Сурат 12 Юсуф, аят 58 – 68
-
وَجَاءَ إِخْوَةُ يُوسُفَ فَدَخَلُوا عَلَيْهِ فَعَرَفَهُمْ وَهُمْ لَهُ مُنْكِرُونَ
Юсуфан вежарий баьхкира‚ и волчу чоьхьа бевлира уьш‚ цунна уьш бевзира‚ царна иза ца вевзира
12:58 -
وَلَمَّا جَهَّزَهُمْ بِجَهَازِهِمْ قَالَ ائْتُونِي بِأَخٍ لَكُمْ مِنْ أَبِيكُمْ ۚ أَلَا تَرَوْنَ أَنِّي أُوفِي الْكَيْلَ وَأَنَا خَيْرُ الْمُنْزِلِينَ
Ша уьш шайн гӀирсаца кечбинчул тӀаьхьа‚ цо элира: 'Шайн ден агӀорхьара /кхечу нанас вина/ волу шайн ваша валаве суна тӀе. Шуна ца го: ас нийса кхочушбо барам‚ со шена /шу/ тӀедуссучарах диканиг ву
12:59 -
فَإِنْ لَمْ تَأْتُونِي بِهِ فَلَا كَيْلَ لَكُمْ عِنْدِي وَلَا تَقْرَبُونِ
Аш суна и ца валавахь – шуна барам бац сан гергахь‚ суна герга ма дуьйлалаш'
12:60 -
قَالُوا سَنُرَاوِدُ عَنْهُ أَبَاهُ وَإِنَّا لَفَاعِلُونَ
Цара (Юсуфан вежарша) элира: 'Оха шен дегара Ӏехийна валор ву иза. Баккъалла а, Оха /кхочуш/дийр ду'
12:61 -
وَقَالَ لِفِتْيَانِهِ اجْعَلُوا بِضَاعَتَهُمْ فِي رِحَالِهِمْ لَعَلَّهُمْ يَعْرِفُونَهَا إِذَا انْقَلَبُوا إِلَىٰ أَهْلِهِمْ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ
Шен ялхошка цо (Юсуфа) элира: 'Церан хӀуманаш шайн кираний чу дӀаехка: шайн доьзална тӀебирзича, царна уьш йовза мегара‚ уьш юха схьа бан мегара'
12:62 -
فَلَمَّا رَجَعُوا إِلَىٰ أَبِيهِمْ قَالُوا يَا أَبَانَا مُنِعَ مِنَّا الْكَيْلُ فَأَرْسِلْ مَعَنَا أَخَانَا نَكْتَلْ وَإِنَّا لَهُ لَحَافِظُونَ
Шайн дена тӀе юхабирзича, цара элира: 'ХӀай дада! /КӀан/ барам духатоьхна тхох‚ и тхан ваша ваийта тхоьца – барам бийр бу оха‚ тхо цунна лардархой хир ду'
12:63 -
قَالَ هَلْ آمَنُكُمْ عَلَيْهِ إِلَّا كَمَا أَمِنْتُكُمْ عَلَىٰ أَخِيهِ مِنْ قَبْلُ ۖ فَاللَّهُ خَيْرٌ حَافِظًا ۖ وَهُوَ أَرْحَمُ الرَّاحِمِينَ
Цо (ЯӀкъуба) элира: 'И шух тешна вуьтур варий ас‚ хьалха цуьнан ваша шух тешорах терра? Дела ву-кх дика лардархо. И ву-кх уггар къинхетаме верг'
12:64 -
وَلَمَّا فَتَحُوا مَتَاعَهُمْ وَجَدُوا بِضَاعَتَهُمْ رُدَّتْ إِلَيْهِمْ ۖ قَالُوا يَا أَبَانَا مَا نَبْغِي ۖ هَٰذِهِ بِضَاعَتُنَا رُدَّتْ إِلَيْنَا ۖ وَنَمِيرُ أَهْلَنَا وَنَحْفَظُ أَخَانَا وَنَزْدَادُ كَيْلَ بَعِيرٍ ۖ ذَٰلِكَ كَيْلٌ يَسِيرٌ
Шайн киранаш схьадиллича‚ царна карийра шайн хӀуманаш шайга юхаяийтина. Цара элира: 'ХӀай дада! ХӀун лоьху вай? Вайн хӀуманаш юхаяийтина вайга! Вайн цӀийнан охӀла а кхобур яра юучуьнца‚ тхан ваша а Ӏалашвийр вара‚ алсамбоккхур бара Оха барам цхьана эмкална. И барам атта бу-кх'
12:65 -
قَالَ لَنْ أُرْسِلَهُ مَعَكُمْ حَتَّىٰ تُؤْتُونِ مَوْثِقًا مِنَ اللَّهِ لَتَأْتُنَّنِي بِهِ إِلَّا أَنْ يُحَاطَ بِكُمْ ۖ فَلَمَّا آتَوْهُ مَوْثِقَهُمْ قَالَ اللَّهُ عَلَىٰ مَا نَقُولُ وَكِيلٌ
Цо (ЯӀкъуба) элира: 'Ас ванне а воуьйтур ма вац и шуьца‚ аш суна Делаца чӀагӀо ца яхь, шаьш суна схьавалор ву иза‚ аьлла‚ шайх цхьа хӀума ца хилахь'. Цара шена дуй биъча‚ цо элира: 'Дела ву-кх вай дуьйцучунна векал (теш)'
12:66 -
وَقَالَ يَا بَنِيَّ لَا تَدْخُلُوا مِنْ بَابٍ وَاحِدٍ وَادْخُلُوا مِنْ أَبْوَابٍ مُتَفَرِّقَةٍ ۖ وَمَا أُغْنِي عَنْكُمْ مِنَ اللَّهِ مِنْ شَيْءٍ ۖ إِنِ الْحُكْمُ إِلَّا لِلَّهِ ۖ عَلَيْهِ تَوَكَّلْتُ ۖ وَعَلَيْهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُتَوَكِّلُونَ
/ЯӀкъуба/ элира: 'ХӀай сан кӀентий! Цхьана неӀарехула чу ма гӀолаш. Тайп-тайпана неӀаршкахула чу гӀолаш. Шу хӀумма кӀелхьардаха ца ло суна Делера. Хьукам Цуьнгахь бен дац. Цунна тӀетевжина со. Цунна тӀетевжийла шаьш тевжаш берш'
12:67 -
وَلَمَّا دَخَلُوا مِنْ حَيْثُ أَمَرَهُمْ أَبُوهُمْ مَا كَانَ يُغْنِي عَنْهُمْ مِنَ اللَّهِ مِنْ شَيْءٍ إِلَّا حَاجَةً فِي نَفْسِ يَعْقُوبَ قَضَاهَا ۚ وَإِنَّهُ لَذُو عِلْمٍ لِمَا عَلَّمْنَاهُ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
Уьш чу баьхкича, шайн дас шайга омра динчухула, и ца хиллера царах Делера хӀумма кӀелхьарадаккха‚ деккъа ЯӀкьубан шегахь цхьа хьашт бен – цо и кхочушдира. Баккъалла а, и Ӏилма долуш верг ву Оха шена Ӏамийначунна. Делахь а, дукхахболчу нахана ца хаьа-кх
12:68
Гочдар: Магомед Магомедов