ فَضْلِ اللَّهِ عَلَيْنَا وَعَلَى النَّاسِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَشْكُرُونَ

    Со тӀаьхьаваьзна сан дайн ИбрахӀиман‚ Исхьакъан‚ ЯӀкъубан динна. Тхан ца хилла цхьана а хӀуманца Делаца накъост лацар. И Делан комаьршаллах ду тхуна а‚ нахана а. Делахь а, дукхахболчу наха баркалла ца олу

    12:38
  4. يَا صَاحِبَيِ السِّجْنِ أَأَرْبَابٌ مُتَفَرِّقُونَ خَيْرٌ أَمِ اللَّهُ الْوَاحِدُ الْقَهَّارُ

    ХӀай сан набахтин ши накъост! Тайп-тайпана делий бу дика я Ша цхьаъ волу‚ нуьцкъала волу АллахӀ-Дела ву?

    12:39
  5. مَا تَعْبُدُونَ مِنْ دُونِهِ إِلَّا أَسْمَاءً سَمَّيْتُمُوهَا أَنْتُمْ وَآبَاؤُكُمْ مَا أَنْزَلَ اللَّهُ بِهَا مِنْ سُلْطَانٍ ۚ إِنِ الْحُكْمُ إِلَّا لِلَّهِ ۚ أَمَرَ أَلَّا تَعْبُدُوا إِلَّا إِيَّاهُ ۚ ذَٰلِكَ الدِّينُ الْقَيِّمُ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ

    И воцчунна аш шайна Ӏибадат дийриг еккъа цӀерш ма ю‚ аш шаьш а, шун дайша а техкина йолу‚ цаьрца цхьа а делил Дала доссийна ма дац. Хьукма Делан бен ма дац. Цо омра дина, Шена бен Ӏибадат ма де‚ аьлла. И ду мехала дин‚ делахь а, дукхахболчу нахана ца хаьа-кх

    12:40
  6. يَا صَاحِبَيِ السِّجْنِ أَمَّا أَحَدُكُمَا فَيَسْقِي رَبَّهُ خَمْرًا ۖ وَأَمَّا الْآخَرُ فَيُصْلَبُ فَتَأْكُلُ الطَّيْرُ مِنْ رَأْسِهِ ۚ قُضِيَ الْأَمْرُ الَّذِي فِيهِ تَسْتَفْتِيَانِ

    ХӀай сан набахтин ши накъост! Шушиннах цхьамма шен элана чагӀар малор ду‚ ткъа важа ирхъуллур ву‚ цуьнан коьрта тра /меженаш/ олхазарша йуур ю. Кхочушхили гӀуллакх‚ аш шех лаьцна хоьттуш долу'

    12:41
  7. وَقَالَ لِلَّذِي ظَنَّ أَنَّهُ نَاجٍ مِنْهُمَا اذْكُرْنِي عِنْدَ رَبِّكَ فَأَنْسَاهُ الشَّيْطَانُ ذِكْرَ رَبِّهِ فَلَبِثَ فِي السِّجْنِ بِضْعَ سِنِينَ

    Цо элира шена царах кӀелхьарвер ву хетачуьнга: 'Хьайн элана гергахь со хьахавелахь'. ШайтӀано дицдалийтира цунна шен эле и хьахавар. ТӀаккха и висира набахти чохь цхьа масийтта шарахь

    12:42

Гочдар: Магомед Магомедов