Сурат 12 Юсуф, аят 47 – 48
-
قَالَ تَزْرَعُونَ سَبْعَ سِنِينَ دَأَبًا فَمَا حَصَدْتُمْ فَذَرُوهُ فِي سُنْبُلِهِ إِلَّا قَلِيلًا مِمَّا تَأْكُلُونَ
Цо (Юсуфа, гн туьдуш) элира: 'ВорхI шарахь тIеттIа аш дика ялта дуьйр ду‚ шаьш чудерзийнарг – диталаш иза кенашкахь, шаьш дуур долу /цхьа/ кIеззиг доцург
12:47 -
ثُمَّ يَأْتِي مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ سَبْعٌ شِدَادٌ يَأْكُلْنَ مَا قَدَّمْتُمْ لَهُنَّ إِلَّا قَلِيلًا مِمَّا تُحْصِنُونَ
ТIаккха цул тIаьхьа ворхI хала (шо) догIур ду: цара дуур ду аш царна хьалха кечдинарг, аш Iалашдер долчух /цхьа/ кIеззиг доцург
12:48
Гочдар: Магомед Магомедов