Сурат 12 Юсуф, аят 43 – 49
-
وَقَالَ الْمَلِكُ إِنِّي أَرَىٰ سَبْعَ بَقَرَاتٍ سِمَانٍ يَأْكُلُهُنَّ سَبْعٌ عِجَافٌ وَسَبْعَ سُنْبُلَاتٍ خُضْرٍ وَأُخَرَ يَابِسَاتٍ ۖ يَا أَيُّهَا الْمَلَأُ أَفْتُونِي فِي رُؤْيَايَ إِنْ كُنْتُمْ لِلرُّؤْيَا تَعْبُرُونَ
/Мисран/ паччахьо элира: 'Суна го ворхӀ берстина етт ворхӀ озачара бууш‚ ворхӀ баьццара кан‚ кхиберш - бакъабелла. ХӀай элий! Тидал суна сан гӀан, шаьш гӀенаш туьдуш хиллехь'
12:43 -
قَالُوا أَضْغَاثُ أَحْلَامٍ ۖ وَمَا نَحْنُ بِتَأْوِيلِ الْأَحْلَامِ بِعَالِمِينَ
Цара элира: 'Вовшах ийна гӀенаш дара уьш-м. Тхо /иштта/ гӀенаш тида хууш дац'
12:44 -
وَقَالَ الَّذِي نَجَا مِنْهُمَا وَادَّكَرَ بَعْدَ أُمَّةٍ أَنَا أُنَبِّئُكُمْ بِتَأْوِيلِهِ فَأَرْسِلُونِ
Цу шиннах кӀелхьараваьллачо элира‚ цхьа хан яьлча дагадеара цунна: 'Ас дуьйцур ду шуна иза тидарх‚ со вахийта /гнаш туьдург вало/'
12:45 -
يُوسُفُ أَيُّهَا الصِّدِّيقُ أَفْتِنَا فِي سَبْعِ بَقَرَاتٍ سِمَانٍ يَأْكُلُهُنَّ سَبْعٌ عِجَافٌ وَسَبْعِ سُنْبُلَاتٍ خُضْرٍ وَأُخَرَ يَابِسَاتٍ لَعَلِّي أَرْجِعُ إِلَى النَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَعْلَمُونَ
'Юсуф! ХӀай бакълуьйш верг! Сацам бе тхуна /гӀан тидарца/ ворхӀ берстинчу аттах‚ ворхӀ озачо шаьш бууш болчу‚ ворхӀ баьццарчу кенах а‚ кхиболчу бакъабеллачарах а. Со юхаверза магара нахана тӀе‚ царна хаа а магара'
12:46 -
قَالَ تَزْرَعُونَ سَبْعَ سِنِينَ دَأَبًا فَمَا حَصَدْتُمْ فَذَرُوهُ فِي سُنْبُلِهِ إِلَّا قَلِيلًا مِمَّا تَأْكُلُونَ
Цо (Юсуфа, гн туьдуш) элира: 'ВорхӀ шарахь тӀеттӀа аш дика ялта дуьйр ду‚ шаьш чудерзийнарг – диталаш иза кенашкахь, шаьш дуур долу /цхьа/ кӀеззиг доцург
12:47 -
ثُمَّ يَأْتِي مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ سَبْعٌ شِدَادٌ يَأْكُلْنَ مَا قَدَّمْتُمْ لَهُنَّ إِلَّا قَلِيلًا مِمَّا تُحْصِنُونَ
ТӀаккха цул тӀаьхьа ворхӀ хала (шо) догӀур ду: цара дуур ду аш царна хьалха кечдинарг, аш Ӏалашдер долчух /цхьа/ кӀеззиг доцург
12:48 -
ثُمَّ يَأْتِي مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ عَامٌ فِيهِ يُغَاثُ النَّاسُ وَفِيهِ يَعْصِرُونَ
ТӀаккха цул тӀаьхьа цхьа шо догӀур ду‚ шена чохь нахана алссам догӀа догр долуш‚ шена чохь цара (наха) доккхур долуш /чагр а, мутт а, даьтта а/'
12:49
Гочдар: Магомед Магомедов