Сурат 12 Юсуф, аят 43 – 47

  1. وَقَالَ الْمَلِكُ إِنِّي أَرَىٰ سَبْعَ بَقَرَاتٍ سِمَانٍ يَأْكُلُهُنَّ سَبْعٌ عِجَافٌ وَسَبْعَ سُنْبُلَاتٍ خُضْرٍ وَأُخَرَ يَابِسَاتٍ ۖ يَا أَيُّهَا الْمَلَأُ أَفْتُونِي فِي رُؤْيَايَ إِنْ كُنْتُمْ لِلرُّؤْيَا تَعْبُرُونَ

    /Мисран/ паччахьо элира: 'Суна го ворхӀ берстина етт ворхӀ озачара бууш‚ ворхӀ баьццара кан‚ кхиберш - бакъабелла. ХӀай элий! Тидал суна сан гӀан, шаьш гӀенаш туьдуш хиллехь'

    12:43
  2. قَالُوا أَضْغَاثُ أَحْلَامٍ ۖ وَمَا نَحْنُ بِتَأْوِيلِ الْأَحْلَامِ بِعَالِمِينَ

    Цара элира: 'Вовшах ийна гӀенаш дара уьш-м. Тхо /иштта/ гӀенаш тида хууш дац'

    12:44
  3. وَقَالَ الَّذِي نَجَا مِنْهُمَا وَادَّكَرَ بَعْدَ أُمَّةٍ أَنَا أُنَبِّئُكُمْ بِتَأْوِيلِهِ فَأَرْسِلُونِ

    Цу шиннах кӀелхьараваьллачо элира‚ цхьа хан яьлча дагадеара цунна: 'Ас дуьйцур ду шуна иза тидарх‚ со вахийта /гнаш туьдург вало/'

    12:45
  4. يُوسُفُ أَيُّهَا الصِّدِّيقُ أَفْتِنَا فِي سَبْعِ بَقَرَاتٍ سِمَانٍ يَأْكُلُهُنَّ سَبْعٌ عِجَافٌ وَسَبْعِ سُنْبُلَاتٍ خُضْرٍ وَأُخَرَ يَابِسَاتٍ لَعَلِّي أَرْجِعُ إِلَى النَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَعْلَمُونَ

    'Юсуф! ХӀай бакълуьйш верг! Сацам бе тхуна /гӀан тидарца/ ворхӀ берстинчу аттах‚ ворхӀ озачо шаьш бууш болчу‚ ворхӀ баьццарчу кенах а‚ кхиболчу бакъабеллачарах а. Со юхаверза магара нахана тӀе‚ царна хаа а магара'

    12:46
  5. قَالَ تَزْرَعُونَ سَبْعَ سِنِينَ دَأَبًا فَمَا حَصَدْتُمْ فَذَرُوهُ فِي سُنْبُلِهِ إِلَّا قَلِيلًا مِمَّا تَأْكُلُونَ

    Цо (Юсуфа, гн туьдуш) элира: 'ВорхӀ шарахь тӀеттӀа аш дика ялта дуьйр ду‚ шаьш чудерзийнарг – диталаш иза кенашкахь, шаьш дуур долу /цхьа/ кӀеззиг доцург

    12:47

Гочдар: Магомед Магомедов