Сурат 12 Юсуф, аят 54 – 56
-
وَقَالَ الْمَلِكُ ائْتُونِي بِهِ أَسْتَخْلِصْهُ لِنَفْسِي ۖ فَلَمَّا كَلَّمَهُ قَالَ إِنَّكَ الْيَوْمَ لَدَيْنَا مَكِينٌ أَمِينٌ
Паччахьо элира: 'Суна тӀевалаве иза. Ас сайна /гӀоьнча/ вуьтур ву иза'. Цуьнца шен къамел хилча‚ цо элира: 'Хьо тахана тхуна гергахь чӀогӀа верг а ву‚ тешаме верг а ву'
12:54 -
قَالَ اجْعَلْنِي عَلَىٰ خَزَائِنِ الْأَرْضِ ۖ إِنِّي حَفِيظٌ عَلِيمٌ
Цо (Юсуфа) элира: 'Со махкан хазнашна тӀехӀоттаве‚ со Ӏалашдийриг а ву‚ хуург а ву'
12:55 -
وَكَذَٰلِكَ مَكَّنَّا لِيُوسُفَ فِي الْأَرْضِ يَتَبَوَّأُ مِنْهَا حَيْثُ يَشَاءُ ۚ نُصِيبُ بِرَحْمَتِنَا مَنْ نَشَاءُ ۖ وَلَا نُضِيعُ أَجْرَ الْمُحْسِنِينَ
Иштта чӀагӀвира Оха Юсуф махкахь‚ шена луучохь ваха охьа а хууш. Тхан къинхетамах кхиаво Оха Тхайна луург‚ дикачеран ял ца эшайо Оха
12:56
Гочдар: Магомед Магомедов