Сурат 12 Юсуф, аят 4 – 6
-
إِذْ قَالَ يُوسُفُ لِأَبِيهِ يَا أَبَتِ إِنِّي رَأَيْتُ أَحَدَ عَشَرَ كَوْكَبًا وَالشَّمْسَ وَالْقَمَرَ رَأَيْتُهُمْ لِي سَاجِدِينَ
Хьахаде: Юсуфа ма элира шен дега /ЯӀкъубе/: 'Дада‚ суна ги цхьайтта седа а‚ малх а‚ бутт а‚ суна ги уьш сайна сужуд деш'
12:4 -
قَالَ يَا بُنَيَّ لَا تَقْصُصْ رُؤْيَاكَ عَلَىٰ إِخْوَتِكَ فَيَكِيدُوا لَكَ كَيْدًا ۖ إِنَّ الشَّيْطَانَ لِلْإِنْسَانِ عَدُوٌّ مُبِينٌ
Цо (ЯӀкъуба) элира: 'ХӀай сан жима кнт, и хьайна гинарг ма дийцалахь хьайн вежаршка – мекарло йийр ю хьуна цара. Баккъалла а, шайтӀа адамна билггал мостагӀ ма ду
12:5 -
وَكَذَٰلِكَ يَجْتَبِيكَ رَبُّكَ وَيُعَلِّمُكَ مِنْ تَأْوِيلِ الْأَحَادِيثِ وَيُتِمُّ نِعْمَتَهُ عَلَيْكَ وَعَلَىٰ آلِ يَعْقُوبَ كَمَا أَتَمَّهَا عَلَىٰ أَبَوَيْكَ مِنْ قَبْلُ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْحَاقَ ۚ إِنَّ رَبَّكَ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
Иштта хьан Кхиош-Кхобучо хоржур волуш ву хьо‚ хьуна Ӏамор долуш ду Цо хилларш тидан‚ Шен ниӀмат хьуна кхочушдийр долуш ду Цо‚ ЯӀкъубан доьзална а‚ Ша хьалха хьан дайшна ИбрахӀимна а‚ Исхьакъна а кхочушдина хиларе терра. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург хууш верг а ву‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву'
12:6
Гочдар: Магомед Магомедов