Сурат 12 Юсуф, аят 50 – 57
-
وَقَالَ الْمَلِكُ ائْتُونِي بِهِ ۖ فَلَمَّا جَاءَهُ الرَّسُولُ قَالَ ارْجِعْ إِلَىٰ رَبِّكَ فَاسْأَلْهُ مَا بَالُ النِّسْوَةِ اللَّاتِي قَطَّعْنَ أَيْدِيَهُنَّ ۚ إِنَّ رَبِّي بِكَيْدِهِنَّ عَلِيمٌ
Паччахьо элира: 'Суна тӀевалаве иза (Юсуф)'. Шена тӀевахийтинарг веъча‚ цо (Юсуфа) элира: 'Хьада, юхаверза хьайн элана тӀе‚ хатта цуьнга: 'ХӀун бāла бу шайн куьйгаш хедийнчу зударийн (хн хилира щайн куьйгаш хедийначу зударех)? Баккъалла а, сан Кхиош – Кхобург церан мекарлонаш хууш ма ву'
12:50 -
قَالَ مَا خَطْبُكُنَّ إِذْ رَاوَدْتُنَّ يُوسُفَ عَنْ نَفْسِهِ ۚ قُلْنَ حَاشَ لِلَّهِ مَا عَلِمْنَا عَلَيْهِ مِنْ سُوءٍ ۚ قَالَتِ امْرَأَتُ الْعَزِيزِ الْآنَ حَصْحَصَ الْحَقُّ أَنَا رَاوَدْتُهُ عَنْ نَفْسِهِ وَإِنَّهُ لَمِنَ الصَّادِقِينَ
Цо (эло) элира /зударшка/: 'ХӀун гӀуллакх дара шун‚ шу и Юсуф Ӏехо гӀертар?' Цара элира: 'Дала лардойла! Тхуна ца хии цунах цхьа а вониг'. Элан зудчо элира: 'ХӀинца гучадаьлла бакъдерг. Со гӀоьртира и Ӏехо‚ и бакълуьйчарах ву
12:51 -
ذَٰلِكَ لِيَعْلَمَ أَنِّي لَمْ أَخُنْهُ بِالْغَيْبِ وَأَنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي كَيْدَ الْخَائِنِينَ
Иза /олу ас/ – цунна хаархьама ас шена къайлаха тешнабехк бина цахилар, Дела а вуйла нис ца еш тешнабехк беш болчеран мекарло
12:52 -
وَمَا أُبَرِّئُ نَفْسِي ۚ إِنَّ النَّفْسَ لَأَمَّارَةٌ بِالسُّوءِ إِلَّا مَا رَحِمَ رَبِّي ۚ إِنَّ رَبِّي غَفُورٌ رَحِيمٌ
Ас цӀан ца до сан са‚ баккъалла а, сино вониг хьоьху сан Кхиош-кхобучо къинхетам бинарг доцург‚ баккъалла а, сан Кхиош-кхобург гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву'
12:53 -
وَقَالَ الْمَلِكُ ائْتُونِي بِهِ أَسْتَخْلِصْهُ لِنَفْسِي ۖ فَلَمَّا كَلَّمَهُ قَالَ إِنَّكَ الْيَوْمَ لَدَيْنَا مَكِينٌ أَمِينٌ
Паччахьо элира: 'Суна тӀевалаве иза. Ас сайна /гӀоьнча/ вуьтур ву иза'. Цуьнца шен къамел хилча‚ цо элира: 'Хьо тахана тхуна гергахь чӀогӀа верг а ву‚ тешаме верг а ву'
12:54 -
قَالَ اجْعَلْنِي عَلَىٰ خَزَائِنِ الْأَرْضِ ۖ إِنِّي حَفِيظٌ عَلِيمٌ
Цо (Юсуфа) элира: 'Со махкан хазнашна тӀехӀоттаве‚ со Ӏалашдийриг а ву‚ хуург а ву'
12:55 -
وَكَذَٰلِكَ مَكَّنَّا لِيُوسُفَ فِي الْأَرْضِ يَتَبَوَّأُ مِنْهَا حَيْثُ يَشَاءُ ۚ نُصِيبُ بِرَحْمَتِنَا مَنْ نَشَاءُ ۖ وَلَا نُضِيعُ أَجْرَ الْمُحْسِنِينَ
Иштта чӀагӀвира Оха Юсуф махкахь‚ шена луучохь ваха охьа а хууш. Тхан къинхетамах кхиаво Оха Тхайна луург‚ дикачеран ял ца эшайо Оха
12:56 -
وَلَأَجْرُ الْآخِرَةِ خَيْرٌ لِلَّذِينَ آمَنُوا وَكَانُوا يَتَّقُونَ
Ткъа баккъалла а, эхартан ял дика ю ийман диллинчарна‚ /Делах/ кхоьруш хиллачарна
12:57
Гочдар: Магомед Магомедов