Сурат 12 Юсуф, аят 63 – 66

  1. فَلَمَّا رَجَعُوا إِلَىٰ أَبِيهِمْ قَالُوا يَا أَبَانَا مُنِعَ مِنَّا الْكَيْلُ فَأَرْسِلْ مَعَنَا أَخَانَا نَكْتَلْ وَإِنَّا لَهُ لَحَافِظُونَ

    Шайн дена тӀе юхабирзича, цара элира: 'ХӀай дада! /КӀан/ барам духатоьхна тхох‚ и тхан ваша ваийта тхоьца – барам бийр бу оха‚ тхо цунна лардархой хир ду'

    12:63
  2. قَالَ هَلْ آمَنُكُمْ عَلَيْهِ إِلَّا كَمَا أَمِنْتُكُمْ عَلَىٰ أَخِيهِ مِنْ قَبْلُ ۖ فَاللَّهُ خَيْرٌ حَافِظًا ۖ وَهُوَ أَرْحَمُ الرَّاحِمِينَ

    Цо (ЯӀкъуба) элира: 'И шух тешна вуьтур варий ас‚ хьалха цуьнан ваша шух тешорах терра? Дела ву-кх дика лардархо. И ву-кх уггар къинхетаме верг'

    12:64
  3. وَلَمَّا فَتَحُوا مَتَاعَهُمْ وَجَدُوا بِضَاعَتَهُمْ رُدَّتْ إِلَيْهِمْ ۖ قَالُوا يَا أَبَانَا مَا نَبْغِي ۖ هَٰذِهِ بِضَاعَتُنَا رُدَّتْ إِلَيْنَا ۖ وَنَمِيرُ أَهْلَنَا وَنَحْفَظُ أَخَانَا وَنَزْدَادُ كَيْلَ بَعِيرٍ ۖ ذَٰلِكَ كَيْلٌ يَسِيرٌ

    Шайн киранаш схьадиллича‚ царна карийра шайн хӀуманаш шайга юхаяийтина. Цара элира: 'ХӀай дада! ХӀун лоьху вай? Вайн хӀуманаш юхаяийтина вайга! Вайн цӀийнан охӀла а кхобур яра юучуьнца‚ тхан ваша а Ӏалашвийр вара‚ алсамбоккхур бара Оха барам цхьана эмкална. И барам атта бу-кх'

    12:65
  4. قَالَ لَنْ أُرْسِلَهُ مَعَكُمْ حَتَّىٰ تُؤْتُونِ مَوْثِقًا مِنَ اللَّهِ لَتَأْتُنَّنِي بِهِ إِلَّا أَنْ يُحَاطَ بِكُمْ ۖ فَلَمَّا آتَوْهُ مَوْثِقَهُمْ قَالَ اللَّهُ عَلَىٰ مَا نَقُولُ وَكِيلٌ

    Цо (ЯӀкъуба) элира: 'Ас ванне а воуьйтур ма вац и шуьца‚ аш суна Делаца чӀагӀо ца яхь, шаьш суна схьавалор ву иза‚ аьлла‚ шайх цхьа хӀума ца хилахь'. Цара шена дуй биъча‚ цо элира: 'Дела ву-кх вай дуьйцучунна векал (теш)'

    12:66

Гочдар: Магомед Магомедов