Сурат 12 Юсуф, аят 69 – 79

  1. وَلَمَّا دَخَلُوا عَلَىٰ يُوسُفَ آوَىٰ إِلَيْهِ أَخَاهُ ۖ قَالَ إِنِّي أَنَا أَخُوكَ فَلَا تَبْتَئِسْ بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Уьш Юсуф волчу чу баьхкича‚ цо шен ваша шена тӀеийцира‚ элира: 'Баккъалла а, со хьан ваша ву. Ахь са ма хьийзаде цара деш хиллачуьнца'

    12:69
  2. فَلَمَّا جَهَّزَهُمْ بِجَهَازِهِمْ جَعَلَ السِّقَايَةَ فِي رَحْلِ أَخِيهِ ثُمَّ أَذَّنَ مُؤَذِّنٌ أَيَّتُهَا الْعِيرُ إِنَّكُمْ لَسَارِقُونَ

    Ша царна кечбинчул тӀаьхьа церан кечам‚ шен вешин мохьа чу кад биллира цо. ТӀаккха кхойкхучо кхайкхира: 'ХӀай ковра (къепал)! Шу къуй ду!'

    12:70
  3. قَالُوا وَأَقْبَلُوا عَلَيْهِمْ مَاذَا تَفْقِدُونَ

    Цара (вежарша) элира‚ шаьш царна тӀебаьхкина: 'ХӀун яйна шун?'

    12:71
  4. قَالُوا نَفْقِدُ صُوَاعَ الْمَلِكِ وَلِمَنْ جَاءَ بِهِ حِمْلُ بَعِيرٍ وَأَنَا بِهِ زَعِيمٌ

    Цара элира: 'Паччахьан кад байна тхан‚ и схьабеъначунна цхьана эмкалан мохь бу. Ас дош ло цунна тӀера'

    12:72
  5. قَالُوا تَاللَّهِ لَقَدْ عَلِمْتُمْ مَا جِئْنَا لِنُفْسِدَ فِي الْأَرْضِ وَمَا كُنَّا سَارِقِينَ

    Цара (вежарша) элира: 'ВаллахӀи‚ шуна ма-хаъара‚ тхо лаьттахь вониг дан даьхкина ма дацара‚ къуй ма дацара тхо'

    12:73
  6. قَالُوا فَمَا جَزَاؤُهُ إِنْ كُنْتُمْ كَاذِبِينَ

    Цара элира: 'ХӀун бекхам хир бу цуьнан‚ нагахь санна шу харцлуьйш хиллехь?'

    12:74
  7. قَالُوا جَزَاؤُهُ مَنْ وُجِدَ فِي رَحْلِهِ فَهُوَ جَزَاؤُهُ ۚ كَذَٰلِكَ نَجْزِي الظَّالِمِينَ

    Элира /вежарша/: 'Цуьнан бекхам – шен мохьа чохь и карийнарг – и ша ву цуьнан бекхам. Иштта бекхам бо оха зуламхошна'

    12:75
  8. فَبَدَأَ بِأَوْعِيَتِهِمْ قَبْلَ وِعَاءِ أَخِيهِ ثُمَّ اسْتَخْرَجَهَا مِنْ وِعَاءِ أَخِيهِ ۚ كَذَٰلِكَ كِدْنَا لِيُوسُفَ ۖ مَا كَانَ لِيَأْخُذَ أَخَاهُ فِي دِينِ الْمَلِكِ إِلَّا أَنْ يَشَاءَ اللَّهُ ۚ نَرْفَعُ دَرَجَاتٍ مَنْ نَشَاءُ ۗ وَفَوْقَ كُلِّ ذِي عِلْمٍ عَلِيمٌ

    И волавелира /яйна хӀума лаха/ церан киранашкара шен вешин киранал хьалха‚ тӀаккха и /кад/ схьабаьккхира цо шен вешин киранна чуьра. Иштта хӀилла мийра Оха Юсуфна. Шен ваша схьалоцийла (бухасацойла) дацара цуьнан /иштта а бен/ паччахьан динехь, Далла лиъча а бен. Тхайна луург даржашкахь лакхавоккху Оха. Массо шегахь Ӏилма долчунна тӀехь а Ӏилма дерг ву Иза /Дела/

    12:76
  9. قَالُوا إِنْ يَسْرِقْ فَقَدْ سَرَقَ أَخٌ لَهُ مِنْ قَبْلُ ۚ فَأَسَرَّهَا يُوسُفُ فِي نَفْسِهِ وَلَمْ يُبْدِهَا لَهُمْ ۚ قَالَ أَنْتُمْ شَرٌّ مَكَانًا ۖ وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا تَصِفُونَ

    Цара элира: 'Цо лачкъийна белахь‚ хьалха цуьнан вашас а лачкъийра'. И шегахь хьулдира Юсуфа‚ царна гучу ца даьккхира‚ элира /ша-шега/: ' Шу ду-кх /тхол/ вуно вочу хьолехь. Дела дика хууш ву-кх аш хттош долу сурт'

    12:77
  10. قَالُوا يَا أَيُّهَا الْعَزِيزُ إِنَّ لَهُ أَبًا شَيْخًا كَبِيرًا فَخُذْ أَحَدَنَا مَكَانَهُ ۖ إِنَّا نَرَاكَ مِنَ الْمُحْسِنِينَ

    Цара элира: 'ХӀай веза эла! Цуьнан да ву воккха къена стаг‚ тхох цхьаъ бухасацавехьа цуьнан метта‚ тхуна хьо дикачарах гуш ма ву'

    12:78
  11. قَالَ مَعَاذَ اللَّهِ أَنْ نَأْخُذَ إِلَّا مَنْ وَجَدْنَا مَتَاعَنَا عِنْدَهُ إِنَّا إِذًا لَظَالِمُونَ

    Цо элира: 'Дала лардойла Оха тхешан хӀума шегахь карийнарг бен сацацаварх! ТӀаккха тхо зуламхой хир ма дарий'

    12:79

Гочдар: Магомед Магомедов